ТIекхочийла долу линкаш

Норд-Ост: Юхатоллуш Ду Театр Закъалтана Лацар


Оьрсийчоь -- Норд-Ост, Москох, 27ГIа02

Оьрсийчоь -- Норд-Ост, Москох, 27ГIа02

2002-чу шарахь Москох, Дубровкерчу театрехь йина теракт талларца доьзна гIуллакх дIакъовларна дуьхьала рогIера сацам бина Москохарчу прокуратурехь. Хиллачуьн хьокъехь кхин а алсам таллам бар тIедиллина оцу сацамца, Талламан Комитетана.


Норд-ост цIе йолчу юкъараллин организацин куьйгалхо Карпова Татьяна эргIадъяхана ю, адвокато Трунов Игора оцу хаамах цхьа доккха маьIна долу хIума дарна. Иза могIарера гIуллакх ду элира цо, Москохара схьа Маршо радиоца телефонехула къамел деш:

Карпова: Тхан адвокаташ цхьа а хIума долуш бац цу гIуллакхца. 2003-чу шарахь дуьйна ду тхо прокуратурица дIа-схьа кехаташ кхоьхьуйтуш. Тхоьга кхаьчна рогIера документ ду иза. Цхьа а, доккха маьIна долуш хIума а дац иза. Шарахь шозза тхан гIуллакх дIакъвола хьовсу Iедалш. Шарахь шозза, царга иза дIа ца къовлийта, оха новкъарло йо царна. Прокуратурица долу могIарера гIуллакх ду.

До дера оха дехарш, гIуллакх дIа ма къовла, бохуш. Оха цунах лаьцна дуьйцур а дац. Со хаза нехзан санна догдаьттIа ю тхан адвокато Трунов Игора цу хьокъехь комментареш ярна. И сацам тхуна хIинца а тхайн бIаьргашна гина бац цхьаннена а. Тхан адвокаташна хIете-вете а. Документ хIинца а доцуш ду, цундела цу хьокъехь къамел дан цхьа а бух бац.

Маршо радио: Барх шой, ах шой ду, 23 шо долчу Бараев Мовсара а, цуьнца хиллачу тIемалоша а, Дубровкерчу театрехь Норд-ост мюзикл йоьдуш а йолуш, цига баьхкина нах закъалте лаьцна.

Нохчийчура тIом сихонца саца а бина, Масхадов Асланан Iедалца дагадовларш де аьлла, билламаш кховдийнера цара, хIетахьлерчу оьрсийн Iедале. Амма, цуьнан метта, театрана чу, цхьанне а юьйцу а ца хезна, дIаьвше газ а хецна, нах кхетам чуьра а баьхна, штурм йира. Террорахойх 21 стаг а, 19 зуда а йина шаьш элира Iедалша. Тайп-тайпанчу хаамашца, 125-нна тIера, 130-нна тIекхаччалц, нах белла оцу театрехь.

Тхайниг цхьа могIарера организаци яц. Тхо цхьа башха организаци ю. Тхох боккха доьзал хилла. Тхох цхьаммо а кхечунна ницкъ бойтур бац


Дуьххьара дIа дуьйна, мел долу хIума къайла дахийтинера оьрсийн Iедалша. Зе хилларш, шаьш, шайн баланашца битира. Амма, журналисташ а, шаьш, зе хилларш а, церан гергарнаш а къар ца лора. "Новая газетин" журналист Политковская Анна йийра. Цо интервью эцна хилла, штурм яле хьалха, театрера дIавахана хилла Теркибаев Ханпаша, тамашийначу хьелашкахь, машанийн бохамехь велира Нохчийчохь.

Карпова: Тхо тIех дукха ду. Тхан организацехь инзаре дукха адам ду. Норд-ост хилла ца Iа иза. Кхузахь Волгоград, Волгодонск, яккхий теракташ хилла массо а гIаланашкара нах цхьанакхетта. Тхайниг цхьа могIарера организаци ма яц. Тхо цхьа башха организаци ю. Тхох боккха доьзал хилла. Тхох цхьаммо а кхечунна ницкъ бойтур бац.

ШолгIа делахь, стенах кхоьрур ду тхо? Цхьа шой ах шой ду со когаш сецна, меттахь йолу. Со елла дIаяллалц хьожур ю со, Iедалш сан бIаьре а хьаьвсина, бакъдерг дийцийта, сан кIант муха велла соьга дийцийта. Закъалтехь хилларш кIелхьарбахаран операци сел декъаза, дIа хIунда яьхьнера. Цунах лаьцна шортта дийца деза. ТIаьххьара, Домодедовохь теракт хилча, изза гIалат дира Iедалша. Чевнаш йина эцна, дарбан цIийнашка яха новкъа евлла сихачу гIоьнан машенаш, гIарч аьлла, новкъахь йиснера, некъаш доьттина машенех. едалша зеделларех пайда ца оьцу. И гIалаташ даиманна а юх-юха до. Юха а догIаьвжира сан. Телевизионехула хьоьжуш, журналисташ изза дуьйцуш бара. Царна маьрша некъ бита ма беза.

Далла бу хастам, Европерчу Кхело Норд-Остехула долу, ша долу бехк-такхаман гIуллакх дIадехна хиларна. Эхарре а, буьззинчу барамехь, иза довза йиш хилира тхан. И документаш тхоьх лечкъош дара

Маршо радио: ХIара гIуллакх Европерчу Страсбургера Кхеле а кхаьчна. Оцу кхело иза тIеэцар а, шайн толам хеташ ю Карпова.

Карпова: Тхуна тхайн боккха толам хета хIинцале. Страсбургера и процедура йоьдуш, тхайн а, шортта документаш дIакхехьийта дезна тхан. Шен агIора, тхан оппонеташна - оьрсийн Iедална, тхан документаш дIахьовсо декхар ю Страсбург. Иштта, оьрсийн Iедалша дIакхоьхьуйту документаш тхуна а дохкуьйтура, тхоьга таллийта. Далла бу хастам, Европерчу Кхело Норд-Остехула долу, ша долу бехк-такхаман гIуллакх дIадехна хиларна. Эхарре а, буьззинчу барамехь, иза довза йиш хилира тхан. Тхуна цунах боккха пайда хилира. ХIунда аьлча и документаш тхоьх лечкъош дара. Иза а тхайн боккха толам хета тхуна.

Шех, оцу гIуллакхах лаьцна аьлчи, оха а, Iедало а дIакхоьхьутйу документаш - латта а, стигал а санна, тайп-тайпана хIума ду.

Iедало боху - массо хIума динера нах кIелхьарбаха. Газ кхераме яцара.

Оха цунна дуьхьала кхоьхьутйу, тхайн, ур-атталла, I9 шераш долу кегий нах а, чIогIа могашалла телхина хилар тIечIагIдеш долу, лоьрийн тоьшаллаш. 20-22 шераш долу заьIап нах хилла царах. Документашца тхо чIогIа кечделла ду цу кхелана. ХIокху бархI шарахь эха шарахь тхо малделла а дац. Хьашт мел хир ду аьлла хета кехат оха гулдина. Тхо тешна ду и толам тхоьгахь хир бу бохух, Iедале толам баккхалур бац. Шаьш бакъдан агIо лоьхуш, цара Страсбурге кхоьхьутйу кехаташ беламе ду.


Маршо радио: Оьрсийн юкъараллехь бинчу талламашца а догIуш, цхьа кIезиг нах бен бац, Кремл, цу гIуллакхца йоьзна яц бохучух, тешаш.

XS
SM
MD
LG