ТIекхочийла долу линкаш

Хьанна Пайденна Ду Оьрсийчохь Деш Долу Лелхийтарш


Russia -- Metropolitan Juvenaly of Krutitsy and Kolomna lays flowers in memory of those killed in bomb explosion at Moscow's Domodedovo airport, 26Jan2011

Russia -- Metropolitan Juvenaly of Krutitsy and Kolomna lays flowers in memory of those killed in bomb explosion at Moscow's Domodedovo airport, 26Jan2011

Милашина Елена Оьрсийчура адамийн бакъонашларярхо а, журналист а ю. 2006-чу шарахь Бесланехь ишкол дIалаьцнача, цигахь хуьлуш дерг дийца йоьдаш йолчу Политковская Аннаина дIовш даьллачулла тIаьхьа, «Новая газето» цуьнан метта Беслане хьажийнера иза. Цу хенахь дуьйна Къиллбаседа Кавказехь хуьлург шен тидамехь латтош а, цигахь хуьлучунна тIаьхьакхиа гIерташ а болх беш ю Милашина Елена.


Амма Бесланехь дина долу тIелатар а, цулла а хьалха тIемлоша Москох Норд-Ост мюзкл дIайоьда театр дIалацар а, хIинца деш долу лелхийтарш а цхьанадогIуш дац аьлла хеташ ю журналист.

Уьш, суна хетарехь, тайп-тайпана муьраш ду Оьрсийчохь террорар лелоран. ХIунда аьлча, Бесланехь закъалтана нах лийцинчухенахь террорахой тIом сацо гIерташ а бара, федералан Iедалшца а, меттигерачу Iедалийн веклшца а дийцарш дIадахьа гIерташ а бара. Иза цаьрга ца дайтира. Iедалша пайда ца ийцира цуьнах, закъалтхой маьрша бохаш. Норд-Остехь цара-м Iедалша дийцарш а дIадаьхьира. Цигахь аьтто бара закъалтхой маьрша баха. Цигахь политикан дехарш дара, шайна юкъахь Нохчийчура тIом сацор а долуш. ТIкъа таханлерачу терактех лаьцна аьлча, цхьаммо а закъалтана нах ца льуйцу (цкъачунна ца луьцу аьлла-м хета суна), амма метро а оьккхуьйту, Домодедово а оьккхуьйту. ХIоразза а, цхьа дикка кхеташ а доцуш, тIаьхьа а дуьсуш и лелхийтарш шаьш дина олий, жоьпалла шайна тIеоьцуш дIахьедарш деш хуьлу Кавказерачу къайлах лелаш йолу тIеман тобанаш. Амма билггала цара доьхаш хIума ца хуьлу.

Кху тIахьарчу хенахь Оьрсийчохь деш долу терроран тIелатарш хьунда деш ду а, хьа деш ду бохучу хаттарна жоп дац бах Милашина Еленас. Амма цу хаттаршна доп дала дезаш дерш Iедалш ду, террорахой бац бохуш дуьйца цо.

Террорахоша шаьш дечу лелхийтарийн биллгггала долу бахьанаш дуьйцуш ца хилар бахьана долуш а, Iедалша иза дуьйцуш ца хилар бахьана долуш а ши а агIо пайда эца гIерта цу хиламех аьлла хеташ ю «Новая газетан» аналист Милашина Елена. Алсам цуьнах пайда Оьрсийчоьнан Iедалша оьцу аьлла а хета цунна.

ХIоразза а, теракт масозза хуьлу, вайн Iедало къовла демократин институташца доьзна долу хьал. Цо чекхдоху юкъаралло дийцаре а ца деш, тIеэца мегар доцу низамаш. ХIунда аьлча, уьш тIеэца мегар доцуш долун дела. Цу низмаш гIо ца до махкахь кхерамазалла хIотто а, хьал дIанисдан а.

Вукха агIора, террорахой а бу и тIелатарш шаьш дина бохуш. Ткъа бакъдерг цхьанна а ца хаарна, массо а шена хета-хеарг дуьйцуш ву бах Милашина Еленас.

Вукха агIора террорахой а латтаза бовлу, тIелатар ша-ша дина бохуш, иза дарна жоьпалла шайна тIеэца гIерташ, хилларг баш кхеташ дацахь а. Цхьанне а ца хаа муха йехаш ю къайлах лела тобанаш, хьенах лаьтташ ю уьш, мел ницIкъ болуш ю уьш, мел кхераме ю. Иза хууш дац. Цундела, вай массо а спекуляци лелош ду.

Вуьшта аьлча хIоразза а маьрша адамаш а дойъуш тIелатар масозза до Iедал чIагIло Оьрсийчохь, аьлла, хета Милашина Еленина. Iедалша пайда оьцу цу кепара тIелатар масозза до шена оьшаш долу низмаш тIеэца бохуш дуьйца цо.

Цара алсам пайда бохьу цаьрна, Iедалшка жоьпалла хила бохуш дехарш деш йолчу баккъалла а йолчу оппозицица дуьстича. ХIунда аьлча, террорахоша дIахьедарш ца до Iедалша махкахь адамийн бакъонаш ларян йеза, бохуш а, уьш жоьпалла долуш хила деза шайн махкахошна хьалха, бохуш а. Амма хIоразза а цу тайпа теракт масоззу хуьлу, цхьатерра йолу политикан механизмаш болхбан юьйлало. Беслан хиллачуллатIаьхьа губернаторийн харжамаш дIабехира, кхузахь полицех лаьцна долу низам чекхдаьккхира, тIеэца мегар доцуш долу. Иштта дIа кхин а.

Ткъа Оьрсийчохь терроран тIелатарш даран бухехь долу бахьана иштта го шена бах Милашина Еленас.

Оьрсийохь теракташ хиларан бухехь Iуллуш долу бахьана ду Нохчийчура тIом. Уггара хьалхара бахьана ду иза. Нохчийчохь тIом ца хиллехь, хIинца и терроран акташ ца хила магара.

I994-чу шаре а кхоьвдина, цу хенахь хиллачуьнан мах хадор а бен, кхин некъ ца го шена бах «Новая газетан» аналисто Милашина Еленас Къилбаседа Кавказера хьал а, цуьнцана цхьна Оьрсийчура хьал а дIанисдан.

XS
SM
MD
LG