ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Акунин Борис: ОвхIанера ТIом Оьрсийн Исбаьхьаллехь


Оьрсийчоь - Акунин Борис, Mоскох, 2008 шо
Оьрсийчоь - Акунин Борис, Mоскох, 2008 шо

Акунин Борис, Оьрсийчуьра уггар а вевзачех, детективаш язъечу яздархойх ву. Цуьнан коьрта турпалхочо Фандорин Эраста шортта совгIаташ даьхна. Махкал чоьхьа а, арахьа а болчу критикаша лакхара мах а хадийна. Маршо радион Пакистанан сервисо къамел дина яздархочуьнца Акунинца, Советан пачхьалкхо ОвхIан махкана бинчу тIеIаткъамах а, коммунизм йоьхча, цо оьрсийн литературехь бинчу хийцамех а лаьцна.


Маршо радио: Советан пачхьалкх ОвхIан чуяхна Iийна еххачу хенахь. ОвхIанерчу тIамо цхьа а тIеIаткъам бина аьлла хетий хьуна оьрсийн литературана?

Акунин Борис: Бина дера. Еккъа литературехь бина а ца Iаш, пачхьалкхан шадолчу дахарна а бина. Советан пачхьалкх йохийначу коьрта гIулчех цхьаъ яра иза. Цундела цо вуно боккха мо битина Советан къаьмнийн менталитетна тIехь. Оцу лазамечу хиламах лаьцна дукха белхаш бу бакъдолчунна тIехь язбина а, исбаьхьаллин литературехь а. Яьхна кинош а.

Маршо радио: ТIом бийцар муха хуьлура тIаккха?

Акунин Борис: Литературехь а, кинохь а шина тайпа буьйцу оха и тIом. Кино, догIуш ма-хиллара, литературехь санна а доцуш, шуьйрачу юкъараллин хьашташна хьажийна хуьлу. ХIолливудо йоккхучу кепара кинош хуьлу тхан, советан салтий - турпалхой , овхIанан гIаттамхой - вон кIентий санна гойтуш. Амма иза коьрта кеп ю эр дацара ас. Оьрсийчоьнна а, оьрсийн исбаьхьаллина а вуно гIайгIане историн киртиг ю иза. Дуккха а белхаш бу тхан и тIом ша ма-барра буьйцуш – къиза а, боьха а.

Маршо радио: ТIаккха и коммунизм йохаро оьрсийн литературехь хийцамаш бина аьлла хетий хьуна?

Акунин Борис: ХIаъ, хила мел тарлучу кепара бина цо хийцамаш. Уггаре хьалха, литература – исбаьхьаллин литература хIете-вете а, паргIат ю цензурах. Цундела муьлххачу а яздархочун шена луъург яздан йиш ю. ШолгIа, Советан Бертахь цхьа а жайнийн маркет боху хIума ян а яцара.

Плане хIоттийна болх бара иза. Зорба тоха кеч мел деш долу жайна шерашкахь кечдеш дара. Жайна дика дохкалуш хиларх цхьа а хIума хийцалуш дацара. ХIинца тхо капитализман юкъараллехь дехаш ду. Дика дохкалуш долу жайна дика дохкалуш ду. Оццу хенахь, яздархоша юкъараллехь лоцу дакъа а, литературо Оьрсийчоьн юкъараллехь лоцу дакъа а вуно лахарчу тIегIане даьлла.

Советан пачхьалкхехь вуно маьIне стаг вара яздархо. Карарчу хенахь яздархо литература язъеш волу самудаккхархо ву я исбаьхьалча ву, лаккхара хаарш долчу нахана яздеш волу. Ткъа и тайпа нах, хууш ма-хиллара, кIезиг хуьлу.
ХIинца тхо капитализман юкъараллехь дехаш ду. Дика дохкалуш долу жайна дика дохкалуш ду. Оццу хенахь, яздархоша юкъараллехь лоцу дакъа а, литературо Оьрсийчоьн юкъараллехь лоцу дакъа а вуно лахарчу тIегIане даьлла

Маршо радио: Карарчу хенах лаьцна аьлча, детективаш уггаре а йоьшуш йолу жанр ю Оьрсийчохь. ХIун бахьана ду цуьнан?

Акунин Борис: Бахьанаш дуккха а ду. Хьалхарниг, Советан заманахь и жанр маьIне ца хиларца доьзна ду. Оьрсийчоьнан юкъараллина цхьа керла хIума дара иза. ХIунда аьлча, омрашна кIелахь ехачу, ондда цензура йолчу Советан пачхьалкхехь детектив боху хIума хила йоцуш яра. Литературехь-м хIете-вете а. Цундела Советан Бертахь гучуйовлуш хилла детективаш Iовдала лорура.

Полицин векал гуттар а хьекъале вара. Зуламаш деш верг вон стаг вара. Полицин векална юкъараллера гуттар а гIо хуьлура зуламхо лоцуш. Цхьа гIийла хIума дара иза. ХIинца и жанр кхиина. Кхин а, маьIне хIума хIун ду аьлча, таханлерчу дийнахь дукха зуламаш до Оьрсийчохь. Цундела оцу темех кхиа гIерта нах. Царна телевизионехь го иза, газеташкахь цунах лаьцна доьшу цара, иштта, литературехь а цунах лаьцна деша лаам хуьлу церан.

Маршо радио: Ахь яздечу жайнийн коьрта турпалхо ву Фандорин Эраст. Билггал и тайпа стаг хьайн коьрта турпалхо вар хIун бахьана дара? Баккъала а иштта стаг хьуна дуьхьал кхеттий цкъа а?

Акунин Борис: ХIан-хIа, ца гина цкъа а. Суна цуьнан куьцара цхьа а детектив ца вевза, оьрсийн зуламийн исторехь муххале а. Фандорин Эрастан васт кхуллуш ас литературера формула схьаэцна. Иза цхьа жимма Шерлок Холмс а ву, цхьа жимма Джеймс Бонд а ву. Цу тIе, оьрсийн классикан литературера - "ТIом а, Машар а" тIера Болконский Андрейн куьцах цхьа жимма , Булгаковн турпалхочух , Достоевскийн турпалхочух жим-жима схьа а эцна ас. Эццара а, дIогара а схьаоьцуш, и тайпа васт кхолла гIерташ, болх бина ас.

Маршо радио: Оьрсийн а, Малхбузен а детективашна юкъахь хIун башхалла ю? Елахь, уьш муха къастор яра ахь?

Акунин Борис: Вай дуьйцучу къомах доьзна хир ду иза. Башхалла дукха ю кхузахь. Скандинавин детективан феномен ю, британхойниг ю, Iамеркахойниг а, франсхойнг а ю.
Уьш массо а къаьсташ ю. Европан детективан школаца оьрсийниг юьстича, оьрсийн детективаш мелла а тIах-аьлла ю. Дукха хIума хуьлу цигахь.

Европера детективаш мелла а кегийна хуьлу. Кхеташ ду, Малхбузечух къаьсташ ю дахаран жигаралла а. Мелла а паргIат а, цхьана хорше дерзийна а, сингаттам боцуш а, кIезиг цIий Iенош а ду малхбузера дахар.
Европан детективан школаца оьрсийниг юьстича, оьрсийн детективаш мелла а тIах-аьлла ю

Маршо радио: Хьо беккъа оьрсийн мотт хуучарна язъеш ву хьайн жайнаш я дуьненан маркете кхача дагахь ву? Иштта хаттар муха къастон деза яздархоша?

Акунин Борис: Иза авторх доьзна ду. Ас оьрсийн мотт хуучарна яздо, хIунда аьлча, сан церачух терра културин мохь бу. Оха цхьатерра жайнаш дешна бераш долчу заманчохь. Цхьатерра кхетамаш а бу. Цо суна чIогIа гIо до. Оццу хенахь, Японех лаьцна Iилма Iамийна а, цу махках лаьцна дукха хууш а ву со. Цундела ду сан жайнашкахь дуккха а японхойн васташ.

Иштта, ас дуккха а хан яьккхина Францехь. Суна хетарехь цигара нах а, култура а дика евзаш ю суна. Иза ду сан сайн жайнашна юкъа франсхойн васташ детта волаваран бахьана. Сайна дика девза хIума юкъатухуш хазахеташ ву со. Кхечу тайпа цунах гIуллакх хир дац.

Маршо радио: Ахь хьайн бакъйолу Чхарташвили Григорий боху цIе а ца лелош, Акунин Борис боху псевдоним лелоран хIун бахьана ду?

Акунин: ХIунда аьлча, дуккха а шерашкахь сайн бакъйолчу цIарца язъйина ас литература. Сайн жайнаш дешархоша шина жанрашкахь къастадойла лаьа суна, цундела ду иза. Ас тайп-тайпана яздо шина цIарца. Цхьа жайна арахецна ас ший цIе тIехь а йолуш - Чхарташвили Григорий а, Акунин Борис а. Акунина язъйинарш новеллаш ю, Чхарташвилис язъйинарш эссеш ю. Аш и жайна дешахь шуна гур ю и башхаллаш.
XS
SM
MD
LG