ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Норд-Ост Бахьанехь Набахтехь Латтийна Талхигов Заурбек ЦIавирзина


Нохчийчоь - Норд-Ост бахьанехь набахтехь 8,5 шо а даьккхина цIавирзина Талхигов Заурбек, 20Сти2011.
Нохчийчоь - Норд-Ост бахьанехь набахтехь 8,5 шо а даьккхина цIавирзина Талхигов Заурбек, 20Сти2011.

Шена тоьхна хилла бархI шо ах шо, буьззинчу барамехь, набахтехь а даьккхина, 2011 шеран Охан-беттан 22-чу дийнахь Нохчийчу вирзина Талхигов Заурбек. Оьрсийн Къайлаха Ницкъаш тIе а хьовсуш, театр чуьра террорхошца къамел дина волу Талхигов чувоьллинера, царна гIо дан лаам болуш хиллера аьлла.


2002-чу шарахь Москох, Бараев Мовсара куьйгалли кIел хиллачу тIемалоша "Норд-Ост" мюзикле хьовса баьхкина болу нах закъалтана лаьцначу хенахь, Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думин депутат хиллачу Аслаханов Асламбека нохчашка кхайкхам бинера, закъалтехь болчеран меттана театр чудаха схьагулло, аьлла. Депутато бинчу кхайкхамна гIортор а йина, театрана улле вахана хиллачу Талхигов Заурбекна цунах зулам делира. ХIинца а ма-дарра талланза ду оцу деношкахь Норд-Ост цIарца дуьненна евзинчу кризисехь хилларг. Хеттарш алсамо ду цу гIуллакхехь жоьпел.

Заурбекан кхолламна тIехьовсуш а, гIо-накъосталла деш а хиллачу бакъонашларъярхойн хьесапехь, закъалтана гонах яьлла гIар-гIовгIа дIайижжалц, ФСБ-н а, террорхойн а уьйраш цуьнга цхьаьнга а ца йийцийта, дуьненах хадийнера цу хенахь 25 шо хилла жима стаг. Ша динчунна дохко ца ваьлла Заурбек. Тахана а гIур вара ша, шен къомана оьшу аьлча, бохуш дийцира цо Маршо Радиога:

"Кхин Асламбекан дуьхьа вахана ма ваций со цига. Со суо а ву аренца лелла а, лелаш, аренца хIинца а лелар волуш а. Хала ма дуй, хьуна букъа тIехьа пIелг хьежош хилча, хьо иштта ву бохуш. Хьоьца адамо болх ца бо, хьох ца теша.

Ас цигахь хIун дийр дара аьлча, телевизионан камераш букъ тIехьа а ца ерзайойтуш, юьхь-дуьхьал ерзайойтур яр-кха. ХIунда аьлча, схьалаца бух хир бара, со хIара ву, аьлла. Со Норд-Ост бахьанехь чувоьллина олу. Я телевизион чохь гайтина а вац, я хIун ду а ца хаьа нахана. Схьалаца тIам болуш, цхьа бух болуш хIума а дац", бохуш вара Талхигов Заурбек.

Эзарнашкахь нохчийн кегий нах бу Оьрсийчоьн уггар а генарчу кIошташкарчу набахтешкахь хенаш токхуш. Нохчийчохь "зачисткаш" олу тIеман операцеш дIахьош, новкъара дIабаха, уьш бIеннашкахь чубухкура, доцу зуламаш тIе а кхуллуш. Уггар лахара -- итт-пхийтта шераш, уггар лакхара -- белла дIабовллалц хенаш а етташ.
Дукха нисделла нохчий бойъуш. Челябинск-махкахь карантинна чу а воьллина, йиттина виъ нохчо вийра

Нохчийчура Iедалша церан дола дан дезара. Нохчийн тутмакхаш шайн гергарчарах а, юристийн гIоьнах а хедийна бу, бохуш вара Заурбек. Цул сов, цо бахарехь, дин лелон цхьа а аьтто бац церан:

"Нохчашна, цхьа керла хIума низамашкахь юкъадаьлча, юристийн гIо ма оьший. Оьрсашна гIо до, ткъа нохчашна хала ду, генахь хиларе терра. ЦIера адвокат лаца а, тIеваийта а, дIавахийта а аьтто бац. И гIо дара-кх нахана чIогIа цигахь оьшуш. Ян ма яй цхьацца регионашкахь, юьстахарчу республикийн векалаллаш. Цара болх бича дика хир дара, мелла а цаьргара гIо хилча.

Цигахь долчу Iедална муха моьтту? Чу а воьллина, оццул хан а тоьхна, схьаваийтина ма вуй хIара. Шен цIахь а оьшуш воцчу кхунна - бан ма буй 20 шо, 24 шо хенаш а тоьхна --оха стенна сагатдеш ду цунна, оха хIунда ларвеш ву хIара, олий. Тергал ца во иштта стаг", тидам бира Талхиговс.

"Марха лоцуш делахь а, доьрзуш делахь а, Керлачу Шарца делахь а, цхьацца кехат дохьуьйтуш хилча, сурт хIоттийча, цIахь и нах оьшу, аьлла хетар дара царна.

Дукха нисделла нохчий бойъуш. Масала, Челябинск-махкахь карантинна чу а воьллина, йиттина, виъ нохчо вийра. шу цIахь а оьшуш дац бохуш.

Дукха кехаташ яздо нохчаша. Массара а яздо, шаьш цIадига бохуш. Ткъа цIахь меттигаш яц, резинкин ма яций кхузара набахти а. ТIе ца оьцу, олий, цIера кехат деъча, хьаькамашна моьтту, хIорш цIахь оьшуш а бац, оццул дукха хенаш а йиттина болу, олий.

ТIаккха, кхин тIех дешна а ма баций вайн нах. Юристийн гIо оьшу, керла юкъадевллачу низамех пайда эца. ЦIера, мелла а, оцу нехан тидам беш хилча дика дара. Со хиллачу лагерехь маьждиг ца дойтуш тхо кIелдитинера. Цу тIехула ворхI шарахь дIабоьдуш тIом бу-кх цигахь.

Маьждиг дайта-м бохур а дацара. Цхьа чоь мукъане а къастае аьлча, иза а ца ло. Я оха вагон керта тоттур яра, новкъа а хир йоцуш, арахьарчу накъостийн гIоьнца аьлча а, гIуллакх ца хуьлу.

Дуккха а къаьмнаш ду, олу, вайн Оьрсийчохь дехаш. Коьрта динаш ду, олу, керстаниггий, бусулбаниггий. Амма иза а дац тидаме оьцуш. ЦIера оцу нехан терго еш хилча, вайна ваьшна юьхькъам хир бара-кх", тешна ву Оьрсийн набахтехь хан текхна волу жима стаг.

Хьо кхин дIа хIун дагахь ву, аьлла, Маршо Радионо деллачу хаттарна жоп луш, шега ур-аттала кехаташ а ца даккхало, элира Талхигов Заурбека:

"Кхузахь цхьанненна а тIе ца кхачало. Соьга ур-атталла паспорт а доккхуьйтуш дац. И схьаэца, ахча дала деза аьлла. Шозза банке вахча, контртерроран тептарш тIехь ву бохуш, счет-справкехула ахча дIа а ца хьажадойту соьга. Тахана-кхана бохуш, дIалаьтташ ду-кх иза , со оцу спискаш тIехь ву бохуш", латкъам бира Заурбека.

Набахтехь Заурбекан могашалла талхийна. Цуьнан гергарчарна хетарехь, лерринчу Iалашонца маждаран цамгар кхетийтина цунна. Маршо Радиоца Нохчийчуьра телефонехула къамел динчу Талхигова Тамарас дийцира цунах лаьцна:
Гучуделира, хьаькамаш тоьхначу хенах даккха дисина кхо шо кхуьнга уггар луьрачу рожехь даккхийта гIерташ хиллийла

"Ша, дуьненна а гуш, бехк боццушехь, дIавигарна реза воцуш, чIогIа оьгIазвахана вара хIара. ДIакхаьчча, цара аьлларг ца деш, ша хIета а вета а аьлларг дийр дац шуна бохуш, духьалваьллера. Лаахь, ша цхьаъ а къаставей, луьрачу хьолехь а кхаба, аш аьлларг ша дийр дац шуна. Бехк боцуш чу а воьллина ша, и бархI шо ах шо, къар ца луш, таIзарехь даккха реза ву бохуш, Iийна", бохуш дийцира Заурбекан нанас.

"Цигахь, цкъа цхьаьнхьа воккхуш, тIаккха кхеченхьа воккхуш, зонашкахула лелийна. Сыктывкарехь, Ухтахь Iийра. ТIаккха 25-чу зонехь, 19-чу зонехь. Иштта, хуьйцуш, хуьйцуш лелийна. ТIаьхьуо, куьйгалле чуделла хилла кхунна, хIара ладугIуш вац аьлла, хьаькамаша яздина арз.

Делахь а Москохара бакъонашларъярхой орцах бевлира. Церан гIоьнца адвокат вахийтира хIара волчу. Гучуделира, хьаькамаш тоьхначу хенах даккха дисина кхо шо хIокхуьнга уггар луьрачу рожехь даккхийта гIерташ хиллийла. И адвокат бахьана долуш, цхьа шо бен хан ца тухуш, Ульяновскана гена йоцучу Димитровград олучу гIала дIавахийтира, аьлларг деш воцу зуламхо ву аьлла, чIагIйинчу рожан набахте.

Цкъа, Iуьйранна самаваьлча, барула-можа хилла хIара. Чохь болчара аьлла, "хьо ма можа ву, хIун хилла хьуна", аьлла. Кхунна шена хIун хилла а хууш ца хилла. Диагноз хIоттийна, гепатит С ю аьлла. Цхьа а тIекхочийла а ца хилла", чекхдаьккхира шен къамел Талхигова Тамарас.
XS
SM
MD
LG