ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кусайте Эгле Юха а Чуйоьллина


Летува - Кусайте Эгле, Нохчийчохь ша шех эккхийта гIертарна бехке еш ю Литувин яхархо
Летува - Кусайте Эгле, Нохчийчохь ша шех эккхийта гIертарна бехке еш ю Литувин яхархо

2009-чу шеран ГIадужучу баттахь Летуван Пачхьалкхан Департаментан векалша Москох йоьдучехь пачхьалкхан дозанехь лаьцнера 19 шо долу Кусайте Эгле. Интернетехула тасаделла гергарло чIагIдан, Москох бехаш хиллачу МагмадовгIар - Iайшат а, Апти а волче йоьдуш, цхьана агIора бен ца эцначу билетах а хьовзам белира. Шайн агIора, оьрсийн ФСБено нохчийн йиший, ваший лецира 2010-чу шеран Дечкен баттахь. Шина пачхьалкхан кхерамазаллин ницкъаша кегийчу нахе кхийдош болу бехкаш, террораца боьзна бу.



Оханан беттан 21-чу дийнахь Вильнюс Гонан Кхело рогIера сацам бира, Летувин яхархо 22 шо долу Кусайте Эгле чуйолла. Цунна бехке диллира, Москох лаьцна латточу СайдулаевгIеран Iайшатан а, Аптин а ненаца Тамарица юкъаметтигаш латтор а, хьалха хиллачу прокуроран Лаучюс Юстасан мобилан телефонна тIе, кхерамаш туьйссуш, кост дахьийтина хилар а. Прокуроран Дуда Миндаугасан хьесапехь, оцу кепара, талламана тIеIаткъам бора Эглес.
Бусулба дин тIеэцначу Эглен гIуллакх тIаьхь-тIаьхьа чолхе долуш а, ма-дарра аьлча, дикка кхеташ а дац. Эглен адвоката Кестутис Стунгиса бахарехь, Летувин Iедалша цуьнан клиенте кхийдош долу бехкаш терроризмаца доьзна ду.

Кестутис: Терроран акт ян Iалашонца терроран тоба кхолла гIерташ хиларна бехке еш ю иза. Оцу тобанехь белхаш бина боху цо а, Москох чохь латточу МагмадовгIара - Iайшата а, Аптис а. Шаа Эглес, ша хIумма а ца кхоьллинера боху. Цхьа а, цара буьйцучу белхийн дакъа а ца хилла. Бусулба нахаца МагмадовгIарца дика юкъаметтигаш латтон гIерташ яра иза. Бусулба дин тIеэцна ма ю Эгле. Цара шаьш долче хьошалгIа а кхайкхина, Москох йоьдуш яра иза. Тхан Пачхьалкхан Кхерамазаллин Департаментера а, ФСБера а фантазераша адамаллин, гергарчу юкъаметтигех зулам дира.

Маршо радио: ГIуллакхах дикка кхетийта иза стенна тIера, муха доладелира, юьхьанцара дуьйна дийца деза. Эгле чуйоллале жимма хьалха, Маршо радионо телефонехула къамел дира Эглеца а, цуьнан ненайишица Еленяускайте Иреница а. Царшимма дийцарехь, Эгле кхуьуш йогIуш дуьйна доладелла и ша дерриг а.

Къайлахчу Ницкъийн бIаьрган Iуналлехь

13 шо долуш школехь нохчийн йиший-ваший девзинчул тIаьхьа бусулба дин марз а делла тIеэцнера Кусайте Эглес. Цо дийцарехь, ислама кхийдош болу некъ – Дела цхьаъ хилар, ден-ненан а, берийн а дика юкъаметтигаш хилар а, кхин долу хIума а тайнера кхиазхо хиллачу йоIана.
Летуве ВСДехула, цуьнан цхьана векалан гIоьнца деана нохчийн ши бер. Цуьнан цIе Баранаускас Арнолдас ю. Суна тIаьхьуо хиира, цо оцу берех пайда эцнийла

Эглес дийцарехь и нохчийн къомаха долу ши бер Летувин ВСД урхаллин векало Баранаускас Арнолдаса далийнера Литуве.

Эгле: Суна хетарехь, Летуве ВСДехула, цуьнан цхьана векалан гIоьнца деана и ши бер. Цуьнан цIе Баранаускас Арнолдас ю. Суна тIаьхьуо хиира, цо оцу берех пайда эцнийла. Бакъо йоццушехь, со гал ца яьллехь, Нохчийчура къайлаха далийна цо и шиъ 2004-чу шарахь. Шех дозучу хьоле хIоттийнера цо бераш. Шайн да-нана дац бохуш дийцара царшимма. И шиъ бахьанехь дезаделлера суна ислам. СайдулаевгIар - Iели а, Тоита а яра цершиннан цIераш. Ткъа МагмадовгIарца ерг кхин истори ю. Уьш интернетехь бевзина бу суна.

Маршо радио: Летувин Къайлахчу сервисийн векало Баранаускас Арнолдаса доладан нохчийн бераш далор тамашийна хIума ду, кхин дацахь. Оцу хьокъехь шен ойла ю Эглен а.

Нохчийчохь еш ерг геноцид ю

Эгле: ХIунда аьлча, Нохчийчохь еш ерг геноцид ю. Цара бакъдан ма деза, шаьш Нохчийчохь низамаш а талхадар а, нохчашна тIехь къизаллаш латтор а. Террорахой лоьхуш бу уьш. Цара уьш стенгахь лоцур бу? Маьршонехьа болу тIом ма бу иза. Цундела цара шаьш кечбо террорахой, берех кечбо. Ишта сох а йира террорахо.

Маршо радио: ХIинца стенгахь ду нохчийн бераш ца хаьа Эглена.

Эгле: Хаац. ХIунда аьлча, ши шо даьлча Iела муджахIедех дIа а кхета, Нохчийчу дIавахана сурт хIоттийра. Суна еххачу хенахь хIумма а ца хаара цунах лаьцна. ТIаккха оцу Баранаускас Арнолдаса суна цуьнан сурт гайтира. Цуьнан дакъа чIогIа эрчадаьккхина дара. Коьртах а, накханна тIехь а яккхий чевнаш яра. Ирча сурт дара. Баранаускаса соьга ша и сурт кавказерчу муджахIедашкара схьаэцна элира. ТIаьхьуо, йоккха хилча со кхийтира, иза ша ФСБешник хиларх. Кхузахь, Литувехь къайлаха набахтеш ю. Террорахой бу бохучу нахах алапаш далийтархьамма, оцу набахтехь цо а, цуьнца цхьанабелхаш бечара а, вийна хила там бу иза.
Нохчийчохь еш ерг геноцид ю. Цара бакъдан ма деза, шаьш Нохчийчохь низамаш а талхадар а, нохчашна тIехь къизаллаш латтор а. Цундела цара шаьш кечбо террорахой, берех кечбо


Маршо радио: Къайлахчу сервисан векалера Летувин Iедалша жоп дехний, кхаба а, доладан а тIелаьцна кIант, тIемалошна юкъа а нисвелла, валарх? Ца хаьа. Цул сов, эвхьаза лела йолаеллачул тIаьхьа, лар йоцуш яйна, Тоита. Хууш дац иза дийна юйла а.

Эгле: Тоита, бер доллушехь суна хетарехь, оьзда йоцуш лела йолаелира. Кхерстара. Суна иза евзинчу хенахь сан 13 шо дара. Баранаускас вара и ша дерриг лелош верг. Шега иза сеца ца ло бохура цо, амма, цунна иза марздинарг иза ша вара. Божаршца лела йолаелира Тоита. Модел хила йоллу ша бохура. Цхьа чIогIа оьзда доцу сурташ гайтара суна. Баранаускас Арнолдаса иза йоьхкиний те моьттуш ю со. Тхан кхузахь цхьа доккха дов даьллера, педофилашна тIехула. Иштта Тоита а йоьхкина хир ю Баранаускаса. Суна цу хенахь ша Тоита лела моттара эвхьаза. ХIинца со кхета цунах.

Маршо радио: Оццу хенахь, бусулба дине яьлла Эгле шена гонаха а, интернетехь а гергарлонаш лаха йолаеллера. Шен агIора, оццу Баранаускаса, Летувин къайлахчу сервисан белхахочо контакташ лора Эглена. ТIаьхьуо бен ца кхеттера Эгле, ша, Террораца Къийса Кхоьллинчу Урхалло а, къайлахчу ницкъаша а гуране лаьцна хилла хиларх.

Бусулба нехан интернет-форумашкахь а маьждигашкахь а бу къайлахчу ницкъийн векалш

Эгле: Интернетехь тIехьаьвсина ца Iаш, оцу Баранаускас Арнолдаса ша тайп-тайпана контакташ лора суна. Амма Магомадова Iайшат суна сайна евзина ю. Баташева а, Изабелла санна, нохчи ца хилла йолу, Арнолдаса йовзийтина яра суна. Германе яха а цо новкъа яьккхинера со. Интернетехь хьуна кIелхевшина ца Iаш, маьждигехь а бу уьш. Цига воьдуш, цкъа а ца хаьа хьуна, дуьхьала мила кхетар ву. Цигахь цхьа хафиз вара суна дола дан лууш. Мерьюс Садаус вара кхин цхьаъ, суна вевзаш хилла бусулба стаг. Юха гучуделира, иза бусулба муххале а ца хиллий. Террорана дуьхьала кхоьллинчу декъан хьаьким хиллийла - Стаситис Сигитас.

Маршо радио: Амма, Эглена иза гучудалале, ехха хан ер ю.
Ша лелорг мелла а бакъдолчух тардан а, Эгле, шен гергарчарна уллера дIа а яьккхина, цуьнца бен болх аттачу баккха а Iалашонца, Германе цхьа нохчи зуда йолче хьажийнера Летувин Къайлахчу Сервисан белхахочо Бразаускас Арнолдаса. Амма и зуда нохчи ца хиллера.

Эгле: Оцу Баранаускас Арнолдаса со Германе хьажийнера. Цхьа зуда, Баташева Iайшат йовзийтинера цо суна. Юха гучуделира иза а нохчи йоцийла. Цуьнан полшин паспорт а дара Изабел цIе йолуш. И Изабела а яра, Баранаускас Арнолдас санна, цхьана къайлахчу сервисашна болх беш. Шуьйра уьйраш ю церан. Германера со цIаеъча я Баранаускасах, я оцу нохчийн берех а, Тоитех хIумма а хууш дацара, хи чу кхоьссинчу санна байнера уьш.

Маршо радио: Цкъачунна, цхьа а къасто хьаьжначух тера дац СайдулаевгIар фамили йолу ши бер Бразауска Арнолдасца 2004-чу шарахь Летуве кхачаран хьелаш. И шиъ схьадаьлла билггал йолу меттиг а, муьлхачу тайпанара дара а дац хууш. Нохчийн тайпанаш ца довзаро тешнабехк бина, Летувин къайлахчу сервисо еххачу хенахь дIаяьхьначу операцина а.

СинIаткъам бечу молханех пайда эцар

Эгле: Цу тайпана хIуманца йоьзна кхин цхьа истори а ю. Iелас а, Тоитас а, шаьшшиъ Устради-эвлара а, Соьлжа-гIалара а ду бахара. Церан тайпанах лаьцна дага ца догIу суна.
Тайпа къастош, лерринчу сервисана болх беш хиллачу цхьана зудчуьнца юкъаметтигаш хилла сан. Ша нохчо ю аьллера цо - Лина Амина Сирин. Хьо муьлхачу тайпанара ю аьлла, аса хаьттича, цуьнан ала хIума ца хилира. Иза хIун ду а ца хаара цунна. "Тайпа бохург хIун ду?" – аьлла, хаьттира цо. Со кхийтира тIаккха. Цунна нохчийн мотт а ца хаара.

Оцу Изабеллас синна Iаткъам бен молханаш лелийра суна тIехь. ЧIогIа вуочу хьолехь цIайирзира со. Кхузахь, Летувехь а, ВСД векалша шайн караэцна хиллера со. ЧIогIа-чIогIа дукха шайн векалш суна гонаха баьхна хиллера цара - бусулба нах а, нохчий а санна. Дукха хьолахь, нохчий санна. И къам сийсазадан, бехдан лууш бара уьш. Оцу нахаца нохчех цхьа хIума дацара. Лина Амина Сирин, нохчи ю боху зуда, сан квартире соьца яха охьахаийра. Iен меттиг йоцу, миска, гергарнаш боцу нохчо санна йийцинера соьга. Со тешара, нохчех тера догIу юьхь-сибат дара цуьнан. Жим-жима, жим-жима цуьнца къамеле елира со. Нохчийн маттахь къамел дахьара аьлла а, дийхира цуьнга. Аьттехьа а хууш бацара, цуьнан ненан хила беза мотт. Ша муьлхачу тайпанара ю дийца цунна ца хиъча, иза мила ю со кхийтира.


Амма цо ламаз дора, дино тIедуьллуш дерг кхочушдора. Хууш ма-хиллара, оцу лерринчу сервисаш - Литувера а, оьрсийчара а, синIаткъам беш долу молханаш леладо. Хаза нехан санна, суна тIехь а лелийра. Юучуьнца а, чайца а леладо. Хаалац уьш.
Аса тидам бан болийра, сан месаш охьаэга юьйлаелча. ЧIогIа корта лазара. Хала дара дагатаса оцу Лина Аминас суна дIовш даош хилар. ЯахIума йора цо, амма ша чIогIа кIезиг яара. Аса юууш ерг цо ца яара. Масала, мерза хIуманаш. Торташ йора цо. Амма цо торт цкъа а ца яара. Сайн гIуллакхах лаьцна документаш доьшуш со тIаьхаькхиира, иза цкъа а бусулба хилла ца хиларх. Террорана дуьхьала йолчу урхаллин декъан векал ю иза.

Маршо радио: Оцу юккъешхула, Эглена хетарехь, шена тIехIоттийначу Iуналло кховдийна доцу, нохчийн кегийрахошца гергарло тасаделлера цуьнан интернетехь.

Эгле: Форумехь евзина ю со а, Магомадова Iайшат а. Тайп-тайпана хIуманаш дийцара оха вовше. 4 шо делира ишта. Иза йолче Москох хьошалгIа яха сацам бира аса. Новкъа яьлча ВСДено лецира со. Со тIехь хилла автобус саца а йина, чу а бевлла, аса наркотикаш хьуш ю аьлла, охьайоссийра. Юха цхьана гIишло чу а йигина, соьгахь хилла хIуманаш дIаяьхьира. Цу хенахь дуьйна 9 бутт баьккхира аса чуйоьллинчехь.

Летувин Къайлахчу Ницкъийн План Йохар

Маршо радио: Тоххара кечдина хилла гIуллакх, дика схьадогIуш дара. Диснарг, цхьа кIезиг хIума бен дацара. Эгле а, цуьнца доьзна Москохара нохчийн йиший ваший, террорахойн тобанах а тоьхна, царна яккхий хенаш а тухуш, чекхдала дезаш дара. Ткъа Оьрсийчура а, Литувера а къайлаха ницкъийн белхахой – даржашкахь лакхабохуш, ахчан совгIаташ луш, пачхьалкхийн куьйгалхоша хаста беш, тIадам хIоттон безара. Делахь а, бехк-такхаман гIуллакх таллар, тийсадала доладелира. Эххар а кхетта Эгле, кхиазхо йолуш дуьйна хаьрчина уьйриг баста хIоьттира.

Эгле: Иза церан операци яра, сох террорахо ян уьш гIерта дукха хан хиллера. Нохчийн берашна Iуналла дечуха лелла волу Баранаускас Арнолдас вевзичхьана дуьйна, доладелла хIума дара иза. ВСДен белхахо вара и Баранаускас. Тоитин 14 шо, Iелин 16 шо дара суна и шиъ девзинчу хенахь. Йиший, ваший дарий и шиъ. ВСДен белхахо вар-кха царшинна Iуналла деш верг. И волчехь дехаш дара и шиъ а. Сан цу хенахь 13 шо дара, иштта хила а деза моттара суна. Юьхьанцара, ша церан деваша ву аьллера Баранаускаса. Юха суна хиира иза аьттехьа а нохчи воций. Царшинна дола деш вара иза. Летувин къомаха стаг ву иза.
Иза церан операци яра, сох террорахо ян уьш гIерта дукха хан хиллера. Нохчийн берашна Iуналла дечуха лелла волу Баранаускас Арнолдас вевзичхьана дуьйна, доладелла хIума дара иза


Маршо радио: 2001-чу шарахь, Цхьанатоьхначу Штаташкахь терроран тIелатарш дича, Iамерко дуьненаюкъарчу террораца кхайкхийначу къийсамах кхийтира, хIетале, Нохчийчоь цIийх юьзна йолу Оьрсийчоь. Адамаллина дуьхьала деш хилла зуламаш дуьйцучура дIадехира. Адамийн паргIато гатъеш йолу, цхьа моггIа низамаш тIеийцира Оьрсийчохь а, Iамеркехь а. Адам Iадийнера. Дагахь а ца хилла шуьйра аьттонаш а, ахчанаш, догIа санна, тIедилхира кхерамазаллица йоьзначу структурашна.
Эглес дийцарехь, церан пачхаьлкхехь тIепаза бовш бу кегий нах. Кхечу пачхьалкхашкахь террораца къуьйсучу ницкъийн хуьлчу аьттонех хьегаш болчу, шайн къайлахчу ницкъийн лар го цунна цигахь.

Эгле: Царна чIогIа даккхий ахчанаш кхочу цунах. Билггал дага ца догIу суна, амма, шарахь 50 миллион доллар барамехь ду бохуш хезна.
Сан тидам хилла, Летувехь чIогIа дукха кегий нах тIепаза бовш хиларна. Со хьалха Iийначу петаре дуккха а богIура летуваш а, Iаьрби а. Юха тIап-олий, бовра уьш. Кхин царах лаьцна хIумма а ца хазара суна. Дукха хан йоццуш, цхьа йоI а яйна кхузахь. Интернетехь туркочуьнца юкъаметтигаш латтош хилла иза. Турко хилла хир вац иза, къайлахчу сервисан векал хилла хир ву. ХIунда аьлча, царна ахча ло терроризмаца къийса. Ткъа террорахой бац. ТIаккха цара бо уьш.

Маршо радио: Ца бабелларш, хьекъална телхина олий, клиникин чу бухку.

Эгле: Цигахь мехий деттара суна. Син-паргIато а, еш йолу ойланаш а хийцалора сан. Со шина талламах чекхяьккхина, коьртаца могуш боцчу нехан клинике чуйолла гIерташ. Цунах гIуллакх ца хилира. Со могуш ю аьлла сацам бира. ТIаккха молханаш детта буьйлабелира суна, соьга сайна тIе доцург кхоллийта. Амма ницкъ а бина, нохчийн кегийчу нахана дуьхьала тоьшаллаш дехира соьгара. Шайн иза чекхдер ду моьттуш бара уьш. Амма, цу гIуллакхо гIовгIа яьккхича, жимма юхауьйзира. Соьгахьа гIо даха буьйлабелира бакъо еза нах. ТIаккха прокурораш кхин агIо лелон буьйлабелира.

Маршо радио: 2009-чу шеран ГIадужу баттахь лаьцна Эгле, 2010-чу шеран Марсхьокху баттахь бен араялийтина яц набахтера. Ницкъ, Европан Бертан декъашхо йолчу пачхьалкхан набахтехь, хьалхарчу дийнахь дуьйна бан болийнера.

Летуверчу набахтехь ницкъ бар

Эгле: Со дIалаьцначу хьалхарчу дийнахь йиттира суна. Стенга етта а ца хьовсара - коьртах а цхьана еттара. Муо цу хенахь бисина бу сан. Амма иза ца гучуха лелара уьш. Антитерроран декъан хьаьким Нарейка Дениусана хиънера суна етташ юйла. Йистина, чевнаш йина сан батт гуш лаьтташехь, сан нене суна хIумма а ца хилла, аьллера цо. Кийтарлонаш еллачу полицин векалш а аьлла хиллера, шайна хIумма а ца гина.
Со чохь латточу камерин чу а баьхкина, еттара. "Йоьдуш ярий хьо? ДIа ма ца кхечи. Оха хьо Москох дIахьажийча гур ду хьуна, цигахь, хьуна дан деззарг, дийр ду" бехира. Масех де даьккхира аса ишта. Юха со ган цхьаъ веана элира. Чоьхьаяьлча, сайна Мериус Садаус цIарца вевзаш хилла стаг гира суна. Боккъал а йолу цуьнан цIе Стаситис Сигитас ю.

Маршо радио: Москох хоттуш долу дов, Эглен гIуллакхца доьзна ду. Амма иза цхьанатоха бахарх, гIуллакх хуьлуш дац, Эглен адвокатан Кестутисан.

Стунгис: Аса дуьххьара дIа дуьйна а аьллера, гIуллакхца мел доьзна хIума - Кусайтен а, МагмадовгIеран а гIуллакх вовшаца доьзна делахь, кхелехь цхьаний къасто деза аьлла. Тхан кхел дIаяхьаран низамаша магош ду оцу кепара цхьанатохар. Суна хетарехь, кхело къобалдан дезаш дара и тайпа дехар. Амма, халахеташ делахь а, цунна цхьа а бахьана дац аьлла, жоп делира суна. Суна хетарехь, низамо ма-баххара, дIахьуш кхел яц иза. Прокурор бехк-такхаман низамашца лелаш вац. ТIаккха телефоне ладогIа а, электронан почте хьажа а бакъо яла йиш ю. Цундела, кхел дIаяхьарна тIеаткъам бина, Эгле чохь латтаяйта санна болу.
Низамо ма-боххура, дIахьуш кхел яц иза. Прокурор бехк-такхаман низамашца лелаш вац. ТIаккха телефоне ладогIа а, электронан почте хьажа а бакъо яла йиш ю

Тахана хиллачу кхелан кхеташонехь оха цунна тIе тидам бахийтира, Эгле Москох яха гIерташ яра бохуш, гулдина а, кхелана хьалха дехкина тоьшаллаш бакъ дац. Амма, жоьпалла долуш стаг ю Эгле. МагмадовгIарна сагаттадо цо, ша даггара дийцина хIуманаш, зуламийн кепе а даьккхина, харцдаккхарна.

Маршо радио: Шек ву, оьрсийн прокуратуро а, и гIуллакх цхьанатухур ду бохучух, МагмадовгIеран адвокат Хадисов Муса а.

Муса: Тухур дац цара иза цхьана. Вовшахтоьхчи-м гуттар а дика дара иза. ТIаккха кхачамболуш а хир дара иза. Вовше дуьхь-духьала а хир бара уьш. Вайн пачхьалкхехь болчара иза дийр дац.

"Тхан леррина сервисаш ахчанах болх беш ю"

Маршо радио: Кусайте Эглес латкъам а бина, кхин цхьа кхелан гIуллакх а долийна, цунна тIехь ницкъ барца доьзна долу. Амма гуш лаьтташехь, зудберана тIехь йинчу къизаллашна далош долу тоьшаллаш харцдо прокуратуро. Эгле тешна ю, Летувин прокуратура а, лерринчу ницкъашца цхьанаболх беш хиларх.
Дукха ахчанаш дайина шина а пачхалкхан къайлахчу ницкъаша, хIара гIуллакх террораца дуза гIерташ. Еленяускайте Ирена, Эглен ненайиша кхеташ ю, шайна дуьхьала яьлларг нуьцкъала система хиларх. Делахь а, дог ца дуьллу цо.

Ирена Еленяускайте: Эглен а, МагомадовгIеран а гIуллакх - ша дерриг а, бух боцуш ду. Цу гIуллакхана юкъаозийна ю иза. Цунах кхетар ду чIогIа маьIне. Пачхьалкхан Лерринчу ницкъаша цуьнан 13 шо долуш дуьйна, цу гIуллакхана юкъаозийна ю иза. ХIокху Литувехь, еккъа цхьа Эгле хилла ца Iа цу кепара юкъаозийна. Тхан тIаьххьарчу хьесапехь 12 лерринчу сервисан векало болх беш хилла цунна тIехь. Къамелаш бен дац бераша динарш - тIамах а, къийсамах а лаьцна. Нохчий ду шаьш бохуш, интернетехь берашца дIаса кехаташ яздина оцу сервисан векалша. ЧIогIа кхераме гIуллакх ма ду иза.
Цкъа мацца а, оха и истори, ша ерриг а, ма ярра, юьйцур ю. ДогцIенчу наха гIо до тхуна, чIогIа боьха, кхераме гIуллакх ду иза. Массо а кхеташ бу и гIуллакх Нохчийоьнна дуьхьала даьккхина ца Iаш, Летувина а дуьхьала а даьккхина хиларх. Цул сов, Летувин адамашна дуьхьала, ур-атталла, берашна дуьхьала дина зулам ду иза. 13 шо бен ма дацара цу йоьIан иза доладелча. Тхан леррина сервисаш ахчанах болх беш ю. Кхин цуннна бахьана ца карадо суна.

Маршо радио: ТIаьхьарчу хенахь заманан билгало хилла, пачхьалкхаша адамийн бакъонаш талхор. Нах кхерийна бу, къаьсттина, дов Iедалца делахь. Ткъа Iедалехь болчарна дика хаьа, террораца хьакхаделлачу хIуманах, хьо къемата а цунах хьакхавелла вацахь а, цIанвала хала дуйла. Къаьсттина, буьззина боцчу а, таро йоцчу а доьзалшна.
XS
SM
MD
LG