ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьра Дахаран Хьелаш: 20 Шо Хьалха а, ХIинца а


Оьрсийчоь - Мехаш десторна дуьхьал гулам. Москох, 2008-г1ачу шеран гуьйре.
Оьрсийчоь - Мехаш десторна дуьхьал гулам. Москох, 2008-г1ачу шеран гуьйре.

Советан пачхьалкх йоьхначул тIаьхьа ткъа шо даьлча а къуьйсу наха: цу заманара дахар дара дика я хIинцалераниг тоьлу. Оьрсийчуьрчу Экономикан Лакхарчу Школан эксперташа шайн таллламаш бина оцу хьокъехь, довзийтина жамIаш а.


Оьрсийчуьра Экономикан Лакхарчу Школан экспертийн хьесапехь 1990-чу а, 2009-чу а шерашкара терахьаш дуьстича, бахархошна пайда баьлла реформех. Шозза ала мегар долуш лакхадаьлла хIума эцар. Амма нехан таронаш лакха муха евлла бохучу хаттарна жоп лаха воьлча, цхьа башха сурт кхоллало боху Экономикан Лакхарчу Школан эксперташа.

Эзар стага оьцучу телевизионийн терахь кхузза лакхадаьлла. Къаьркъан бараме даьккхича Советан заманахь, юкъарчу алапах ах литрах долу 33 шиший бен ца эцалора, ткъа хIинца 171 шиша эцало боху эксперташа.

Оьрсийчохь хIума яйъяларан лидер лору цара къаьркъа. Иштта, тонка эца а, машенаш эца а болу аьттонаш бу, хьалхалерчуьнца дуьстича, лакхара. Оцу талламийн хьесапехь аьлча, малий, тонка озий, машен хахкий дуккха а дораха хилла.

Оццу хенахь юург эца таро а лакхаяьлла Оьрсийчохь. Бахархоша шаьш алсам кхиабо стоьмаш а, хасстоьмаш а, боху эксперташа. Делахь а, оьрсаша кхача баланс а йоцуш буу, царна хетарехь. Хьалха а яцара, я 2000-гIа шо чекхдолуш а яцара дааран баланс ларъеш. Жижиг а, хасстоьмаш а эцар алсамдаьлла, амма наха лахдина я сацийна картол, бепиг, шекар а эцар.

Оццу хенахь, кIезиг чIара буу. Вуьшта, могашаллина пайде хуьлчу агIор хIума юуш бу нах, реформаш юьйлаяле хиллачу суьрте хьаьжча.
Делахь а, боху талламан авторша, доьзалийн бюджетна доккха зе до хIусамийн хьаштех бохучу мехаша. Иштта, лакхадевлла юкъара лелачу транспортан мехаш .

Кино а, театре а вахар, курортехь садаIар а шозза лахделла. Иштта, наха шаьш еш йолу харжаш кхечу кепехь екъна. Кхачанна дойъуш хилла ахча цхьа жимма лахдина. Эксперташа тидаме дуьллу 90-чу шерашкахь доьзало шен бюджетан 52 процент ахча юучу хIуманна дайъина хилар. Кхечу сурсаташна ен харжаш лахъелла, чукхоьхьу импорт бухахь долчу сурсател а дораха хиларна.

Дешарх лаьцна аьлча, рапортан авторийн хьесапехь, советан заманахь школашкахь хилла дешаран система тоьллачех ца хиллехь а, вуочех а яцара. Амма ткъа шарахь дIаяьхьначу реформаша талхийна иза. Язъелла лакхара школаш. ХIетте а, оьрсаша ахчанаш ца кхоадо дешарна. Цуьнан бахьана еккъа экономикан стимулашца дузу эксперташа.

Лакхара дешар сел лоруш хилар дузу балхахь волчу стагана и дешар бахьанехь алапа алсам луш хиларца . ХIокху ткъа шарахь кхузза лакхабаьлла цуьнан барам.
Оьрсийчоь -- Советан пачхьалкхан байракх, Ленинан хlолламана уллехь

Могашалла ларъяр, къамел а доцуш, Советан заманахь кхачамболлуш дара. Лакхарчу Экономикан Школин хьесапехь , 2006-чу шарахь могашалла Iалашъярна дойуш хилла ахчанаш 1994-чу шеран барамехь дара. Ткъа 1990-чу шарера 2008-гIа шо кхаччалц йолчу юкъанна нехан цомгуш хилар 45 проценте кхечира. Иштта, ткъа шо хьалха дешарна а, могашаллина а бюджете диллина ахча 2009-чу шарахь диллинчул а 7 процент алсам дара, билгалдоккху эксперташа.

Хууш ма-хиллара, советан заманахь вуно хала дара петарш я хIусамаш эца. Рапорто дийцарехь, и сурт кхин башха чIогIа ца хийцаделла. Делахь а, чохь Iен хIусам йолчу оьрсийн терахь 40 процентана лакхадаьлла. Иза а бахархойн терахь лахдаларца а, ипотека эца таро хиларца а дузу эксперташа.

Советан заман политика массо а бахархой цхьатерра баха ховшорна тIехьажийна яра. Цо экономика кхион новкъарло йора аьлла хета эксперташна. Амма кхин а эшна хьал дара экономика маркете йолучу заманахь, бахархошна юкъа херо йоьллера. Венгрехьчул а бархIазза, Чехехьчул а пхоьазза сиха хилира иза , боху эксперташа.

Юкъаралла сел инзаре екъаран бахьана приватизаци хилира, билгалдоккху рапортан авторша. Амма цара цу т1ехь шаьш могIара нах бехке бо, приватизацино лучу аьттонех пайда эца хьекъал ца тоьънера, бохуш. 1990-чу шерашкахь кIезиг нах кхетара Москохара петарш а, Рублевское шоссеца долчу латтанаш а, дуьненна тIехь уггар а дукха маьIданаш долчу меттигашна тIехьожучу компанийн дакъош а т1ех деза хиларх.

Социалан нийсо ца хьехийча, макроэкономикехь дерриге а нийса дара ,боху рапортан авторша.

Доцца аьлча, цхьана агIор цара хестайо Советан зама: нах меца а бацара, иштта д1а луш петарш а яра, мах а ца боккхуш могашалла а Iалашъйора, дешар а дара, хIумма а вон а доцуш. Цул совнаха, белхан меттигаш а яра. Амма чохь мел оьшучу хIуман дефицит латтара. Советан пачхьалкхехь еш ерг вуно ледара яра. Цундела, мел хала делахь а, хIинца го сурт мелла а дика ду, къастадо Оьрсийчуьрчу Экономикан Лакхарчу Школан экспертийн рапорто.
XS
SM
MD
LG