ТIекхочийла долу линкаш

ЦIергара Нах Арабаьхна Жимачу Лоьро


ДIеношкахь Соьлжа-гIалин йистехь Iуьллучу 12-гIа участок шех олучу юьртахь, нехан цIа чохь цIе а яьлла, боккха бохам беанера. Оцу цIарах велла 4 стаг: кхо беррий, церан наний. ЦIеяларан бахьанаш цкъачуьнна къастийна дац, схьахетарехь, иза тоькан серий а лаьлла, цунах яьлла хила тарло. ЦIеяйъархой а, лоьраш а дукха сиха тIекхаьчна оцу меттиге, делахь а аьтто ца баьлла берриг доьзал кIелхьарабаккха.



Турпалхочуьнгара долу хьуьнар гайтина цигахь лоьрийн гIоьн машенахь еъначу къоначу лоьро Яхиханова Хедас. 24 шо долчу йоIа, шаьш цига дIакхаьчча, цIа чу а иккхина, цу чуьра араваьккхина кхо стаг: ши беррий, церан дай. Маршо Радиона ша еллачу интервьюхь Хедас дийцира нисделлачух лаьцна.

Яхиханова Хеда: Со гIоьнна кхайкхинера. ДIакхаьчча, цIа чохь цхьа а адам дац, элира. Иза а аьлла, лаьтташ дара тхо. ЦIа чу хи детташ цIейойъурш бара, цIе дIа ца яйъалуш. Суна чуьра мохь хезира. ЦIа чу ваха кечлуш вара цхьа цIеяйъархо. Со цIа чу яхара, чохь кIур бара, гуш хIума дацара.

Дуьххьара берийн чоьнера шолгIачу шаре яьлла йо1 араяккхийтира ас цIеяйъархочуьнга. Юха а чу яхара. Кхечу чохь оцу берийн да карийра суна, ши шой пхи буттий кхаьчна бер а карийра. Кхин цхьаъ а дийна дара, амма тилар чохь дацара.

Уьш оха 9-гIачу дарбан цIийне дIа а бигина, чубехкира. Цигахь кхин цхьа бер а дIаделира, кхоалгIа шо долу кIант …Иштта, ма гIо боххушехь, чу а яхана, уьш кIелхьара бехира-кх.

Маршо Радио: Кхин а нах бацара цигахь, хьо чу ца яхача а?

Яхиханова Хеда: ЦIе йоккха яра, цхьаммо ду бохуш оцу чохь адамаш, вукхо дац бохуш, Iара. Чохь аз а хезна, иккхира со цIа чу. Со чуиккхича, цIеяйъархо тIаьххье чувеара. Бераш а, чуьра да а ара а текхош, уьш дехьа дIа а луш, иштта арабехира-кх, тIаккха уьш дIабигира ас дарбан цIийне.

Даьгначу цIа чохь баьхна доьзал боккха хилла--дай-наний, ялх беррий. ХIинца дай, ши беррий дисина.

Ша хьуьнарча ю аьлла а ца хетачу Яхиханова Хедина ца моьттура ша динарг шен балха тIехь емал дийр ду. Баркалла олучу меттана, цунна дов дина куьйгалло, шен кхерамзалла лар а ца еш, цIерга лилхина аьлла.

Яхиханова Хеда: Хьалхо масех дакъа арадаьккхина хиллера оцу чуьра, нах, кхин стагга а вац висина чохь, бохуш, Iара…Балхахь хьаькамаша, "героизм" оьшуш яц, бохура соьга. Бакъдерг аьлча, чуьра юхьанца арабаьхнарш соьца йолчу лоьраца цхьаьна тхан машенахь дIабигинера. Ткъа со бухайисинера. «Хьо, схьакарийнарш схьа а эцна, дIаяхчхьана йолура, хьуна цул тIаьхьа дерриг а тIера долу, стенна оьшура бухасаца», бохура соьга...
XS
SM
MD
LG