ТIекхочийла долу линкаш

Футболан клуб -- Европехь, Цуьнан Долахо -- Нохчийчохь


Нохчийчоь -- Чагаев Булат, бизнесхо.

Нохчийчоь -- Чагаев Булат, бизнесхо.

Масех шо хьалха оьрсийн Газпром концерно немцойн «Шальке» цIе йолу футболан клуб эцча, меттигерчу хаамийн гIирсаша резадацарца тIеийцира и хаам. «Оьрсий богIуш бу», «Путинан ахчанах немцойн футбол йоьхкина» -- иштта яра протестан лейтмотив. …ХIинца Нохчийчохь а моде дала гIерта Малхбалера футболан клубаш эцар.

Немцойн «Шальке» клуб меттигерчу футболан фанаташа шайна уггаре а хьоме лоручех яра. Пхи шо хьалха, и клуб оьрсийн Газпромо эцча, меттигерчу футбол езархойн декъо букъ берзийра Гельзенкирхенерчу «Шалькенна».

ХIунда аьлча, хаамийн гIирсашкахь шуьйра дийцаре а деш, емал дира оьрсийн пачхьалкхан концернна меттигера клуб йохкар -- иза дара къайлахчу сервисой, коррупциной лаьцначу оьрсийн пачхьалкхан системано Германехь тоьллачех йолчу футболан клубана, шеко а йоцуш, тIеIаткъам бийр бу бохург.

...хаамийн гIирсашкахь шуьйра дийцаре а деш, емал дира оьрсийн пачхьалкхан концернна меттигера клуб йохкар...
Кхеташ ма-хиллара, оцу муьрехь немцойн кацлер лаьттинчу Шредер Герхарда -- цуьнан Путин Владимирца доттагIалла дуйла хаьара массарна а -- гIо дира, кхечу бовла тарлучу спонсоршца а ца еш, «Шалькега» Газпромца контракт яйта. ХIинца, кху деношкахь, Москохахь «Шалькен» куьйгалхочо Тённис Клеменссий, Газпроман куьйгалхочо Миллер Алексейсий кхин цкъа а пхеа шарна и контракт яхйийр йолуш барт бина.

Схьахетарехь, Европера футболан клубаш эцар, Оьрсийчохь хилла ца Iаш, хIинца Нохчийчохь а моде долуш ду. Иштта, дукха хан йоццуш хиллачу хаамца, Нохчийчоьн куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен ваша ву а олуш , кест-кеста хастош волчу бизнесхочо Чагаев Булата Швейцарера «Ксамакс» цIе йолу футболан клуб эцна.

Чагаев Булат Нохчийчохь шуьйра вовза а, вийца а волийна дукха хан яц. Даханчу шарахь, иза Соьлжа-гIаларчу „Терк“ футболан клубан вице-президент а, коьрта спонсор а хIоьттича, яха йолийра цуьнан цIе. Чагаев «Теркана» ахчанаш хьежо волавеллачул тIаьхьа нисделира цкъа цхьана хенахь дуьнентIехь тоьллачех футболхо хилла волу Гуллит Руд „Теркан“ коьрта тренер хIоттор а.

Нагахь санна Кадыров Рамзанна ша куьйгалла деш йолчу «Терк» командин хьал тодарехь Чагаевс хьоьгуш долу къа кхеташ делахь а, Швейцарера цхьанне а евзаш йоцу футболан клуб цо эцарх цецбевлла бу дуккха а. Коьрта хаттар -- стенна оьшу Нохчийчоьнна Швейцарера футболхой бохург ду. Оцу хаттарна аналисташа тайп-тайпана жоьпаш ло.

Цхьаццаболчарна хетарехь, иза оцу кепара шен ваша аьлла цIе тоьхначу Кадыров Рамазанан цIе Европехь дикачу агIор яржо гIерта, цуьнан Малхбузехь ирча хьехош йолу имидж тоеш.

...гIалахь кехаташ даржийнера, Чагаевс Невшателехь цу кепара орамаш хецар аморалан а, кхераме а хIума ду, цуьнца контракташ яле, цунна ахча стенгара даьлла талла деза метигерчу Iедалша, бохуш
Вукхарна хетарехь, тIаьххьарчу иттех шарахь Шверцарехь бизнес еш волу Чагаев цу махкахь орамаш хеца гIерта оцу кепехь, меттигерчу спорте инвестицеш ярца Iедалера шена хенан доза доцу Iер-вахаран бакъо яккхархьама.

Амма цуьнца цхьаьна, дуккха а бу Чагаев Булата Швейцарехь, шен хьарам ахча «цIандархьама», футболан клуб эцна, аьлла хеташ берш а.

Царех цхьаъ ву, масала, Невшатель-гIаларчу университетан профессор Винсент Патрик. Цо шен гIалахь кехаташ даржийнера, Чагаевс Невшателехь цу кепара орамаш хецар аморалан а, кхераме а хIума ду, цуьнца контракташ яле, цунна ахча стенгара даьлла талла деза метигерчу Iедалша, бохуш. Профессоран агIончаша дуьхьалонан акци а йира, Чагаевна дуьхьал яздина йозанаш тIехь долу плакаташ а лаьцна.

И дериге а хиинчул тIаьхьа, Чагаевс профессор Винсентна дуьхьал латкъам бина меттигерчу кхеле, шена харц цIе кхоьллина аьлла. И гIуллакх дIа муха доьрзур ду цкъачунна хууш дац, амма оьрсийн, нохчийн ахчанаш ийдинчу футболан клубийн ловзарш цкъачунна ледара дIадоьлху.

Иштта, немцойн «Шальке» клуб кху шарахь бундеслигехь бейтталгIачу меттиге бен ца кхаьчна. Ткъа Швейцарера «Ксамакс» меттигерчу «ТУН» цIе йолчу клубана юьхьIаьржечу 1-4 жамIаца эшна.
XS
SM
MD
LG