ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчохь, куьйгалхойн цIерашна тIехьа а лечкъаш, церан аьзнаш тардой я церан гергарчех тар а лой, бозбунчаллаш леладо цхьаццаболчу наха. Иштта хIуманаш Iора доху махкахь кест-кеста. Соьлжа-гIаларчу хьехархойн институтан декан бехке йо, цо, студенташ Iеха а беш, цаьргара ахчанаш дахарна.



ХIокху шарахь дешна бовлуш болчу кегийрхошкара цо итт-итт бIе туьманаш даьхна. Дийцарехь, хьехархочо республикан хьашташна оьшу бохуш лехьийна ахчанаш.

Хала балийца шаьш дешна бевлча, республикан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане деканах лаьцна хаам бина студенташа. Цуьнан мобилан телефонан ноьмар а хиина, цу т1е СМС яхьийтина цара, шайгара ахчанаш доху, аьлла.

Вукхо, шен амалехь, дукха сиха терго йина гIуллакхан. Шега и хаам ма-кхаьччинехь, вице-премьер Тумхаджиев Iиса тIе а кхайкхина, цунна тIедожийна оцу гIуллакхан таллам бар. Меттигерчу телевизионехь а гайтира Кадыров Рамзанан къамелан кийсак.

Кадыровн цIе а йохуш, цхьацца бозбунчаллийца шайн гIуллакхаш дан гIертарш дуьххьара бовлуш бац
"СМС-ка яийтина, пединститутера выпускникаш бу. Шайн декан Муцаева Яха ю. Шайгара цо, массо а выпускникашкара, итт-итт бIе туьма деза фондана, бохуш, ахчанаш даьхна, аьлла. И зуда схьаялийна ю. Цо ша и ахча баккъала а лахьийна а боху. Иза республика меттахIотторхьама лахьийна шаьш, боху.

Тахана чоьхьарчу гIуллакхийн министр а, дешаран министр а, кхуьй а ректор а, шаберш вовшах а тохий, таллам бе. Нагахь санна студенташа а, выпускникаша а ахча делла-кх фондана республика меттахIотто, иза талла деза. Вай мелхо а гIо дан дезаш ду студенташна.

Ахь даьккхирий ахча фондана? -- Фондана ца даьккхира, республика меттах1отто, аьлла, даьккхира. -- Хьан даккха аьлла иза? -- Оха массара а даьккхина иза, боху цо. -- Массангара даьккхина ахь иза? -- 43 студентера даьккхина. …Оцу ахчанах хIун меттахIотталур ду? Шен кисана даьккхина цо иза. Муьлхачу штабана тIеяхна иза?.."

Кадыровн цIе а йохуш, цхьацца бозбунчаллийца шайн гIуллакхаш дан гIертарш дуьххьара бовлуш бац. Iедалан балхарчу цхьаболчу наха аьрзанаш дора, шайн хIора алапана тIера ахчанаш кассехь дуьтуш ду, бохуш. И гIуллакх а, схьахетарехь, хууш долчух тера дац республикан куьйгалхочунна.

Тахана, схьахетарехь, Нохчийчохь студенташ бу шайна тIехь е харцо ловр йоцчех.
Дукха хан йоццуш, Кадыров Рамзанан йиша Зарган ю ша, аьлла, Шелковски кIоштарчу полицин хьаькаме телефон а тоьхна, цуьнга шен куьйга кIелара цхьа белхахо дIаваккхар дехна цхьана зудчо. И гIуллакх талла долийча гучудаьлла, шеца къаьстинчу майрачунна цу тайпа хIуьттаре еш меттигера яхархо хиллийла. И зуда а гайтира меттигерчу телевизионехь. Цо доллучух а мукIарло дира, корта а хьевзина дина хIума дара ша иза, бохуш, бехказа юьйлура зуда.

Жимма хьалхо Кадыров Рамзанан озаца къамел деш волу ши-кхо стаг а лаьцнера. Цара а, цхьацца Iедалан куьйгалхошка телефонаш а етташ, ахчанаш даьхнера, шайна белхан меттигаш а нисйинера.

Тахана, схьахетарехь, Нохчийчохь студенташ бу шайна тIехь е харцо ловр йоцчех. Масех де хьалха цара университетна хьалхахь дуьхьалонан акци дIаяьхьира, хинйолчу экзаменийн кеп хийца мега, аьлла, шайна хезча. «Ректора, ректора» -- бохуш, маьхьарий а диттина, проректор чуьра ара а ваьккхина, цуьнга майрра къамел дира цара, шайна хетарг парггIат дIа а олуш. Экзаменийн кеп ца хуьйцуш йитира оцу бахьанийца.

Нохчийчохь тахана нах Iехорах луьра жоп доьхуш делахь а, оцу кепара атта ахча доккху нах кхачош бац. Масал а ца хуьлу царна шаьш санначарна махкахь деш лаьтта таIзарш.
XS
SM
MD
LG