ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тергамхошна Хетарехь, Президентан Дарже Вухаван Дагахь Ву Путин


Оьрсийчоь -- Президент Медведев Дмитрий а, премьер-министр Путин Владимир а Толаман Дийнан тIеман гайтамехь, Москох, 9Сти2011
Оьрсийчоь -- Президент Медведев Дмитрий а, премьер-министр Путин Владимир а Толаман Дийнан тIеман гайтамехь, Москох, 9Сти2011

Оьрсийчохь президентан харжамаш тIекхача бисина итт бутт бен бацахь а, кандидаташлахь хила тарлучу шина лидерх, Медведевх, Путинах, мила хир ву боху хаттар жоп доцуш дуьсу хIинца а. Цундела кхоллало тергамхошлахь хиндолчун тайп-тайпана сурт. Ингалсан Санди Таймс газето, ша бинчу талламашна тIе а тевжаш, Путин Владимир вухаван хIожур ву, боху, ша диъ шо хьалха дитинчу президентан дарже.



"Санди Таймсо" шена хаам бинчу куьйгалхочун цIе ца йоккху, иза Кремлера лаккхара хьаькам ву алар доцург. Оцу хьостано чIагIдарехь, Сколковохь дахначу кIиранах Медведевс пресс-конференци еллачул тIаьхьа, аьлча а, цо Министрийн Кабинетехьа кхин тIех къаьсташ йина а йоцу баьца йинчул тIаьхьа, оцу кабинетан дас, Путин Владимира, чIагIо йина, боху, харжамашкахь президентан дарж къовса.

Дийцарехь, Медведевс динчу къамело хаийтина Путинна, ша Iедал лардан вахийтина жимха шеца эвхьазвала кийчча вуйла.

Цуьнца доьзна къасто дезаш нисло, Чеховн «Чиновникан кхалхар» цIе йолчу дийцаран турпалхочо Червяков Ивана туьйхира театрехь шена хьалха хиина Iечу инарлин къунзал тIе хьоршам я ца туьйхира. И бахьанехь вала а ма веллий иза! Йина вас Медведевн къамело Путинна я ца йина, даьккхина Медведевс бахьана ша хийца я ца даьккхина, и хаттар хIинца ирлуш лаьтта Оьрсийчуьрчу тидамхошлахь.

Медведевс шега цхьана журналисто динчу хаттарна жоп луш, элира, шен, президентан, эшахь, вовшахтоха а, дIасахеца а бакъо ю Министрийн Кабинет, аьлла. Президенталлин мукъ буьззина шен карахь бу бохург дара цуьнан иза.

Амма и тайпа къамел дан а и хIуттуш велахь, сахьт дац цо кхана кхин а кΙоршамениг шена дуьхьалдаккха, аьлла хетта Путинна, цундела чIагIо йина цо шен гонехь ша Медведевга ханна дIабеллачу меттиге юхаван, боху тидамхоша.
Медведев нах тешо гIерта ша Путинан куьйга къелхьара тайниг йоцийла, ша буьззина мукъ карахь болу президент вуйла


Иштта, кхин цхьа хIума а тусаделла хуьлучунга ладоьгIуш Iечарна. Хетарехь, президентан гIантахь Iечу юкъанна Медведевн шен а билгалбаьлла Путинчух бозуш боцу го. ТIетовжа оьшучу оцу агIоно дика гIортор яхь, Медведевс а йилла мега шен цIе харжамийн кхоже, шеца къовсалуш милла а хилахь а, боху тидамхоша.

Медведев тоъал хьекъале ву, цунна тоьар бу, Путинца къийса а ца луш, цуьнан IиндагIе а хIуттуш, бертахь вухавала кхетам, боху ойла а лела анализашкахь. Амма Сколковохь дина къамел мелла а маьрша, майра, возуш воцчу стеган санна дара, боху Санди Таймсo.

Медведев нах тешо гIерта ша Путинан куьйга къелхьара тайниг йоцийла, ша буьззина мукъ карахь болу президент вуйла.

Харжамашна гонаха, мила хир ву дарж къовсуш, боху хаттар десташ хилар а гуш, Медведевс дIахоуьйту, шена моггучу кепара, шегара дарж ша кхин а цхьана рожанна карахь сацо лаам болуш вуйла, боху газето. Цо а, дуккхаъчу политикаша а тидарехь, харжамийн кханене цхьаьна ваха а тарло Оьрсийчоьхь коьрта ларалуш волу ший а хьаькам.

Ткъа и иштта нисделча муха хуьлу, да а, воΙ а санна волчу оцу шиннах мила къасто веза, боху хаттар лаьтта оьрсашлахь.

Ткъа официалана тIе а тевжаш ала цкъачунна хIума а дац оцу хьокъехь -- харжамех дерг, цигахь дакъалацар я цалацар пачхьалкхан къайленан тIегIан тIе даьлла хIинцалерчу Оьрсийчоьхь. Цундела халкъашна дуьсург цхьаъ бен дац – хаам ма бинна и тIеэцар а, де тIедеъча тийна таьIIина харжамашка дахар а.
XS
SM
MD
LG