ТIекхочийла долу линкаш

Пехийн Цамгар -- Геноцидан ТIаьхье


Нохчийчоь -- Шелковски-къоштан пехийн лазаран диспансера чохь.

Нохчийчоь -- Шелковски-къоштан пехийн лазаран диспансера чохь.

Пехийн цамгар ( Тuberculum -- лат.) юха а яьржина Нохчийчохь. Цунна дуьхьал алссам ницкъ баккха дагахь керла низам тIеэцна Нохчийчуьрчу Iедало. Лазаро хIоттийна хьал дуьйцуш, иза даржаран бахьанаш а довзуьйту говзанчаша -- депортаци, тIемаш…



Пехийн цамгар Нохчийчоьхь лела дуккха а хан ю. Вуно хала йолу и цамгар муха кхаьчна кхуза, стенна яьржина, говзанчашна дика хаьа. Дахаран хьелашца дузу цара иза. И цамгар а, цуьнан бух а дика теллинчех ву цуьнца къийсам латтош волу лор Муслуев Заур. Цо дийцарехь, ша-тайпа бахьана ду нохчашлахь иза яржаран а:

"Иза тIейолуш хуьлу цамгар ю. Вайн хьалкъаца йолу дукха хан а ю. Советан заманахь вай Казахстанехула а, ГIиргIизойчухулу а, Сибрехахула а лелийна, цхьа а бакъо а йоцуш. Иза ду коьрта бахьана, хIунда аьлча, пехийн цамгар -- иза дахаран хьелаш эшна хилча кхета цамгар ю.

Халкъ гIийла Iаш хилча, кхачанца а, молучу хIуманца а, шелонехь дехаш хилча а яьржаш ю и цамгар. Нохчий, вайна ма-хаъара, массийтта бIешарахь таIзар лайна къам ду. Цундела нохчашна юкъахь яьржина иза."

Массо а халкъ меттахдаьккхина, гIишлош йохийна, даа-мала хIума доцуш хилла нах. Цундела и цамгар юха а яьржина вайна юкъахь
Тахана пехийн цамгар юха а яржар а ду шен бух болуш, Муслуев Заура бахарехь:

"Таханлера хьал дийцича, республикехь ши тIом хилла. Массо а халкъ меттахдаьккхина, гIишлош йохийна, даа-мала хIума доцуш хилла нах. Цундела и цамгар юха а яьржина вайна юкъахь.

Тахана и цамгар уггаре а яьржинчу пачхьалкхех лоралуш ю ша Оьрсийчоь а. ЮНИСЕФ-о бина хаам бу иза. Оьрсийчохь иштта яьржина йолу и цамгар, вайна юкъахь, цигахьчул а, кхузза-доьазза лакхаяьлла."

Нохчийчохь оцу цамгарна дуьхьал бечу балхах лаьцна а иштта дийцира говзанчо:

"Бакъдерг аьлча, хIокху республикехь цкъа а ца бинчу агIор беш болх бу. Iедало тIеэцна пехийн лазарна дуьхьал къийсам латторан программа. Цуьнца а догIуш, массо а лоьрашна республико шен чоьтах тIетоьхна алапаш. Иза даллалц лоьраш богIуш а бацара. И болх бан ца лаьара цхьаннена а.

Федералан программа а, вайн республикан программа а ю. Цаьрца а доьзна, Нохчийчоьнна 580 миллион сом ахча делла оьшург эца. Шайн цIахь дарба лелош болчарна луш продукташ а ю.

Оцу цамгарца тIом массо а агIор дIаболийна республикехь. ГIуллакх иштта дIадодахь, ворхI-бархI шарахь цунах цхьа йист ер ю.

Керла дан долийна, суна кхечанхьа гина а доцу, пехийн цамгаран дарбан-цIа а ду Соьлжа-гIалахь деш, кху шарахь чекхдоккхур ду иза. Мел оьшу хIума хир йолуш ю цу чохь. 600 стаг чувилла лерина диспансер хир ю иза. Лазархошна дарба деш хилча, цамгар яржар соцур ду 6-7 шера чохь."

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG