ТIекхочийла долу линкаш

РогIерчу Олимпиадана Оьрсийчоь Кечлучу Юкъанна Къилба Корей а Ю Цунна Кечлуш


Оьрсийчоь -- Къилбаседа Кавказехь Олимпиада дIаяхьа кхераме хилар гойтуш кечйина коллаж

Оьрсийчоь -- Къилбаседа Кавказехь Олимпиада дIаяхьа кхераме хилар гойтуш кечйина коллаж

2014-гIачу шеран Iаьнан Олимпиада Оьрсийчохь хир ю, аьлла делахь а, Къилба Корей а ю цунна кечлуш. Пхёнчханехь хIинцале кийча ю Iаьнан Олимпан ловзаршна лерина йина дукха а спортан объекташ. Вуьйш сихонца чекхйохуш ю. Цу гIалахь хиллачу Оьрсийчуьрчу «Известия» газетан корреспонденташа хаам барехь, Къилба Корей, хьалха мухха а хиллехь а, тахана догдиллина Iеш яц 2014-гIачу шеран Олимпиада шайн махкахь хила тарло бохучух.


Официалан кепехь Къилба Корей теша, 2018-чу шеран Iаьнан Олимпан Ловзарш шайн махкахь дIадахьа аьтто хирг хиларх. Кху аьхка Дуьненаюкъарчу Олимпан Комитето сацам бийр бу, стенгахь хир ю 2018-гIачу шеран Iаьнан Олимпиада.

Иза тIеэца лууш кхо пачхьалкх ю - Германи, Франци, Къилба Корей. Цу кепара, Къилба Корей кхозлагIа гIоьрташ ю Iаьнан Олимпиада шайн Пхёнчхан-гIалахь дIаяхьийта. Амма иза юха а кхиам а боцуш йиса мегаш ю.

Делахь а корейхой, цуьнга хьаьжна доцуш, стадионаш еш а, Олимпиадаца йозу инфрастуктура хIайт-аьлла кечъеш а хьийза. Оццул сиха белхаш дIахьош яц 2014-чу шарахь Олимпиада тIеоьцуш йолу Оьрсийчуьра Сочи а. Кху аьхка Олимпан Комитето мухха а кхаж тасахь а, Къилба Корейхь кийча ю ала мегар ду ерриг а санна спортан гIишлош.

Корейхоша ахча ца кхоадо. Олимпиада Пхёнчханехь дIаяхьар дехначу Корейн Олимпан Комитетан декъашхочо Мун Дэна дийцарехь, Iаьнан спортан комплексаш еш цара дайъина цхьа миллиард ах миллиард доллар ахча. Къаьсттина цара тIе тидам бахийтина некъашна. ХIинца муьлххачу а спортан объектна тIекхача ца оьшу уггар дукха ах сахьт хан бен.

Кхузахь коьрта хаттар ду, Корейно хIунда дойъу миллиардаш долларш шайна дIадахьа бакъо елла а йоцчу Ловзаршна, бохург. Цу махкарчу Олимпан Комитетан декъашхоша жоп а доцуш дуьту и хаттар. Амма цхьацца некъашца хоуьйту цара шаьш цунах дог диллина ца хилар.
Сочихь хила еза Олимпиада Пхёнчханна дIаяла езаш нислурий-те, аьлла хаттар кхоллало. Цхьаболчу аналисташна иза хила мегаш хIума ду аьлла хета

Хууш ду, цу кепара цхьанаметтехь олимпан гIишлор яр оьшуш доцийла. Сочихь еш йолу стадионаш, Олимпиада чекхъяьлча, вовшах а яьхна, кхечу гIаланашка дIасахьур ю. Амма Пхёнчханехь хIоттийначу Iалашонца дIахьош бу белхаш. Дукхахйолу спортан объекташ чекхйохур ю цигахь, Сочица Олимпиада ша къовсуш Къилба Корейно дош ма-даллара, 2014-гIа шо тIекхачале.

Ткъа меттигера бахархой тешна бу, Iедалша ахча эрна а ца дайъина, шайн махкахь Олимпиада хир а ю бохучух.

Къилба Корейн Олимпан Комитетан гIантдас Янг Чун Пака шайна интервью луш, жоп а доцуш дитира, нагахь Сочица доьзнадерг ма-моьтту дIа ца додахь, 2014-гIачу шарахь Олимпиада дIаяхьа кийча юй Пхёнчхан, аьлла шега делла хаттар, бохуш яздо «Известия» газетан корреспонденташа шайн «Корейхь вовшахтесна йолу Сочи-2014» цIе йолчу артиклехь.

Сочихь хила еза Олимпиада Пхёнчханна дIаяла езаш нислурий-те, аьлла, хаттар кхоллало. Цхьаболчу аналисташна иза хила мегаш хIума ду, аьлла хета. Цунна массийтта бахьана а го царна. Цкъа делахь, хууш дац, кхуьур юй Оьрсийчоь 2014-гIа шо тIекхачале массо а Олимпиадана оьшуш йолу объект йина чекхъяккха. Оьрсийчоьн Iедалша дIахьедарш до, шаьш шайн Iалашонна тIаьхьадуьсуш дац, бохуш.

Оьрсийчоьн спортан министро Мутко Виталийс «Известия» газетана еллачу интервьюхь дIахьедар дира, массо а гIишлош шен хеннахь йина евр ю, аьлла. Цо чIагIдарехь, изза ойла йолуш бу Сочи сих-сиха богIуш хуьлу Дуьненаюкъарчу Олимпан Комитетан тIехьажархой.

Сочихь Олимпиада дIаяхьарна новкъарло ян мегачех шолгIа бахьана ду цу регионехь кхерамзалла цахилар. «Корейхь вовшахтесна йолу Сочи-2014» артиклан авторша Оьрсийчуьрчу кхерамзаллин сервисийн белхахошна тIе а тевжаш дуьйцу, Сочихь гуьржийн къомах болу диверсанташ гучубевлла, бохуш. Цул совнаха, оццу хьостанаша чIагIдарехь, гуьржий баха ховша гIерташ а бу цигахь, гIишлошъярхой санна балха а хIуьттуш.

Гуьржийчоь шайна кхераме хиларх лаьцна дIахьедар дира Сочи а вахана цIавирзинчу президента Медведев Дмитрийс:

«Шу шаьш а массо а хIуманах кхеташ ду. Кхузахь цхьацца проблемаш ю тхан лулахочуьнца Гуьржийчоьнца йоьзна. Цундела къаьсттина шена тIе тидам бахийта оьшург кхочуш деш, Арахьарачу ГIуллакхийн Министралло а, низамашлардечу органаша а, ницкъаллин структураша а оьшшург дан деза.»
Бакъ а долуш, Гуьржийчоьн цхьа а аьтто бац Сочира Олимпиада юкъахъяккха, Гуьржийчоьн куьйгалхошна иза чIогIа лиича а


Гуьржийчоь дуьхьал ю Сочихь Олимпиада хIотторна, амма цунна новкъарло ян аьттонаш къезиг бу гуьржийн, бохуш дуьйцу ша Маршо Радиона еллачу интервьюхь Тбилисерчу Философин Институтехь политикан философин кафедран куьйгалхо волчу Нодия Гивис:

«Бакъ а долуш, Гуьржийчоьн цхьа а аьтто бац Сочира Олимпиада юкъахъяккха, Гуьржийчоьн куьйгалхошна иза чIогIа лиича а. Амма цигахь проблемаш ю Къилбаседа Кавказехь хьал дика дацарца йоьзна. Оьрсийчуьрчу зорбан гIирсаша а, кхерамзаллин сервисаша а сих-сиха бехке йо Гуьржийчоь, цо диверсеш кечйо бохуш. Ткъа Сочирчу Олимпиадаца а доьзна, гуьржашна тIе бехкаш дахкар керла хIума дац.»

Хууш ма-хиллара, Къилбаседа Кавказехь къайлахалелачу тIеман тобанаша массийттаза дIахьедар дина, шаьш йойтур яц Оьрсийчоьне Сочихь Iаьнан Олимпиада, аьлла. Амма церан кхерамтийсарш тергал а ца деш дуьту Кремло. Цуьнан бахьана иштта го Нодия Гияна:

«Оьрсийчоьнна шен лаьтта тIера схьаболучу кхерамах лаьцна дуьйцуш ца тов. ХIунда аьлча, гуш хуьлу дуккха а шерашкахь Оьрсийчоьн аьтто баьлла цахилар Къилбаседа Кавказехь къепе хIотто. Цундела атта ду арахьа мостагIий леха, Гуьржийчоьнна доцург тIе а кхуллуш, Къилбаседа Кавказехь баккъалла а йолу проблемаш бехказа яха. Иза дукхха а атта хIума ду, иза кхин дIа а дуьйцур а хир ду цара.»

Кхин цхьа хIума а ду кхузахь. Гуьржийчоьн Iедалшна хетарехь, Сочихь Олимпиада дIа а яьхьна, кхин цхьа хIума а кхочуш дан гIерта Оьрсийчоь. И дозу Абхазех а, Къилба ХIирийчоьнах а, элира Тифлисерчу «ПИК» телевизионехула вистхуьлуш, Гуьржийчоьн Парламентан арахьарачу гIуллакхашкахула йолчу комитетан гIаьнтден когаметто Канделаки Георгийс:

«Цу Олимпиадан кхин цхьа Iалашо а ю -- Гуьржийчоьн латтанаш дIалаца бакъонан бух бало гIортар. Ткъа цу тайпа Iалашонаш цхьана а Олимпиадан а, спортан къийсадаларан а хуьлийла дац.»

Мухха а делахь а, Оьрсийчохь а, Гуьржийчохь а кхеташ бу баккъалла а Сочира Олимпиада сацо цхьанненан а аьтто бер боцийла. Цундела, корейхоша дийриг кхето мегар ду, церан къоман амалан башхалла ю дIадолийнарг чекхдаккхар а, сатийсамаш цабитар а.

Вуьшта аьлча, цхьа а вац хиндерг муха ду хууш. Цунна тIе болх а берзийина, миллиардаш долларш ахчанаш а дойъуш, къахьоьгуш бу Iаьнан Олимпиада шайн махкахь дIаяхьа Iалашо юхьарлаьцна къилбакорейхой.
XS
SM
MD
LG