ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бан Болх Боцуш Висина ХIора ШолгIа Нохчо


Къилбаседа Кавказ -- Болх лоьхурш, Ставропол, 26Тов2010
Къилбаседа Кавказ -- Болх лоьхурш, Ставропол, 26Тов2010

ДIадахначу кIиранах Ессентуки-гIалахь дийцаре дира Къилбаседа Кавказерчу бахархошна белхазалло бохьучу баланах лаьцна. Меттигерчу а, Москохара баьхкинчу а куьйгалхоша бакъдира белхаш боцуш бисинчу кавказхойн терахь тIех лакхара хилар. Массанхьачул а эшна хьал ду Нохчийчоьхь -- хIора шолгIа стаг ву болх ца карош, билгалдаьккхира хьаькамаша.



Кхеташонехь къамел дира Оьрсийчоьнан вице-премьеро Жуков Александра. Цо дийцарехь, кризис дIа а йирзина, экономика дIанислуш елахь а, Къилбаседа Кавказ хIинца а вуно хала йоллу белхан меттигашца. Уггаре вон хьал ду Нохчийчохь. Бан болх боцуш веха хIора шолгIа стаг. Бахархойх лаххара а 49,5 процент нах и карон аьтто а боцуш бисина.

Оцу чолхечу хьолах лаьцна дийцахьара, аьлла, дийхира оха Нохчийчоьн белхан а, социалан кхиаран а министре Ахмадов Мохьмаде а, цуьнан министраллерчу белхахошка а. Амма царах цхьа а тхоьца къамел дан реза ца хилира. Цхьацца бахьана а кхуллий, къайлаволура хIора а...

МогIара бахархой а цигара хьал ма-дарра дийца баьхьаш бац. Дуккха а лехначул тIаьхьа, шена хетарг дийца цхьа стаг реза хилира. Шен цIе Мохьмад, аьлла, йовзийтира цо. Мохьмада иштта дIадолийра шен къамел:

ХIетахьлерчу заводашкахь ялх-ворхI эзар белхан меттиг хуьлура, уьш хIинца яц
«Балхах лаьцна долу хIума Нохчийчохь ледара ду. Ледара муху ду-хьуна аьлча, корматаллаш оьшучу меттигашкара белхаш бан хууш говзанчаш бац. МогIара белхаш бан шортта нах бу. Амма гIишлош йотта белхалой кхечу пачхьалкхашкара балийна. Царна санна белхаш бан ца хаьа нохчашна. Нах Iамош меттигаш а яц.»

Белхаш бацар стенца дозуш ду а хаьа Мохьмадна. Цунах лаьцна цо элира:

«Тохара хилла заводаш яц хIинца. Хьалха иттех завод яра. ХIинца цхьа а яц. ХIетахьлерчу заводашкахь ялх-ворхI эзар белхан меттиг хуьлура, уьш хIинца яц.

Совхозаш, госхозаш йоьхна дIаевлла. Ткъа-ткъе итт стаг бен болх беш а ца хуьлу йолуш йолчу госхозехь. Кхин белхалой оьшуш а ца хуьлу. ХIунда аьлча, тохара санна ялта а хуьлуш, лелош латтанаш дац.
Даьхний леладар а дац. Тохара уггаре кIезиг а эзар корта хьелий хуьлуру. ХIинца уьш а дац. Оцу эзар коьртана бIе белхало оьшура.

Жеш хуьлуру. Царна хIоранна а тIехIоттийна виъ стаг хуьлура болх беш. Хьелашна юург латтош бригадаш хуьлуру -- 20-30 стаг. Уьш а яц. Болх бац...»

Юьртабахамаш мукъане а, тохара санна, болх беш хилча, дан хIума хир дара нахана
Iедало белхаш хилийта дан дезарг а го Мохьмадна. Цхьацца дича, хьал дикачу агIор дIанислур дара, цунна хетарехь:

«И заводаш юхаметтахIиттийча, шура йоккху бахамаш бича, консервийн заводаш ехкича, нахе, хIара а, хIара а кхиае, оха тхайн ахчанах эца а оьцуш, шуьга дIало-шуна, хуьлуш йолу тIаьхье тхуна схьаюхкур ю аш, шура а тхоьга схьалур ю аш, бохуш, хьолахой бевлича, иза а нахана болх бара...

Стоьмаш лелор. Оха шуьгара базарахь болччу мехах схьаоьцу-шуна, шайн бошмаш лелае, олуш нах бевлича, иза а болх бара. Амма иза а дац.

Кемсашна тIехь белхаш беш хуьлуру цхьана юьртара эзар гергга стаг. Уьш а яц, дIаевлла. Кемсийн йиъ завод яра. Невран кIоштахь шиъ яра, Теркйистан кIоштахь цхьаъ яра. Шелковскехь яра йоьалгIа завод. Цигашкахь а вара шишша-кхокха бIе стаг.

Ярташ стамъелла, белхаш дIабевлла... Тохара санна, говзанчаш Iамош училищеш а яц. Шадерг а, белхашца дерг, иштта ду-кх Нохчийчохь. Ша-шена лол а бетташ, ваха везаш зама ю-кх хIара кхузахь.

Оцу телевизион чохь цара олу, ши бIе-кхо бIе эзар стаг ву болх боцуш, олий. Йиъ бIе сов юрт ю махкахь. Юьртабахамаш мукъане а, тохара санна, болх беш хилча, дан хIума хир дара нахана. Къилбаседа Кавказан Федералан Го бу, массо хIума а хууш куьйгалхо Хлопонин а ву. Цо а, вайн адамаш вуно дукха ду, хIара я важа болх лелийча, нахана аьтто хир бу, аьлла, цхьацца программаш юкъаяьхча, белхаш хир бара аьлла хета суна.»

Нохчийчохь белхан къоьлло хIоттийна чолхе хьал иштта дуьйцу цигарчу бахархоша. Ткъа Iедалхой, цунах лаьцна шайн ала хIума доцуш санна, ма-хуьллу къайлабуьйлу хеттарех...

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG