ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-гIалара Керла Стадион Кийча Ю Схьаелла


Нохчийчоь -- Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин эпсарш Диего Марадоне маршалла кхийдочу телатана уллехь лаьтташ, 11Сти2011
Нохчийчоь -- Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин эпсарш Диего Марадоне маршалла кхийдочу телатана уллехь лаьтташ, 11Сти2011

Кхаа ражехь белхаш а беш, сихаллехь йина яьлла Соьлжа-гIалара керла стадион. ТIаьхьарчу цхьана баттахь иза цIанйир, ерриг а Нохчийчуьра белхий ихинчу студенташа, хьехархоша, лоьраша. Керла стадион схьайоьллуш дакъа лаца Соьлж-гIала кхайкхина бу дуьненара бевзаш болу футболах ловзархой.


Чохь Iен хIусамийн къелла хиллачу Советан заманахь Соьлжа-гIалин йистехь, блокех тIекIелъйинчу микрорайонна а, жимма дехьо Iуьллучу Соьлжа-юьртана а уллехь дIатаръелла, 30 эзар хьажархо чутарлуш йолу керла стадион.

Бакъду, стадионна тIебоьдучу новкъахь хиллачу петарийн кораш хийцина. Куьце далийна сингаттаме, сирчу басахь хилла пенаш а. Цхьа йоккха апельсин санна ю хIинца и шайолу микрорайон. Дийцарехь, нохчийн футболахойн тоба Iамо Нохчийчу веъначу Нейдерландерчу тренеран Гуллит Руутан Даймехкан байракхан оранж басахь дина уьш.

Ша стадион хIинца а схьайиллина яц. Амма иза хIинцале ган кхиина Нохчийчуьра белхашкахь мел верг а, доьшуш мел верг а. Стадионехь шайн цIера даьхьина нуй-горгам хьокхучу хенахь, доггах цунах бIаьрг буьзна цара.

БIаьстенан дезачу деношкахь садаIар а, цIахь дан дезарг а охьа а тесна, республикан коьртачу гIалина цхьа бIе чаккхарма генахь бехаш берш а цхьана гIала лелийра стадион схьаелла кечъян.
Накъостий, гIуллакх политикан маьIна долуш ду. Вай цига ца долхахь, къаьхьа-къемат де вайна хир дуйла шуна а хаьа, суна а хаьа


ХIара къамел цхьа ши кIира хьалха хилла, Нохчийчуьрчу цхьана школехь. Директор ю шен хьехархошка, стадионехь цIано яран маьIна дуьйцуш. Иштта къамел муьлххачу республикан школехь хаза тарло.

Школан директор: Шаьш хьовса, амма ца дахча вай довлуш дац. Билггал 1-чу майхь. Накъостий, гIуллакх политикан маьIна долуш ду. Вай цига ца долхахь, къаьхьа-къемат де вайна хир дуйла шуна а хаьа, суна а хаьа. Цига мел йолу школаш яхана лелла. Кхана Iийча вай ду доьлхуш.

Маршо радио: Цхьанххьа а, официала тIедиллар гур дац оцу белхийн хьокъехь. Нохчаша олуш ма-хиллара, ца лаахь а, лууш санна, бохург ду, цуьнан маьIна. ЭргIардъоьхучу хьехархойн дог ойуш, директоро тIетуьйхира.
Нохчийчоь -- Соьлжа-гlалара Ахьмад-хьаьжин цlарах керла стадион, 08Сти2011

Школан директор: Шайн-шайн рожехь массо кIошташкара школаш йоьлху цига. Амма цига воьдучун цIе, фамили а хила еза. Кхерамазалла ларъеш мил-мила а чу вуьтуш ма вац. Стенгара, мила, хIун ву хьаьвсиний бен.
Цигахь цIано яран дуьхьа вахана ца Iаш, цуьнан исбаьхьчу хазалле хьажа ваха мегар дара!

Маршо радио: 2005-чу шарахь стадион ян кхайкхийна хилла тендер яьккхинчу Словакера «NFS Consulting” компанино йина иза. Цунах яьлла харж 198 миллион евро барамехь ю. Эзар белхало а, езткъа леррина техника а лелийна стадион еш. Йоккхачу стадионан декъехь ю 5 эзар стагна лерина спортан гIала. СадоIучу меттехь цхьанаметта дIанисвала йиш ю 350 стеган. Цул сов, йоккха ши бассейн, пхи бIе чоь йолу хьешан цIа а ду.
Цигахь цIано ярна дуьхьа вахана ца Iаш, цуьнан исбаьхьчу хазалле хьажа ваха мегар дара!


Стадион схьаелла билгалъяьккхинчу хенахь, карарчу беттан 9-чу дийнахь, йина ца яла а тарлора. Амма, даханчу шеран Лахьана баттахь цуьнга хьажа-хIотта ваханчу Нохчийчоьнан куьйгалхочо ша белхийн эвсараллина реза воций дIахаийтира. Эвсаралла лакхаяьккхира, болх кхаа роже баьккхира. Цуьнца цхьаьна белхалошна хуьлучу чевнийн терахь а стамделира.

Масала, 22 шо кхаьчна хилла жима стаг, лакхара чу а хецавелла велла, белхаш боьлхучу юкъанна. Оцу хьокъехь цхьа комментари а ца йо Iедалша. Стаг валарна таллам а ца бира.

Юьхьанца Кадыров Ахьмад-хьаьжа вийначу Стигалкъекъачу беттан 9-гIaчу дийнахь схьаелла кечъйинера стадион. Амма оцу дийнахь Москохахь Толаман Де даздечу муьрехь тоъал хьеший богIур бац аьлла, 11 денна тIаьхьатеттира.

2018-чу шарахь Оьрсийчоьно тIелоцур йолчу Дуьненан футболан чемпионатехь дIахьур йолчу матчийн цхьа дакъа Соьлжа-гIалахь дIадахьаре сатуьйсу республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. ХIинцале дуьйна цуьнан цIе гIараяккха гIерташ, дуьненна а бевза футболах ловзархой кхойкху цо. Амма царна уггаре а чIогIа ган лууш хилла Францера футболан ветеран Зидан Зинедин реза ца хилла Нохчийчу ваха. Ша цига воьду боху Нохчийчура Iедалан сайта тIехь хилла хаам харц бира цо шен доларчу вебсайта тIехь.

Керла стадион схьайоьллуш мачт дIахьур ю дуьненахь бевзачу футболах ловзархоша а, Оьрсийчоьн Iедалан Къилбаседа Кавказан Федералан гонехь леррина векал волу Хлопонин Александр коьртехь а волуш, Кавказ цIе тиллинчу тобано а.

Оцу юкъанна, бакъонашларъярхойн хьесапехь, деккъа цхьана кIирнахь Къилбаседа Кавказехь вийна 28 стаг. Царах 23 стаг, Iедалийн хьесапехь, тIемало вара. Вийна волу важа пхиъ, бакъонийн органийн векалш бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG