ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанера Хьал Сингаттаме Ду


ТIаьхьарчу хенахь Нохчийчоьнна луларчу Дагестанехь лаьтта хьал сингаттаме хиларна къера ду Москохара Iедалш а, оцу республикехь беха бахархой а. Цунна билгало ю Дагестане чудалош долу оьрсийн эскарийн дакъош. Оццу хенахь, оцу эскарех пайда муха оьцур бу хуучух тера дац Москохана. Амма иза кхеташ ю, шен Кавказера политика чекх йолуш ца хиларх.

Хаддаза дIахьуш йолу леррина тIеман операциш а, герзашца нехан хIусамашка хьуьйсу операциш а – таханлерчу Дагестанехь беха нах боьлла хIума ду. Оцу республикерчу бахархоша дийцарехь, хIокху тIаьхьарчу хенахь церан республикехь хуьлчуо дагайоуьйту, Нохчийчохь тIом болабале хилла сингаттаме хан.
Гаджиев Нариман, политикан аналист а, журналист а ву. Цунна хетарехь, дела денна чолхе долуш хьал доллушехь, иза хийца лаам бац Iедалийн.
Кхоллабеллачу гIалатан го буохуо цхьа а некъ суна ца го. Политикан лаам я и хьал муха хийца деза боху план а ца го


Гаджиев Нариман: Кхоллабеллачу гIалатан го буохуо цхьа а некъ суна ца го. Политикан лаам я и хьал муха хийца деза боху план а ца го. Хьуьнхара нах арабаха Iалашонца комисси кхолларх лаьцна хезна хир ду шуна. Оцу комиссехь мила ву гиний хьуна? Изза бакъонийн органийн векалш бу, оцу комиссина аьттехьа а бита безаш боцу. Комиссин карахь болу аьттонаш а, таронаш а, цхьана цхьа хIума дац билгалдаьккхина. ТIаккха оцу комиссино мел догйовхо лур ю? Суна цхьа а догйовхо ца елла цо.

Маршо радио: Иштта, Гаджиевс бахарехь, юкъараллин кхин болу ницкъаш а, оцу комиссех тешам гойтуш ца хаало. Салафитийн боламах болчу векалша иза къобалдина хааделла дац шена элира аналисто. Цхьаъ дечуха цхьа бахьанаш леладо, амма, жамI хир долуш хIума дац иза аьлла хета цунна иза:

Гаджиев Нариман: Эскарш ду республикина чутоьттуш. Нехан къамелаш дац аса хьоьга юхадеш. Масех де хьалха Iуьйранна пхиъ даьлча аэропорте воьдуш вара со. Чаккхе а ца гуш, гIагI-диллинчу машенийн ковра яра йогIуш. И хIума гича цхьа а догйовхо а, дикане сатийсам а ца буьсу дера. Хьал дикачу агIора хийцалур дара аьлла, дикачуьнга догдаха цхьа а бух ца го суна.

Маршо радио: Дукха хан ю Кавказехь долу хьал дикачу агIора хийца лууш елахь, Москохо цхьа керла хIума юкъадаккха деза боху ойла лела. Дагестанехь цхьа а ницкъ буй оцу кепара ойла хьалхататта?
Москохана лаьа, Москохана ца лаьа, бохург нийса дац. ХIара вайн мохк бу


Гаджиев Нариман: Оцу Москохе дIахьежар дуй, Москохана лаьа, Москохана ца лаьа - иза нийса дац. ХIара вайн мохк бу. ХIун бахьана ду, шу, нехан наха цхьа сацам баре хьежаран? Шаьш шу цхьаъ хийца гIерташ дацахь, наха иза даре хьунда хьоьжу шу? Кхеташ ду, Москохана хетарг а вай юьхьарлаца дезаш хиларх. Ницкъан цхьа центр ма яц Москох, уьш дуккха а ю. Кремлан тайп-тайпана ницкъаш шайн тайп-тайпана Iалашонаш кхочушъян гIерташ ян ма бу. Дика хир дара, вайн вешан Iалашонаш а хилла, уьш кхочушъян вай гIиртича. Аса юха а боху. Цхьа а политикан ницкъ бац, цхьаннен цIарах векал хила мегар болущ. Вай политикан партеш - уьш партеш ма яц. Политикан дахаран моттаргIанаш лелор ду. Партин документаша юьйцуш йолчу Iалашонех кхеташ бац я оцу партин лидерш а. ДIахIиттийна цхьа нах бу уьш, цхьаъ деш ду шаьш моттийта гIерташ бу уьш. ЛортIехь болу ницкъаш боцуш бу, амма, тIехлелхарш-м болуш бара вайн. Масала, герзаца дуьхьало йийриш бу. Бюрократийн аппарат а ю. Юкъара ницкъаш бац. ТIе а вахана, хIара-важа ала мегар долуш цхьа а организаци я-м яц. Халахеташ ду, хила луур дара ишттаниг.

Маршо радио: Хьуна хьайна хIун некъ го?

Гаджиев Нариман: Аса, Iедалан декъехь юьззина реформаш йойтур яра. Iедал карахь долчарна юкъахь. Царна юкъахь бан беза уггар а баккхий хийцамаш - аьлчи а, дикка цIанъян езаш ю Iедалан аппарат оцу нанах. Кхаьънаш эцна я девнаш юкъахь хилла боцу нах хIиттон беза церан метта. Уьш цхьаннех а бозуш хила ца беза, цхьана бертахьчу тобанца, дикачу Iалашонашка кхачийта. Керла президент хIоьттича иштта нах бевр бу бохуш дийцира, амма, къамелаш а хилла, дисира иза. Иттаннаш шерашкахь Iедалехь бу вай Iедалан нах - коммунисташ болуш а, уьш бохийчи а, таханлерчу дийне схьабаьхкина. Цара цхьаъ хуьйцур дара бохучуьнга сатуьйсийла яц. Цундела, буххара дуьйна лакха хьалакхаччалц, хийца беза уьш. Иштта, хIуъа дина а, коррупцица къовса хьовса деза, цхьа жимма мукъа а. Цхьа жимма а нехан Iедале тешам хилийта. ТIаккха оцу Iедале кхочушъялур шен программаш. Амма и гIулчаш ца йохуш, цхьа хIума далур дац.
Салафишца къамел долон деза. Оцу юкъараллин машаран декъаца. Политикан дахарна юкъаозо беза уьш. Царгахула хьуьнхахь болчарна тIеIаткъам бан хьовса деза. И проблема къастон хьовса мукъа а еза

Цул сов, салафишца къамел долон деза. Оцу юкъараллин машаран декъаца. Политикан дахарна юкъаозо беза уьш. Царгахула, хьуьнхахь болчарна тIеIаткъам бан хьовса деза. И проблема а къастон йоло мукъа а еза. Ишттачу, кегийчу гIулчашца долийна а, гIуллакх долон деза. Делахь а, юха а, боккъалла иза дан а, чекхдаккха а лаам а, кхетам а ца го суна.

Маршо радио: Оццу хенахь, тIаьхьарчу заманан билгало ю тIемалошна юкъахь могIарерчу милцойн хьовха, милицин хьакамийн бераш а хилар. Динна тIе боьрзуш дукха нах бу тахана. Къаьсттина кегий нах. Дин довза боьлча царна гучудолу, оцу динах ду шаьш боху нах, хIумма а цIена боций. Шаьш къона хиларе терра и кегий нах цIенчу хIуманна тIахьабовлу. Эца меттехь уьш карабаха тарло радикалан ойла йолчу нехан. Гаджиевна хетарехь кегий нах кхето безара, билггал республикерчу динан урхаллийн нах, и ша долу дин ца хиларх. И болх беш стаг вац. Цул сов, боху Гаджиевс, машаречу салафийн боламна, политикан тIегIа яла езара, царца къамел долон а дезара. Делахь а, меттигера Iедалша даьхьар дац я царна луур а дац, и тайпа чолхе хаттар айа.

Юха а, тIаккха а, Москохана тIехь нисло, Дагестанехь хIоьттина чолхе хьал дIадерзор. ХIунда аьлчи, цунна муьтIахь болу нах бу, республикин куьйгаллехь а, къоман кхеташонехь а. Iедалний, бахархошний юкъара херо шорлуш ю. Москоханий, Дагестанерчу бахархошний юкъахь лаьтташ долу меттигера Iедал – бюджетана хьийсо ахчанаш а дууш, шен дахарца дехаш ду. Хьал ишта мел лаьтта лелхийтарш а хир ду, сингаттаме хьал а дахлур ду.
XS
SM
MD
LG