ТIекхочийла долу линкаш

Энергица Йоьзна Йолчу Политикана Гонаха Къийсамаш Д1абаьхьна Оьрсийчоьна а, Евроберто а.


Belgium - European Commission President Jose Manuel Barroso (R) speaks with Russian Prime Minister Vladimir Putin at the EU headquarters in Brussels, 24Feb2011

Belgium - European Commission President Jose Manuel Barroso (R) speaks with Russian Prime Minister Vladimir Putin at the EU headquarters in Brussels, 24Feb2011

Чиллан-беттан 24-чу дийнахь Брюсселехь хилира Путин Владимира дакъа а лоцуш Оьрсийчоь-Еврокомисси олуш долу цхьанакхетар. Цигахь Оьрсийчоьнан премьер-министро къийсамаш дIабаьхьра Евробертан куьйгалхошца энергица йоьзна йолчу политикана гонаха.

Цулсовнаха цо дийцаре дира Оьрсийчоьнан бахархошна виза а йоцуш Евробертан территори тIе баха бакъо хиларх лаьцна долу а, Оьрсийчохь адамийн бакъонаш ларярца доьзна долу а , Оьрсийчоь Дуьненерачу Йохка-Эцаран Вовшахтохараллана юкъаяхарх лаьцна долу а хаттарш.

Оьрсийчоьнан премьер-министро Путин варе йина Евробарт Къилбаседа Африкехь дIадоьлхаш долчу къепедацараша а, мехкадаьттан а, газна а мах хаьлаболуш хиларо а, вуно боккха кхерам бохьу дерриг а дуьненна аьлла. Путинна хетарехь цундела Оьрсийчура Европе мехкадаьтта доуьйтуш йолчу биргIийн кхерамазалла ларяр цIкъа а ца хиллачу кепара мехала гIуллакх а хилла дIахIуттуш ду.

Путина цу тайпа комментариш йира Еврокомиссин куьйгалхо волчу Баррозу Жозе Мануэлаца цхьана сохьтехь шен хилла долу цхьанакхетар дIадирзинчулла тIаьхьа.

Леррина КолагIа аьлла цIе тиллина долу энергопакет тIе а эцна Европа дуьхьало ян гIерташ ю мехкадаьтта а газ а юхкуш йолчу пачхьалкхашна цаьрга шайна луъъург ца леладайда гIерташ.

Цу керлачу низмашца а догIуш тIейогIучу хенахь Оьрсийчоьнан Газпром санна йолчу кампанин бакъо хир яц цхьанаметта газ йохка а, иза юхкуш лелош йолчу биргIанашна тIехь Iуналла дан а. Евробертан куьйгалхошна хетарехь, нагахь газ долахь йолу нах иза чухула леа ьиргIанаш а шайн долахь йолуш хилча цара шайна ма-лиъъина сацор ду гах Европе яийтар.

Амма Газпром дуьхьала ю цу «КхолагIчу энергопакетана». Цуьнах лаьцна дIахьедар дира Путин Владимира, Баррозу Жозе Мануэлаца цхьана шен хиллачу зорбанан-конференцехь.

- «КхолагIчу энергетикан пакето» ган а гуш талхабо тхан энергетикан кампанийн болх. Иза факт ю, нагахь, ма-дарра аьлча, церан бахам дIабоккхуш хилча.

Шен агIора Баррозос жоп делира Путинна, и низам цхьана а кампанина эшам беш дац аьлла. Иза цхьатерра хьакхалуш хир ду массо а кампанех, Оьрсийчурчу а, Европерачу а кампанех элира цо. Баррозос иштта даре дира, Оьрсийчоь Европана газ а, мехкадаьтта а духкуш йолу мехала пачхьалкх хилар.

-Европана яха аьтто луш долу догIа ду Оьрсийчура энерги. Тхан индустри а, тхан доьзалш а вуно чIогIа бозаш бу Оьрсийчоьнан энергех.

Евробертан векалша а, Оьрсийчоьнан Iедалан векалша а Брюсселехь дийцаре динчу хаттаршна юкъахь дара Оьрсийчоь Дуьненерачу Йохка-Эцаран Вовшахтохараллана юкъаяхар а, Оьрсийчоьнан бахархошна виза а йоцуш Евробертан юкъайогIучу пачхьалкхашка баха бахко ялар а, Оьрсийчохь адамийн бакъонаш ларяр а, Либехь дIадоьлхаш долу къепедацарш а.

Кху тIаьхьтарчу масийтта шарахь Оьрсийчоьно уггара хьалха тоьтташ долу хаттар ду Евробертаца виза йоцу раж юкъаяккхар лаьцна дерг.

Евробертан куьйгалхоша дийцарехь Москох цхьамоггIа гIулчаш яха йезаш ю цу тапйа раж юкъаяккхале. Цаьрна юкъахь ду биометрикан паспорташ юкъадахар а, Оьрсийчоьнан махкахойх лаьцна болу хаамаш Евробертан базана юкъабахйитар а, иштта дIа кхин а.

Кхин цхьа хаттар а ду Гуьржийчоьнан территои лоруш йолчу Абахазерачу а, Къилба ХIирийчурчу а бахархоша Оьрсийчоьнан паспорташ лелор.

Виза а йоцу раж юкъаяккхар шина а агоIнна пайденна хир ду бохуш вара Путин Владимир.


ТIкъа Оьрсийчохь адамаин бакъонаш ларярх лаьцна дуьйцуш Баррозо Жозе Мануэла билгалдаьккхира Оьрсийчоьно адамин бакъонаш ларярехь шена тIеэцна долу декхарш кхочуш дийра ду аьлла сатесна ду шаьш аьлла.


Оьрсийчоьно а, Евроберто 4 протокол тIейицра и цхьанакхетар дIадерзош. Уьш доьзна дара нагахь газ Европе ялар сацо дезаш меттиг нислахь хьалххе цуьнах лаьцна хаам баран механизм кечярх лаьцна.

Оьрсийчоьнан Арахьарачу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс а, Евробертан арахьарачу политикехула йолчу комиссаро Эштон Кэтрина а цхьана дIахьедар тIеийира Либехь маьршачу дуьхьалонан акциш декъашхошна тIехь ницIкъ бар йемал деш.

Шен агIора Путина Владимира ша саготта хилар хаитйира Iаьрбийн мехкашкахь зуьлуш долчо карзах даккха мега Оьрсийчурча Къилбаседа Кавказера хьал.

-Сагатдеш дуй тхан, Къилбаседа Африкехь хуьлуш дерг? Цхьа а вочу агIора тIеIатIкъам бийра буй цо Къилбаседа Кавказана?... Сагатдо! Амма цу гIулкхо вочу агIора Къилбаседа Кавказана тIеIаткъам бина ца Iаш, кхечу пачхьалкхашна а бийра бу, шайна юкъахь Европа а йолуш.

Кхузехь тIетоха деза Iаьрбийн пачхьалкхашкахь хуьлуш долчо сингаттам баьккхина Путин воцург Оьрсийчоьнан президент Медведев Дмитрий а хилар. Цхьа цIе ца йоккху нах бу бохуш вара иза кху деношкахь Буру-гIала а веана цигахь кхеташо дIахьуш Мисарехь а, Либехь а хуьлуш дерг санна къепедацарш Оьрсийчохь а хилийта гIерташ. Амма иза цера чекхдерадац бохуш оьгIазе дуьхьало йеш вара иза цо муьлаш бу ца дуьучу нахана.

-Чолхе хиламаш хила мегаш бу, шайна юкъахь фанатикаш Iедале бахкар а долуш. Иза цIераш латар а хир ду иттаннаш шерашкахь дIаяйалур йоцу, кхин дIа экстремизм яржар а хир ду. Бакъдолчунна бIаьргаш чу хьовса деза вай. Цу тайпа сценарий цара хьалха а кечйинера вайна. Ткъа хIинца муххале а иза чекхяккха хьовсур бу уьш. ХIуъъа а хилахь а и сценарий чекхйера яц!

XS
SM
MD
LG