ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Еврокхело Кхин а Кхо Нохчо ХΙаллакварна Бехке Йина Оьрсийчоь


Нохчийчохь шолгΙа тΙом боьдуш, шайн чуьра дΙа а вигина, кхо нохчо доьза вайъарна бехке йина Оьрсийчоь Европин кхело. ТIаьххьарчу пхеа шера чохь Страсбурго нохчашца доьзна листинчу 200 девнах тΙаьххьарниг ду иза. Харцонна тΙехь тоьллачу кхаа доьзална Оьрсийчоьн охьадилла дезар ду ши бΙе ах бΙе эзар ца кхоччуш евро.



Кхаа доьза вайъинчу нохчочун гΙуллакхаш цхьаьнатоьхна листина Еврокхело. Хьалхарниг Шелан къоштарчу Мескар-Эвлара Касумов Ιабдулла ву. Сатоссуш чулилхинчу оьрсийн эскархоша, шен цΙера, коьртах мΙаьжиг а йоьллина, етташ, араваьккхина, дΙавигина Ιабдулла 2002-чу шеран гурахь. Жима стаг кхин юха ца веана.

ШолгΙаниг, Кудаев Мохьмад, 2004-чу шарахь Соьлжа-ГΙалара, шен чуьра, дΙавигинарш, гергарчарна хетарехь, Ямадаев Сулимас куьйгалла деш хиллачу «Малхбале» батальонера нах хилла. И цара Ведана шаьш куп тоьхначу метте дΙавигинийла а хиина цΙерачарна. Иштта дΙавиггарх вайна Кудаев.

КхоалгΙаниг, Герасиев Валид, 2000 шеран Ιай лаьцна. Лаццале де хьалха, хьуьнха дечиге вахханчохь бомбанийн кхиссаршна кΙел а нисвелла, лазийна иза. Оцу бахьанийца, шен цΙа ца кхачалуш, ша дечигехь хиллачу луларчу юьртахь буьйса яккха сецна хилла Валид. Амма дΙа а вигина, хΙаллаквина шолгΙачу Ιуьйранна «зачистке» баьхкинчу оьрсаша.

Еврокхело бина сацам иштта бу: Оьрсийчоьно талхийна Европин конвенцин шолгΙа артикл – адаман даха бакъо, кхоччуш ца бина пачхьалкхерчу Ιедало и кхо стаг верца доьзна талламаш, низамца а доцуш лаьцна кхуьй а.

Касумовн, Кудаевн, Герасиевн доьзалшна а, уллерчу гергарчарна а кхело Оьрсийчоь декхаре йина ши бΙе ткъе ши эзар евро охьадилла.

ТΙаьххьарчу пхи-ялх шера чохь Европин кхело листинчу нохчий оьрсаша байъарца доьзна Оьрсийчоьнна диттинчу гΙуданийн барам ши миллион евроне кхоччуш бу.

Ткъа кхелехь толлуш а, листа кечдеш а а ду кхин а дуккха а девнаш. Цунах лаьцна дийцира Маршо Радиона Голландехь куп тоьхначу Оьрсийчухула йолу низаман инициатива цΙе йолчу юкъарлонан экперта Весселинк Эгберта. Иза а, цуьнан хьукмат а дукха хан ю Ιедало бакъонаш талхийначу Оьрсийчоьн бахархошна юридикан гΙо латтош Ιен.

«I00 сов гΙуллакх ду тхоьгахь хΙокху сохьта. Оцу I00 сов гΙуллакхехь оха толам баьккхина. И нах тхоьга схьабахкар бахьана ду царна оьрсашлахь нийсо карош цахилар. Церан дегнаш чу паргΙато юссу, и гΙуллакхаш адамийн бакъонаш ларъечу хьукмате дΙа а кхачийна, цигахь шайна нийсо карийча. Цхьадика, оцу кхелехь царна, коьртачу декъанна, иза кара а йо.»

Европин Страсбургерчу кхело, шен хенан таронашка хьаьжжина, юкъара схьаэцча, кхоъ-диъ дов толлу баттахь. Гуш ма-хиллара, Весселинка тоьшалла а деш, цигахь хΙинца а рогΙехь лаьтта деккъа Нохчийчуьрчу бахархойн I00 сов долу арз талла Еврокхелана оьшу массийтта шо.

Иштта алссам ахча охьатаса дезар ду шен куьйга кΙелхьарчу нохчийн халкъана дуста ца даллал дукха зенаш динчу Оьрсийчоьн. Ткъа ахчано восах цΙандийр ду олийла а дац тΙерачу дех, я вешех-йишех къастийначу нехан дегнаш.
XS
SM
MD
LG