ТIекхочийла долу линкаш

Дуьхьалонан Акцеш Яьржаш ю Малхбалехь


Мисара -- КъахIирехь, Тахьрир майданахь гулбелла болу дуьхьалонан акцин декъашхой даздеш бу Мубарак Хьоснис дарж охьадиллар, 11Чил2011

Мисара -- КъахIирехь, Тахьрир майданахь гулбелла болу дуьхьалонан акцин декъашхой даздеш бу Мубарак Хьоснис дарж охьадиллар, 11Чил2011

18 дийнахь майданашкахь лаьттира Мисар пачхьалкхера адам, ткъе иттех шарахь гергга, авторитаран кепара куьйгалла дина Мубарак Хьоснис шегара дарж охьадиллалц. Мубарак Хьосни, боккъалла а, кIордийнера мисархошна.




Майданашка гулбелларш эргIадъэхара, Мубарака телевизионехула дIахьедар мосузза до. Цхьацца хийцамаш бийр бу ша низамашкахь алара цо. Нах реза ца хилара. Ша дIа-м вер вара, тIаккха махкахь хаос хиларна кхоьру ша. Майданашкара нах оьгIаза эхара. Харжамаш тIекхаччалц сатоха. Шен декхарш кхочушдина валийта ша олура, юха. Мисархой шаьш бохучунна тIера ца бовлура: 021115 Tahrir square actuality Дуьхьала тийссалучу Мубарака, пIераскан буьйсанна а дира шен рогIера дIахьедар - Iедале дIа а гIур вац, махкара ара а вер вац, аьлла. Аьлчи а, дуй биира. Амма, и дуй биина дукха хан а ялале, пIераскан сарахь, пачхьалкхан телевизионехула вистхиллачу Сулейман Iумара тийначу озаца элира, Мубарак Хьоснис президентан дарж охьадиллина, аьлла.

Сулейман Iумар: Сан хьомсара махкахой. ХIокху вайн махкана тIехIоьттина хIара чолхе мур а болуш, президента Мубарак Хьоснис сацам бина, ша оцу даржех мукъаваккха. Эскарийн Лаккхарчу Кхеташонна тIедиллина цо мехкан гIуллакхаш дIакхехьар. Дала Iалашдойла вай.

И дIахьедар, барам а, доза а доцуш, баккхийбеш тIеийцира, КъахIирерчу майданахь лаьттачу бIеннаш эзарнаш мисархоша. Вовше марабетталуш, стигала герзаш детташ, мерза хIуманаш дIасайоькъуш, хелхабуьйлуш, – «къоман тIеIаткъамах хьалха ца ялаелла режим» бохуш, маьхьарш беттарш гулбеллачара. Оцу кепара сурт лаьттира, КъахIирал тIаьхьа йоккхачех лоручу, хIурдан йистерчу Александрия гIалахь а. Ткъа Мубарак, и дIахьедар дале, масех сахьт хьалха шен доьзалца, Мисарехь уггар а хазчех лоручу, Шарм-аль-Шейхе дIавахана бохуш дийцира. Цiечу хIурдана йистехь йиллинчу оцу гIалахь президентан гIаланаш ю.

Мисарехь хуьлчух лаьцна дуьненна довзуьйтуш, интернетехь жигаралла гайтинчех цхьаъ ву, Аййяш Iабдул-Рахьман. Мубарак Мисар пачхьалкхана куьйгалле веанчул тIаьхьа бархI шо даьлча вина ву иза. Сахиллалц Iийр ву ша бохуш вара иза майданахь. Цул тIаьхьа а, тIеманхошка шайн революци лачкъа ца яйта, майданахь вуьсур ву ша элира цо. «Ша 21 шо долуш ву. ДуьнентIе ваьлчхьана дуьйна, дуьххьара, маьрша хета шена ша» - элира цо. Оцу юкъанна, Мисарехь хIун хуьлу те бохуш, догIа а делла Iачу дуьненахь а, дика тIеийцира Мисарехь хилла хийцам. Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президенто Обама Барака къобалдира, Мисарехь маьршачу кепара Iедал хийцар. «Мисархоша шайн лаам дIагайтина, церан аз хезна», элира Обамас, пIераскан дийнахь КIайчу ЦIийнахь вистхуьлуш.

Обама: Вайн дахарехь наггахь бен ца хуьлу вай историн маьIна долчу хIуманна тешаш. ХIара, оцу кепара киртиг ю. Мисар пачхьалкхан къомо шен лаам бовзийтина. Цуьнан аз хезна. Мисар пачхьалкх кхин цкъа а хир яц, ша хьалха хиллачух тера.

Шайн пачхьалкх кхин дIа а Мисаран доттагIа а, накъост а хир ю элира Обамас. Оцу махкана оьшу муьлхха а гIо дан кийча хилар а хаийтира Iамеркан президенто. Махкана куьйгалла тIеэцначу тIеман буьйралле цо кхайкхам бира, демократе болу некъ маьрша хилийта, аьлла.

Обама: Президентан даржера дIа а вахана, хийцамаш боьхучу мисархошна луург дина Мубарака. Хийцамийн заманан чаккхе яц иза, цуьнан юьхьиг бен яц иза. Суна хетарехь, тIейогIучу хенахь церан дуккха а хир ду хала денош а, чолхе хаттарш а. Амма со тешна ву, Мисаран къомана хаттарш карориг хиларх а, цо иза маьршачу кепара дийриг хиларх а - пайда хуьлучу агIора, цхьанабертахь, хIокху тIаьхьарчу кIиранашкахь шаьш иза дина ма-хиллара.

Чиллан беттан 11-гIа де, Мисар пачхьалкхана историн маьIна долу де ду аьлла, билгалдаьккхира, Iамеркан вице-президенто Байден Джозефа. Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин инарла секретаро Бан Ки Муна а кхайкхира мисархой, демократина тIедовлар, маьршачу кепехь хилийта хьовса, аьлла.

Бан Ки Мун: Машаречу гIирсашца ша доьхург кхочушдаделла Мисаран къам къобалдо аса. Церан майралла билг ца яьккхича ца Iало со. И онда са шайца кхин дIа латтаорца доьзна дехар ду сан массо а мисархошка. Йолаеллачу процессехь царна гIортор ян кийча ю Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организаци.

Дуьненаюкъарчу Атоман Энергин Агенталлин куьйгаллехь лаьттинчу, ша мисархо волчу Барадай Мохьмада а лечкъа ца дора, ша, оцу историн маьIна долчу киртигах воккхавевеш хилар.

Барадай Мохьмад: Демократин а, маьрша а хила болу аьтто дуьххьара хилла Мисаран.

Мисархо ГIоним Ваьэл а, демократин жигархо а, Гугл компанехь, маркетинган менеджер а ву Гергарчу Малхбалехь а, Къилбседа Африкехь а. Сиэн-эн телекомпаница телефонехула къамел деш цо элира.

ГIоним Ваьэл: Со воккхавево со мисархо хиларх. Даггара ала лаьа суна: Массо а Мисар пачхьалкхан вахархо декъалван лаьа суна! Суна ала лаьа: «Марша догIийла Мисаре!».

Британин премьер-министро Кэмерон Дэйвида а къобалбира Мисархой а, кхечу Iаьрбийн махкашкара бахархой а - цара сел майра а, маьрша а шайн махкашкахь хийцамаш бар. Йистах ца висира гIажарийн президент Ахьмадинежад Махьмуд а. ГIажарийчохь исламан революци иккхина ткъе шийтта шо кхачарна, лерина даздарш дIахьучу дийнахь, Ахьмадинежада элира, исламан революцино мел верг а гIаттийна. ХIинца иза кхечу махкашкахь а яьржина, аьлла. Мисархошка а, кхечу Iаьрбийн махкашкахь бехачу нахе а кхайкхам бира гIажарийн президенто.

Ахьмадинежад: Маьрша хила бакъо ю шун. Шайн кхоллам къастон бакъо ю шун. Чоьхьарчу а, арахьарчу а хаттаршкахула шайн лаам а, шайна хетарг а, маьршша дIадовзийта йиш ю шун. Шун бакъо ю шайн хIун Iедал хир ду а къастон а, махкана урхалла хьан дийр ду къастон а.

Мубарак Хьосни Мисаран президент лаьттинчу, еххачу хенахь, Израилна гIортор а хилла Iийна бу и мохк. Хiинца а, КъахIирехь Iедал хийцаделлачул тIаьхьа а, шина махкана юкъара маьрша юкъаметтигаш телхирг ца хиларх догйовха ду шаьш аьлла, дIахьедар дира Израилан Iедалша а. Цунна сагатдеш йистхилира Германин канцлер Меркел Ангела а. Цул сов, Мисарехь дикачу агIора хийцамаш хиларе сатуьйсу ша аьлла, тIе а туьйхира цо. Мубарак Iедалера вохор шуьйра даздеш бу урамашка ара а бевлла, шайн диктатор-куьйгалхо эккхийна болу Тунисан бахархой а, Газа асанера а, Ливанера а бахархой а.

Оцу юкъанна, Сулейман Iумара ма-аллара, Мубарака шегара мукъ карабеллачу, мисарера тIеманхойн Лаккхара Кхеташо дагахь ю, цу махкахь кхайкхийна хилла долу чолхе хьал, гергарчу хенахь дIадаккха. Цкъачунна хууш дац, мисархойн баккхийбебар мел дахлур ду. ХIунда аьлчи, оцу дехачу берхIийтта дийнахь манифестанташа дехнарг махкахойн Iедал дара, тIеманхойн Iедал дацара. Цул сов, махкана урхалла дар, мисаран Конституцица догIуш дац. Iедал, парламентан спикере кхача дезаш дара, инарлашка кхача дезаш дацара.


Мубаракан биографи

1928 шарахь Кафр эль-Мусыльха олучу, цхьана жимчу эвлахь вина ву Мубарак Хьосни. 1949-чу шарахь тоьлла хаарш а долуш, тIеман академи чекх яьккхина. Кеманийн эскадрилье вахийтира иза 1952-чу шарахь. ТIеман-Хiаваан Академехь инструктор болх бира масех шарахь. 1956-чу шарахь иккхинчу Суэцан тIамехь дакъа а лецира. 1959-чу шарахь Советан пачхьалкхе а вахана, шина шарахь доьшуш, кеманийн масех тайпа карадерзийра. 1962-чу а, 63-чу а шерашкахь мисархойн контингетаца дакъа лецира, Йеменехь хиллачу махкахойн тIамехь. Цул тIаьхьа шо даьлча, мисарерчу делегацица вахана, кхин а шина шарахь, Москохарчу, Фрунзе цIарахчу тIеман академехь тIеман говзалла Iамийра.

Мубарака дакъа лаьцнера Iаьрбашна а, израилхошна а юкъахь 1967-чу шарахь баьллачу тIамехь. 1969-чу шарахь, цу хенахьлерчу Мисаран президенто Насер Гамаль Iабдала мисаран тIеман-хIаваан штабан хьаьким хIоттийра иза. 1972-чу шарахь тIеман хIаваан ницкъийн буьйранча а, Мисаран пачхьалкхан тIеман министран когаметта а вахийтира. 1975-чу шарахь бIаьста президенто Садат Анвара Мубараках вице-президент вира.

1981-чу шарахь ГIадужу беттан 6-чу дийнахь тIеман парад йоьдуш а йолуш, президент Садат вийра исламисташа, герзаш диттина. Цунна уллехь хиллачу Мубаракан куьйгах чов йира. 14-чу дийнахь Мисар пачхьалкхан президентан дарже а хIоьттина, махкахь чолхе хьал кхайкхийра цо. И чолхе хьал тIех дахделира. Ткъе итт шарана гергга... Тунисехь хиллачух масала эцнехь, я кхин бахьана хIоьттинехь а, мисархой арабевлира.

Мисархошна хIуъа хеташ хиллехь а, 1987-чу, 1993-чу, 1999-чу а шерашкахь дIаяьхьначу референдумашкахь, дукхаллин кхаьжнаш алсам а довлуш, Мубарак юх-юха харжара. Къоман гуламо хьалхатеттина олий, еккъа, цхьана кандидатурехула тосуш бара кхаьжнаш а. Референдумаш дIаяхьа хьашт хиларна а бахьанаш карадора. Радикалан организацеша латтош йолу исламан проблема ю аьлла латтош дара, махкара чолхе хьал. Конституцин бист кхаччалц бозбуунчаллаш лелош долу Iедал, хьех а, марах а чекхдаьллера мисархошна.

КъахIирерчу дуьхьалонан акцин декъашхо, литературин профессор Абаза Хебина хетарехь, митинго доьхуог кхочушдан деза:

Абаза Хеба: Къоман дехарш кхочушдан деза. Президент дIаваха веза. Махкана урхалла дан ханна Iедал кхолла деза.


Тахьрир майданахь лаьтта хIара зуда чIогIа лууш яра, шен къамел массарна а хезийла.

Тахьрир майданера зуда: Масех хIума ала лаьа суна, аша иза даржориг хиларг теша а лаьа. Цкъа делахь, Мубарак Хьоснига ала луур дара суна – бакъонехь вац хьо цхьана а кепара. Омарш дIасадала цхьа а бакъо яц хьан. Цхьанненна а. Ур-атталла, чуьркана а. Сулейман Iумарх лаьцна аьлчи, иза, шоллагIа ваьлла, хьо ву. Цхьана шайн ши агIо ю шуьшиъ.

Чиллан беттан 11-чу дийнахь Шарм-эль-Шейхе дIавахара Мубарак Хьосни, шен доьзал а эцна. Мехкан Конституцина дуьхьала доллушехь, тIеманхойн караделира, ша а тIеманхо волчу Мубарака, махкана урхалла дар. Делахь а, шайна бIаьрга схьаван ца веза стаг, эххаре а, шайна дуьхьала дIаваларх баккхийбина ца бовлу мисархой.

ЧIогIа шена тIе тидам озош дара, митингашкахь лаьттина нах а, салтий а, цхьаний, 18 дийнахь гулъелла нехаш а, дуьхьлонан хIиттьийна керташ а дIасайохуш хилар. КъахIирехь Радио Маьрша Иракъан корреспондент волчу Раджаба иштта дийцира цунах лаьцна.

Раджаб: Салтий а, нах а цхьаний дIасаяха буьйлабелла, Тахьрир майданахь а, кхечу майданашкахь а ехкина хилла дуьхьалонан керташ а, яржийна хилла нехаш а. Президента дарж охьадилличхьана дуьйна, кегий наха гIо деш бу урамаш а, некъаш а цIандеш. Кхузахь цхьа керла са кхолладелла, керла Мисара ю, и режим дIаяьлчхьана дуьйна.

Хетало, Мубаракца цхьана, шайна новкъа долу кхин хIума а дIа а даьккхина, нах цIанбелла, керла дахар долон гIерташ санна. Мисарехь хиллачунна дика хаьа, цигахь нехаш, лаьмнашкахь Iохкуш юйла а, уьш дIайохуш, Iедалша цкъа а къа ца хьегнийла а. Ма-дарра аьлча, мисархой, дагахь бац, ткъе итт шарахь шайн мехкан хазна йиинчу стагана, цо лачкъийнарг дита.

Тайп-тайпанчу хьесапца, Мубаракан долахь долу ахчанаш – кхузткъе итт миллиард барамехь ду. Британерчу Гардиано чIагIдарехь, Лондонехь а, Нью-Йоркехь, Лос-Анджелесехь а долахь хIусамаш а, петарш а юцуьнан. Цiечу хIурдан йистехь дуккха а латтанаш ду. Цуьнан ахчанаш британерчу а, швейцарерчу а банкашкахь ду. Швейцарино хьастагIа дIахьедар дина, ша цуьнан ахчанаш гIоро дагахь ю, аьлла. Ткъе иттех шарахь Мубаракана тIекхочийла яра, уггар а баккхийчу инвестицишна. Гергарчу малхбалерчу эксперташа дуьйцучунна тIе а тевжаш, Гардиано дуьйцу, и проекташ бахьанехь цунна тIе бIеннаш миллионашкахь долларш даьхкина, бохуш.

Экспертийн хьесапехь, шен бахамаш хIокху кепара бекъна Мубарака. Хьсонин шен долахь 15 миллиард доллар ду. Цхьа миллиард, британхо йолчу, цуьнан хIусамнанна Сьюзанна тIеяздина ду. Мубаракан воккхах волчу кIентан Алаа цIарах – 8 миллиард, шолгIачу кIентан (иза шегара Iедал дита гIиртинчу Гамалан) цIарах – 17 миллиард доллар ду. Оцу кепара, мубарак – хIокху дуьнентIехь уггар а хьал долуш стаг ву. Iамеркера уггар а вехаш волчу стеган Гейтс Билан бахам – шовзткъе дейтта миллиард доллар бен дац. Ала дашна, иза цо шен хьекъалца даьккхина ду. Мискачу нахана гIо даран программашна дойуш а ду, цунах дуккха а. Оцу юкъанна, эксперташ къасто гIерташ бу, кхераме ду-дац мубаракана, Мисарехь висарна.
Лондонехь туп тоьхначу, Стратегин талламан институтехь, гергарчу малхбалерчу программин директор хиллачу Караван ИбрехIима ша шек ву элира, Мубарак Мисарехь вуьсург хиларх:

Караван:
Мубарак кхераме вац керлачу Iедална. Суна хетарехь иза а цунан доьзал а махкал арабер бу. ХIунда аьлчи, Шарм-аль-Шейхехь Iойла дац иза. ГIаттамна иммунитет йолуш ма яц Шарм-аль-Шейх.

Тунисана тIера йола а елла, политикан дехарш тIедохкуш йолу дуьхьалонан тулгIе, тайп-тайпанчу кепехь массо а аьлча санна, Iаьрбийн махкашкахула чекхйолуш ю. Дела денна телевизионехула а, интернетехь а гуш ду, къаилбседа-африкерчу а, гергарчу малхбалерчу а пачхьалкхийн коьртачу гIаланашкара сурташ. Юьхьанцара кхета а хала ду, хIара Тунис ю, я, Мубаракана дуьхьала бIеннаш эзарнашкахь мисархой арабевлла КъахIир ю. Я, Урдан махкахь дерг ду те гойтург, олий ойла кхоллало.

Карарчу хенахь Йемен коьрта гIалахь Санехь масех эзар стаг ву митингехь лаьтташ, мехкан президенте Салехь Iела Iабдалле даржера дIавала бохуш.


Таханлерчу заманан билгалонаш

Кхехкаш долу хьал мел чIогIа цхьатера хетахь а, хIора а Iаьрбий беха пачхьаькх вукхунах къаьсташ ю. Царна юкъара Тунис, мелла а европан амал йолуш ю. Дахаран хьелаш лакхара хилла ца Iаш, цигахь боккха а, шуьйра а бу юккъерчу юкъараллин барам. Аналистийн хьесапехь, Тунисера ислам, уггар собаре ислам ду. Цигахь хIара ю аьлла проблемаш яц я керстанийн а, я жуьгтийн а.

Мисар пачхьалкхехь – ондда, кIоргера дешарш дешна интеллигенци ю. Амма вуно доккха ду, социалан харш. Шовзткъа процент мисархой къел къикъ бохуш бу. Динашца доьзна хаттарш а хала къастадо. Керста нахана тIелетарш до юкъ-кара. Цигахь маьрша харжамаш дIахьуш хIума хилахь, Iедале исламан фундаменталисташ бахка тарло аьлла хета аналисташна. Ала дашна, мисархшна уггар а чIогIа лууш дерг, Израилца йолу юкъаметтигаш хедор а, Газа асанерчу бусулба вежаршна ондда гIортор яр а ду.

Урдан-мохк, жима Iаьрбийн ялсмане лоруш яра. Амма, юкъаралла кхехкаш ю, хийцамаш боьхуш. ЧiогIа ду малхбузенна а, израилна а дуьхьала хилар. Исламисташ бу цигахь а гIортор йолуш. Йемен – хIокху дуьнентIехь, экстремитсийн исламана уггар а паргIат хета меттиг лоруш ю. Схьагарехь, къам реза ца хилар ницкъаца охьатаIо хьовсур ду меттигера Iедалш.

ХIора а пачхьалкхан а, тIехьаьжча, хьал цхьатера хетахь а, тайп-тайпана кхолламаш а, некъаш а ду. Амма, дикка гуш цхьа хIума ду – Iаьрбийн пачхьалкхаш кхин цкъа а хир яц, шаьш хьалха ма-хиллара. Керлачу муьре евлла уьш. Еккъа Iаьрбийн махках хьакхаделла Iийр долчух тера а дац иза. Хаамийн гIирсашкахь гIарчI-аьлла цензура а хIоттийна, шайна ма-хетта, къаьмнашна урхалла деш долу, диктаторийн амал йолу Iедалш кхерамехь ду хIинца. Интернет – царга архаш ца тасало гIирс хилла. Викиликсо баржийначу хаамаша а, дикка бIаьргаш схьабиллина нехан. Гуш цхьаъ а долуш, шайн демократех дозаллаш дечу малхбузерчу Iедалша, шайн Iедалшца лелочу, тIехула политикина а тIаьхьакхиъна уьш.
Таханлерчу заманан билгало ю иза.
XS
SM
MD
LG