ТIекхочийла долу линкаш

Страсбургерчу суьде латкъам бина нохчийн тутмакхо


Armenia -- European Court of Human Rights logo, undated

Armenia -- European Court of Human Rights logo, undated

Шеларчу милицин хьаким хилла волу Даудов Мохьмад вен гIоьртина аьлла чувоьллина волчу тутмакхо Идрисов Зубайрас латIкъам бина Европерачу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле. Цунна иза деш гIо дина Дуьненаюкъарчу адамашна тIехь ницкъ барна дуьхьала йолчу комитето. Цу вовшахтохараллан декъашхошна хетарехь, Идрисовга тIехь ницкъ а бина, шена дуьхьала тоьшаллаш дайтина. Цулсовнаха дуккха а цхьана ца догIу хIумнаш ду цуьнан бехк-такхаман гIуллакхехь.

Даханчу шеран Мангалан-беттан 8-чу дийнахь Нохчийчоьнан Лаккхарчу суьдо, набахтехь яккха йехха хенаш а тоьхна, чувоьллира меттигера кхо вахархо Идрисов Зубайр а. Аслаханов Зелимха а, Межидов Идрис а. Царна бехке диллинарг дара бандитизм лелор а, низмаш лардечу органийн белхахо ве гIортар а, бакъо а йоцуш герз лелор а, хIуьттренна нехан бахам хIаллак бар а.

Идрисовна а, Аслахановна а ис-ис шо туьйхира. Межидов чувоьллира I4 шо а тоьхна.

Таллам бинчу милцоша чIагIдарехь, и кхо стаг дагахь хиллера цу хенахь Шеларчу милицин хаьким волу Даудов Мохьмад ве. Цу Iалашонца 2009-чу шеран Марсхьокхчу-беттан 3-чу дийнахь цара эккхийтина хилла цуьнан машен. ХIинца Нохчийчохь вице-премьер волу Даудов и машен оьккхуьйтуш цу чохь ца хилла. Ткъа машен лелош волу милцо цу чура ара а иккхина къелхьара ваьлла.

Цхьа бут баьлча Аслаханов а, Межидов а дIалецира Шеларчу милцоша. Ткъа Идрисовн да-нана деара Даудов волчу шайн къант хIунда лоьхаш ву къасто. Амма оццу меттехь дIалецира Идрисов а.

Ткъа хIинца шена тIехь ницкъ бина бохуш латкъмаш беш ву Идрисов Зубайра. Шена гIодар дехна цо Оьсрийчохь туп тоьхна йолчу Дуьненаюкъарчу адамашна тIехь ницкъ барна дуьхьала йолчу комитете.

Цу комитетан Кхеташонан декъашхочо Казаков Дмитрийс дуьйца цуьнах лаьцна.

- Ша Ирисовс а, цуьнан гергарчу наха а латкъам бина тхоьга, цунна тIехь ницкъ бина аьлла, и зулам дар тIелоцуш тоьшаллаш цуьнга дайтар Iалашонца.

Ткъа хIу бахьанаш ду шоьгахь цу стагана хан нийса тоьхна хилар шеконе дилла, аьлла шега хаьттича Казаков Дмитрийс элира, уьш кхоччуш бехке бац бохург ала хала ду, амма цхьадолу хаттарш жоьпаш а доцуш дуьсуш ду аьлла.

- Вай хIинца дийца аьтто берг цхьа хIума ду. Иза ду цунна биллина болу бехк бух болуш бу, я бац бохург къастор. Цу тайпа шеконаш тхан хиларан бахьана ду цу гIуллакхехь долу цхьадолу хIумнаш. Церах цхьаъ ду и чубоьхкина болу нах дIалийцина долу де цхьана догIуш ца хилар. Официала кепара долчу кехаташ тIехь ду уьш Гезгамашан 4-чу дийнахь дIалийцина аьлла. Амма уьш кхин а хаьлха лийцина хилла бохург чIагIдан мегар долуш ду. Цулсовнаха, ала таро ю, царна тIехь ницкъ бина аьлла, цаьрга бехк шайна тIелацийта. ТIехула тIе машен эккхийтар муха хилла теллича цу гIулкхо а шеконаш кхуллу цу наха эккхийтина хиллий-те иза олий.

Бакъонашлархой тешна бу, нагахь бакъдолчунна тIаьхьакхиа уьш лууш хиллехь иза далур дара аьлла. Амма Оьрсийчохь нийсо каро аьтто а ца баьлла Страсбургерачу кхеле латкъам бан дезна шайн элира Казаков Дмитрийс.

Карарчу хенахь Идрисов Зубайрин гIуллакх схьаэцна ду Европерачу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело. Цу хьокъехь сацам тIеэца хан йеза. Амма Идрисов ша цхьаъ вац бакъонашларярхошка гIо доьхуш верг.

Дукхах болу латIкъамаш а, гIо дехарш а доьзна ду Нохчийчохь адамашна тIехь ницкъ барца а, адамаш лар йоцуш дарца а, бохуш дуьйца Дуьненаюкъарчу адамашна тIехь ницкъ барна дуьхьала йолчу комитетан Кхеташонан декъашхочо Казаков Дмитрийс.

-Дуккха а латIкъамаш бу нах лечкъор хьокъехь. Шина тайпа гIуллакхаш ду тхоьга кхочурш. Хаьлхара ду, низмаш а талхош ницкъ барца доьзнарш. Ткъа шолгIа тайпа долу гIуллакхаш ду адамаш лечкъор хьокъехь болу латкъамаш. ТIеман барзакъ а доьхна болчу наха цу нехан гергарнаш лечкъа бо, дукхачу хьолахь цултIаьхьа уьш кара а ца бо.

Оьрсийчурча Мемориало далочу терахьашца, дIадаханчу 20I0-чу шарахь лачIкъийна 27 стаг, церах ларйоцуш вайна 6 стаг, тIкъа кхин а 6 стаг вайна муха вайна а ца хууш.

XS
SM
MD
LG