ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германехь Политикаш Плагиатна Бехке Бо Кест-Кеста


Германи -- Плагиаталлехь гучуваьлла Цу Гуттенберг емал веш махкахь даржийна сурт, 10Чил2010
Германи -- Плагиаталлехь гучуваьлла Цу Гуттенберг емал веш махкахь даржийна сурт, 10Чил2010

ТΙеман министр Цу Гуттенберг, Ιилманан белхаш язбечу хенахь плагиат ярна бехкала а вахана, балхара дΙавала везчхьана дуьйна дΙатуьйш яц Германехь оцу тайпанарчу зуламашца йоьзна гΙовг1а.



Немцойн юкъараллехь уггаре а дукха вевзаш хилла къона политик Цу Гуттенберг масех бутт хьалха шен даржах вуьйхира.

ТΙебогΙучу рогΙерачу харжамaшкахь массарна а канцлеран дарже кхача мегаш ву аьлла хеташ хилла Цу Гуттенберг балхара дΙаваларан бахьана Оьрсийчохь я Нохчийчохь цхьа а ца тешшал пайда боцуш я беламе хетадала там болуш ду.

Журналисташна гучудаьллера, цо масех шо хьалха Ιилман белхан кандидат вала Ιалашонца язйинчу шен дисертацин массийтта агΙо кхечу Ιилманчийн я журналистийн белхаш тΙера схьаязйина хилар.

И тайпа схьаяздар, хууш ма-хиллара, доллучу дуьненчохь а магош ду, нагахь санна схьаяздинчо шен белхан бухахь, ша муьлхачу хьостанех пайда эцна аьлла, билгал даьккхина делахь. ТΙаккха цунах цитата олу.

Ткъа нагахь санна и хьостанаш билгал а ца дохуш, цхьаммо шен балха тΙехь да ша волуш санна дитинехь, цунах меттигерчу низамашца зуламе гΙуллакх хуьлу, кхечеран интеллектуалан бахамна къола дар.

Цу Гуттенберга ша вицвеллера и хьостанаш билгалдаха, ша оцу муьрехь хΙинца воллу къона доьзалан да а, министр а вара, гΙелваларо дайтина гΙалат дара иза, бохуш, бехказа вала гΙиртира, амма эххар а юкъараллехь кхардам алсам бала боьлча, иза даржера дIавелира, шена ша къола динчаьрга къинтΙерабовлар а доьхуш.

Нехан Хьекъал -- Нехан Бахам

ХΙетахь дΙайолаелла хилла и политикаш гучубахаран тулгΙе хΙинца а тийна яц. Иштта, масала, дукха хан йоццуш Германерчу Маьршачу Демократин Партин цΙарах Европарламентехь депутат йолу Кох-Мерин Сильвана даржера йоха дийзира, цо а шен диссертаци язъеш интеллектуалан къоланаш дина хилар гучу а даьлла.

Ткъа кху деношкахь оццу Маьршачу Демократин Партин декъашхочо Хатцимаркакис Йоргос а шен Ιилманан болх пхоьалгΙачу декъана нахера схьаязбина хилар гучудаьлла.

И Ιилманан болх цо Боннерчу университехь бина хиларна, хΙинца оцу университетан куьйгалле дΙахаийтина оцу тΙехь плагиатах пайда эцна хиллийла. Ша политик хΙинцале а къера хилла, ша шен диссертаци язъеш пайда эцна хилла хьостанаш билгалдаха вицвеллера аьлла.

Аналисташна хетарехь, Европарламентан депутат волу Хатцимаркакисан а кху деношкахь шен даржера дΙавала дезар ду, и юхьΙаьржо бахьана долуш.

Оьрсийчохь Лецанза Буьсу И Тайпа Къуй

Оцу доллучух а кхета хала ду Оьрсийчоьн политикехь лелаш долу гΙиллакхаш девзачарна. Масала, оьрсийн премьер-министр Путин Владимир ву. Цо ша шен дисертаци язъечу хенахь цхьамогΙа интелектуалан къоланаш дина, бохуш, чΙагΙдира Вашингтонерчу Бруклинан институтан талламчаша.

Цара дийцарехь, Путин Владимира шен белхан ткъа агΙонах мел кΙезиг а ялхийтта агΙо Ιамеркерчу профессорийн Кинг Уильяман, Клиланд Девидан „Стратегин план хIоттор а, политика а“ ц1е йолчу артикл тIера схьаязйина хила езаш яра. Амма Оьрсийчохь и бехк цхьаммо а кхин башха тергал а ца беш биссира, Путин и бахьана долуш даржах-м хIетте а ца воьхнера.

Иштта, массарна а хууш ду, Нохчийчоьн куьйгалхо Кадыров Рамзан а шоззза академик вуйла. Цуьнан Iилманан белхийн тема я цо уьш маца язбина бохург дийцаре дан хIуттуш цу махкахь цхьа а вац. Цуьнан бахьана кхеташ а ду.

Нохчийчоьн куьйгаллехь болчу нахана юкъахь а бу цхьамогIа Iилманийн докторш а, кандидаташ а. Масала, Байсултанов Адес экономикан Iилманийн кандидат ву, ткъа дешаран министр Мусаев Анзор техникан Iилманийн кандидат ву, белхан министр Ахмадов Мохьмад экономикан Iилманан кандидат ву.

Уьш хилла а ца Iа. Бакъду, цара шайн Iилманан белхаш дийнахь а, буса а къахоьгуш, Iилманийн кхерах церг туьйсучура ца совцуш, хьацарца а, къинхьегамца а язбина хиларх цхьаннен а шеко яц. Нохчий кхин немцой-х ма баций, плагиат санна долу пайда боцу хIуманаш схьа а лехьош, нах шайн даржашкара бохон!
XS
SM
MD
LG