ТIекхочийла долу линкаш

Къилбседа Кавказерчу Лидерийн Кхолламаш Хлопонинан Карабелла


Къилбседа Кавказан Федералан го кхиарна ша реза ца хилар хоуьйтуш дIахьедар дина оьрсийн президента. Оцу гонехь шен векал волчу Хлопонин Александрана цо тIедиллина республикийн куьйгалхоша болх муха бо шега схьадийцар. Медведевс бахарехь, иза кийча ву, болх ца балуш верг, оцу балхах мукъаваккха. Хьажархошна хетарехь, сихха хийцамаш хир бу боху маьIна дац, президентан дIахьедарехь

Къилбседа Кавказан Федералан гонехь шен векал волчу Хлопонин Александран экономикан агIора и го кхиарца доьзначу рапорте ладоьгIначул тIаьхьа дира Медведев Дмитрийс, ледара болх бечу лидерийн хьокъехь сацамаш бан, аьлчи а, уьш балхара буохуо кийча ву ша боху дIахьедар. Экономикехь болчу кхиамашна ша реза ца хилар хаийтира оьрсийн президента.

Медведев: Меллаша болх бо. Массара а. Вице-премьере санна боху аса иза. Кхеташ ма хиллара, цигарчу кIошташкахь болх бечу кхечу белхан накъосташка а боху аса - жигара хьалхататта деза массо хIума а. Соьга схьадийца лаьа суна, Къилбседа Кавказан гонерчу, къаьсттина, цхьаболчу куьйгалхоша шайн декхарш кхочуш муха до. ХIунда аьлчи, стаге болх балуш бацахь, цо и болх бан ца беза. Цуьнца богIу сацам аса бийр бу.

Маршо радио: Шен агIора, Хлопонина элира, Къилбседа Кавказ кхион лерина стратеги ю, 2025-гIа шо кхаччалц. Карара бутт чекхбалале тIечIагIйийр йолуш ю, хIора республикехь дан дезарг билгалдоккхуш йолу план. Иштта, цо дийцарехь, кхиаран институт ю пхи бIе миллион соьман барамехь, бухе йиллина капитал а йолуш.
Амма, президента шега ма-дарра долу хьал дийцар дийхира. Дагестанерчу хьолах хаа лууш вара Медведев. Цигара экономика гIийла кхуьуш санна хета шена аьлла, цо Хлопонине йийца элира, Дагестанехь кхочушъеш йолу проекташ. Шиъ гидроэлектростанци еш ю цигахь, цул сов, аьнгалин шишанаш ден завод а, газан биргIа а, кхиош, телекоммуникацин система а ю аьлла, ягаръйира Хлопонина.

Цунна реза вацара оьрсийн президент. Шишанаш дечу заводах лаьцна шена хезна ши-кхо шо а ду. ХIинций бен пачхьалкхан гарантиш а ца елла, элира Медведевс.
Дагестанехь кIезиг ю керла проекташ, ерриг а пачхьалкхехь санна, оцу республикера экономикан дахар а кхиа деза аьлла, оьрсийн президента тIетуьйхира, цигахь яккхий проблемаш ю, бакъонийн органийн системехь, аьлла.
Регионийн куьйгалхошна юкъахь балхаца лара ца луш верг къастор шен векална тIе диллина Медведевс.
Хьажархошна хетарехь, Хлопонинан позици чIагIъеш яьккхина гIулч ю оьрсийн президента дина хIара дIахьедар. Къилбседа Кавказерчу лидершка цо бина хаам бу иза, шен векалх бозуш бу шун кхоллам, аьлла.

Дагестанера дозуш доцу «Черновик» газета кхоьллинчех цхьаъ ву журналист Камалов Хьаьжмурд. Цо бахарехь Хлопонинна хьалха лаьтта уггар а чолхе хаттар Нохчийчоьнца а, цуьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца а доьзна ду. Цундела, Медведевс цуьнга беш хаам бу цуьнан кхоллам Хлопонинца боьзна бу аьлла.

Камалов Хьаьжмурд: Суна хетарехь, Медведевс хьастагIа дина дIахьедар, шен векал волчу Хлопонинан позици чIагIъян Iалашонца дина ду. Хлопонин тIеIоттавелла уггар а чолхе хаттар Нохчийчоьнца а, къаьсттина, цуьнан куьйгалхочуьнца Кадыровца а доьзна ду. Цо, ма-дарра дийцича, кхин лоруш а вац президентан векал. Дешнашца-м, ша Хлопонинна чIогIа муьтIахь волу кеп лелайо цо. Суна хетарехь, иза иштта дац. Цундела Медведевс дIахаийтина, цуьнан кхоллам Хлопонинца боьзна буйла.

Маршо радио: Оьрсийн президентан дIахьедарна тIаьххье Къилбседа Кавказехь сихонца хийцамаш хир бу аьлла дац, аьлла хеташ бу кхинболу хьажархой. Дуьхьалонан болам эвсара баьллачу Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а болу куьйгалхой хIиттийна дукха хан яц. Уьш хийца сих лур вац президент, боху цара.
Оццу хенахь, шена тIе тидам озош ду, къаьсттина Дагестанерчу куьйгалхочунна Магомедов Мохьмад-Саламана Медведев реза ца хилар. Цунна гена йоццуш йолчу ГIагIайчура хьал а дац, хIумма а экономика тоелла гуш, ша гал даьлла дацахь. Зязиковин санначух тера рейтинг ю, цуьнан метта хIоттийначу Евкуров Юнусбекан а.
XS
SM
MD
LG