ТIекхочийла долу линкаш

Эладита Даржийна Аьлла Кхеле Озийна Критик Троицкий


ОЬрсийчоь -- Музыкан критик Троицкий Артем, 23Заз2011

ОЬрсийчоь -- Музыкан критик Троицкий Артем, 23Заз2011

Юкъараллин дахарехь жигара лелачуо луш болу мах гайта санна, цхьа моггIа политикан бух болчу гIуллакхехула кхеле озийна ву вевзаш волу критик Троицкий Артем. Цхьа гIуллакх Троицкийс ГИБДД-н майор хилла волу Хованский Николай сийсазварца доьзнарг, хьалхарчу инстанцера кхелан сацамца дIадирзина. Троицкийна тIедожийна, ша массарна а хезаш аьлла долу «шаьш цIарматчу кепара гайтинчу ментийн цIераш йохур ю аса» аьлла дешнаш керстадар а, Хованскийна 130 эзар сом гIуда далар а


Москох, Мангал-бутт 1, 2011 (RFE/RL) – Эшаршлакхархошна критика еш йина Троицкийс карьера. Бевзаш болу рок-седарчий ледара агIонаш лахар башха вуон ойла а яц. Амма Троицкий Артема дIасакъаьстинчу «Агата Кристи» готикан тобан, коьртачу вокалистах, гуттар а Iаьржа духар а лелош, еха кIозарш йолчу Самойлов Вадимах, Кремлан администрацин куьйгалхочуьн хьалхара когаметтан Сурков Владиславан караIамийна пудель ду аьллачул тIаьхьа, шен хьал, кхехкачу яй чу Iоьттинчух тарделира цунна.
Пачхьалкхана урхалла дечу элитица юкъаметтагаш латточу эшаршлакхархойх лаьцна хIокху шеран Дечкен-баттахь телевизионехула гайтинчу документалан программехь аьллера и дешнаш вевзаш волу рок-критик а, Оьрсийн Плейбойн редактор а волчу Троицкийс.

Цу хенахь дуьйна иза кхеле озийна Самойловс, шена хилла зе меттахIоттон цхьа миллион сом ахча а доьхуш. Цул сов, прокурораша цунна дуьхьала долийна, ши шо хан таIзар доьхуш долу криминалан гIуллакх а. Оцу гIуллакхехула кхел йолаялале хьалха къамел дира Троицкийс Маршо радиоца, шен Москохарчу петарахь. Цхьанатоьхначу долу кхелан и ши гIуллакх политикан бух болуш ду аьлла хеташ ву иза.

Троицкий: Ши гIуллакх цхьатера ду, цул сов и ший а цхьана хенахь хилла а ду. Цундела и ши гIуллакх цхьананисдина хила йиш йолуш а, цхьана центрера хьажош долчух тера а ду ала таро ю.

Маршо радио: Цул сов, Самойлов вевзаш ву идеологист а, политикан юкъаралча волчу Кремлан векална Сурковна улле хиларца. Сурковс яздина ду, «Агата Кристис» 2006-чу шарахь арахецначу «Ах-гIайре 2» олу албоман юкъара «Гезга» эшарна юкъара дешнаш.

Троицкий ша жIаьлеш дезаш ву. Цуьнан шен а ду "Черчилль" цIе йолу Шотландин Iаьржа терьер. Пудель аларх, ша сийсазваьккхина хета ца деза стагана. Кхелехь къийсамаш дIахьучу хенахь «пудель-жIаьла дикачу тайпан а, хьекъале а, ша дезийта хууш а долу жIаьла ду» баьхнера Троицкийс. Шена халахетар дац аьллера цо шех «Че Геварин караIамийна пудель аьлча».

Глушенков Александр, эладитанца доьзначу гIуллакхашкахула зеделларг долу адвокат ву. Иза къера ву и тайпа гIуллакхаш политикан бух болуш хиларна.

Глушенков: Эладита дина боху артиклш лелош берш, шайна луучу кепара ойланаш йоцчу нахаца къуьйсуш лелайо, дукха хьолахь, Iедалан цхьацца стоьлан дайша. Къеггина масала ду, эладита даржийна аьлла, кхел йина волу вевзаш блоггер Муртазин.

Маршо радио: Глушенковс хьехош верг Муртазин Ирек ву. 2009-чу шарахь 21 баттана гIудан колоне хьажийнера иза, хIетахь ГIезалойчоьнан президентах Шаймиев Минтимерах лаьцна критика еш яздина, аьлла.
Кхинболу аналисташ, Политикан Информацин Центран куьйгалхо Мухин Алексей саннарш, ца теша, Троицкийн гIуллакх политикан амал йолуш хиларх.

Мухин: Со цунах муха кхета аьлчи, оцу гIуллакхца доьзначу хIуманца Сурков башха самукъа долуш вац кхелан кхеташонашкахь шен цIе йохуш хиларх.Амма дан хIума дац цуьнан. И ша-дерриг а, Самойлов дегабааме хиларехь ду.

Маршо радио: Амма Троицкийн критика сел лазаме тIеэцначех веккъа цхьаъ хилла ца Iа Самойлов. Рок-критик кхин цхьана гIуллакхехула а озийна кхеле. Цхьана оьрсийн эпсарх милцочух «Оьрсийчура милцойх уггар а Iовдала» ву аьллера цо.
ГИБДД-н майор хилла волу Хованский Николай сийсазварца доьзнарг, хьалхарчу инстанцера кхелан сацамца дIадирзина. Троицкийна тIедожийна, ша массарна а хезаш аьлла долу «шаьш цIарматчу кепара гайтинчу ментийн цIераш йохур ю аса» боху дешнаш керстадар а, Хованскийна 130 эзар сом гIуда далар а. 2010-чу шеран Зазадоккху-баттахь Москох Ленинкский проспектехь хиллачу некъан бохамехь нисвеллера Лукойлан вице-президент. Дуьхьала йогIучу машенахь хилла ши зуда кхелхира. Далош хиллачу тоьшалшца Лукойлан вице-президент, некъан бакъо а йохош, дуьхьала богIучу новкъа ваьллера. Оьрсийн полицино елла йолу ши зуда бехке йира цу бохамна, дуьхьалонан тулгIе а гIаттош.

Маршо радио: Троицкийс даханчу шарахь а догиэтIийра Iедалийн, оьрсийн премьер-министрна Путин Владимирна критик еш волу ДДТ тобан вокалист Шевчук Юрий, U2 тоба Москох еана йолуш, цунна Боноца сценин тIе валар нисдичи а.

Шена билггал ца хаьа, шена дуьхьала ваьлларг мила ву, боху Троицкийс. Амма, шена дечу таIзаро юкъараллина гойту, Кремлана дуьхьала ваьллачунна хуьлуш дерг бохуш вара иза.

Троицкий: Суна вуно дика гуш иза хьанна пайде ду. Тхан оьрсийн оьрсийн Iедалехь болчарна пайдехь ду иза. Политикица боьзна а, цунах пайда оьцуш а боцу, со санна болчу, юкъараллехь бевзачу наха, цхьаннех лечкъаш а боцуш, шайна хетарг - тхан дахарерчу социалан, политикан, културан а маьIна долчу хиламех лаьцна, ма-дарра, дIааларх кхоьру уьш. Оццу хенахь, и къамел дечу хенахь критика ян доьналла долчарех.

Маршо радио: ТIебогIуш оьрсийн Пачхьалкхан ДУМе болу харжамаш а, цул тIаьхьа, карадогIучу шарахь Зазадоккху-баттахь хир болу президентан харжамаш а болуш, Iедалаш кхоьру Iедална реза боцчу нехан тулгIенах.
Троицкийс дагаяийтира Химки хьуьнан боламан куьйгалхо Чирикова Евгения а, некъан бакъонаш талхочу, Iедалерчу стоьлан дайша машенийн буьххьехь лелочу сийначу чиркхашна дуьхьала болчу «сийна чийликаш» боламан куьйгалхо Канаев Сергей а, коррупцина дуьхьала блогаш язъеш волу Навальный Алексей а.

Троицкий: Со муха кхета аьлчи, оцу боламо чIогIа кхерадо Iедалш. ХIунда аьлча, царна ца хаьа цуьнца хIун дан деза. Иза политикан болам бац, церан йиш яц, уьш Iедале гIерташ болу политиканаш бу, ала. Я, Iамеркан ахчанах цхьаъ дан гIерташ, атта бохкалуш болу политикаш бу ала йиш а яц. Цундела, оцу нахе цу кепара жоьпалла доьхийла яц. Цундела, цхьана агIора-м, зе дан атта дац царна. Оьрсийчура юкъараллехь уьш мелла а бевзаш а, безаш а бу, патент йолчу политикел а. Суна хетарехь, аса цхьана а боламна урхалла деш ца хиларе терра, оццу хенахь, ас цаьрца массаьрца а цхьанабелхаш бо.

Маршо радио: Чирикова а, Навальный а, ший а ду кхеле озийна.
Чириковас бахарехь Оьрсийн Бераш Лардан Леринчу Сервисаша таллам бина бух боцчу, иза шен бераца вуон хилла бохучу гIуллакхна.

Ткъа Навальный кхеле озийна, криминалан гIуллакхехула. Цуо вуо хьехар динера боху Киров кIоштан губернаторан гIоьнча волчу хенахь, пачхьалкхан долара дечкен бизнес лелочу компанина. И бахьанехь компанина хилла зе 13 миллион соьман барамехь ду боху. Иза бакъдоцу, шена тIекхолла долийна хIума ду, боху Навальныйс.

Троицкий воккхавево артистийн юкъараллера шена хуьлчу гIо-накъосталлех. Керлачу тулгIенера йишлакхархочо Шумов Василийс, масала, концерт вовшахтухуш ю Троцкийна лерина, хIокху беттан итталгIачу дийнахь. Кхин долу хIума а ду плане диллина, бохуш дийцира Торицкийс.

Троицкий: Суна гIортор еш цхьа гайтам дIабахьа кечлуш суртдиллархой бу, иза чIогIа дика ду дера. Со цкъа а вацара я Iазапхо а, къоман турпалхо а хила лууш. Схьагарехь, ша-шех хуьлуш ду иза. Баркалла... тхан хьоме Iедална.
XS
SM
MD
LG