ТIекхочийла долу линкаш

Дуьненаюкъара Зударийн Де Дицдина Ала Мегар Ду Иза Схьадаьллачу Малхбузехь


 Дуьненаюкъара зударийн де дицдина ала мегар ду иза схьадаьллачу Малхбузехь

Дуьненаюкъара зударийн де дицдина ала мегар ду иза схьадаьллачу Малхбузехь

Кху шара I00 шо кхочуш ду Дуьненаюкъара зударийн де кхоьллина. Дуккха а пачхьалкхашкахь иза даздеш ду зударийн деза де санна, цаьрна зезагаш а, шоколадан гIуткхаш а луш. Амма цу дийнахь дукха къеззиг хьехош хуьлу зударийн бакъонаш. 8-чу Мартан чулацам хийцабалар уггара доккха тоьшалла ду иза, хIунда аьлча дуьххьара зударийн де кхоьллинера Iамеркехь а, Малхбузерачу Европехь а болх беш болчу зударийн белхан хьелаш то дайтар Iалашонца. Амма кху деношкахь зударийн де дицдина ала мегар ду Малхбузехь.

Зазадоккхучу беттан 8-чу дийнахь хуьлуш долу Дуьненаюкъара зударийн де кхоьллина I00 шо кхочуш, иза даздийра долуш ду I00 сов пачхьалкхехь. Иза баккъалла а хир ду дуьненаюкъара де. Амма дуьххьара и де даздира Зазадоккхучу беттан I9-чу дийнахь I9II-чу шарахь Австрехь а, Данехь а, Германехь а, Швейцарехь а. Цу дийнахь урамашка араваьллера I миллион сов стаг. Цара кхайкхамаш бира Iедалшка зударшна болх бан а, кхаж таса а, Iедалехь даржаш дIалийца а бакъо ло бохуш.

Атлантикана вукха агIора цу хьокъехь болу болам дIаболабелира кхин а хьлха. Цу хенахь йоьвзаш хиллачу Iамерки Халкъан Социалистин партино бинчу кхайкхамца хьалхара Iамеркерачу зударийн де билгалдаьккхира цигахь I909-чу шарахь.

Розенберг Розалинд истори Iилманча ю Ною-Йоркерачу Бернард Коллежехь. Цо дийцарехь и де кхоьллинера цу махкарчу белхалоша, шайна юкъахь алссам зударий а болуш, ша белхан хьелаш во хиларна са кхачийна болчу.

-I908-чу шаре вай юха дирзича. Нью-Йоркехь, Ист-сайд олучу кIоштIахь, тIеюху хIумнаш тоьгаш йолчу I5 эзар зудчо болх охьатеснера. Уьш бАла хьоьгуш бара алап лахара хиларна а, вуно ирча белхан хьелаш хиларна а. Цара, болх охьа а тесна, духьалонан акци дIаяьхьира. Уьш реза боцучех долу цхьа хIума дара, царна болх белла болу нах, церан корматалхойн кхеташо (профсоюз) яре ян реза ца хилар.

Зударийн де билгал ца даьккхира цигахь 4 шарахь бен. Иза даздар сацийра Хьалхара Дуьненера ТIом дIаболабелча. Ткъа Вашингтоно къобул дира, хIинца Зазадоккхучу беттан 8-чу дийнахьдаздеш долу Дуьненаюкъара Зударийн Де, I975-чу шарахь, иза Цхьанакхетначу Къаьмнийн Вовшахтохаро къобулдинчулла тIаьхьа.

Цу хеннахь и де дезаде а хилла дIахIоьттира Советан блокана юкъа йогIучу пачхьалкхашкахь.
Тем временем, 8 марта стал прочной праздником в большинстве стран советского блока. Цу хенахь дуьйна иза социализман дезаде санна дара. Цундела цуьнах дог делира Цхьанатоьхначу Штаташкахь бохуш дуьйцу Розенберг Розалиндас.

-Iамеркин Социалистийн парти яра дуьххьара Зударийн Де шайн махкахь кхоьллинарг. Ткъа Хьалхара Дуьненера ТIом а, большевикин революци а ялар бахьана долуш, цхьммо а лоруш боцу нах а хилла дIахIиттира социалисташ, коьртачу декъана Iамерки Цхьанатоьхначу Штаташкахь. И парти йолуш яра, амма Хьалхара Дуьненера ТIом балале санна цунна гIортор йеш нах бацара Цхьанатоьхначу Штаташкахь.

Амма и де денлуш хиларан билгалонаш ю Iамеркехь а цхьанна. Кху шара Iамерки президенто Обама Барака дIакхайкхийна Зазадоккху бут зударийн историн бут бу аьлла. Цо кхайкхам бина Iамеркахошна Дуьненаюкъара зударийн де дазде аьлла.

Цундела иттаннаш Iамерки вовшахтохараллаш леррина акциш вовшахтухуш ю зударийн проблемашна хьажийна йолу. Церах цхьаъ ю Зударий зударшна цIе йолу вовшахтохаралла. Цуьнан декъашхоша шайн тидамехь латтош ду тIемаш йохийначу пачхьалкхашкахь, шайна юкъахь ОвхIан-пачхьалкх а, иракъа а, Нигерия а, судан а йолуш, зударийн дахар.

Зударийн зударшна вовшахтохаралло кечйина «Схаькхета соьх тIайтIехь» цIе йолу проект. Дуьненаюкъара Зударийн де кхоьллина I00 шо кхачар даздеш зударий цхьанкхетар бу тIайш тIехь 48 пачхьалкхехь.

Настидт Кейт цу вовшахтохараллан британерачу декъан куьйгалхо ю. Малхбузехь цу дийнах хууш дерг дукха ледара ду аьлла хета цунна.

-Iамерка а, Дани а, я со йехаш йолу Британи а санна йолчу пачхьалкхашкахь, дукха а хIумнаштIехь йоккха прогресс ю зударий ларарехь. ХIинца дуьхьала хIотто хала ду харжамашкахь дакъа лаца тхан бакъо ца хилар а, тхан тхайн хIусамаш ца хилар а, я тхайна ма-лиъъина и хIусам йита тхан харжам ца хилар а. Амма кху дуьнентIехь дуккха а меттигаш ю, I00 шо хьалха шайн бакъонаш къовса арабевлла хиллачу цу зударшачулла а алсам халонаш хьогуш зударий болуш.

Зударий зударшна олучу вовшахтохараллао шен къаьстина тидам тIебахийтитина ОфхIан-пачхьалкхехь болчу зударшна. Цуьнан бахьана иштта дуьцу Настидта.

-Цундела тахана, Дуьненаюкъарчу Зударийн Дийнахь, Кабулехь тIайтIехь лаьтташ болу зударий кхузаманахьлера I00 шо хьалха «суфражисткашс» олуш хилла болу шайна харжамашкахь дакъа лаца бакъо ло бохуш къийсам латтош хилла болу зударий бу эра дара аса. ХIунда аьлча, I00 шо хьалха Лондонан урамашкахь а, Iамеркехь а лаьттинчу зударша санна, шайн дахарна кхерам боллушехь, шайна харжамашкахь дакъа лаца бакъо яккха гIерташ арабевлла бу уьш. Цу хенахь хилларг а, хIинца дерг а цхьатерра ду.

XS
SM
MD
LG