ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIуъа а Дича Къепе ХIунда Ца ХIутту Къилбаседа Кавказехь?


ДегIаста -- Полисхо бомба иккхинчу меттехь гIарол деш ву, ХIинж-гIала, 22-09-2011
ДегIаста -- Полисхо бомба иккхинчу меттехь гIарол деш ву, ХIинж-гIала, 22-09-2011

ХIокху тIаьхьарчу 15 шарахь Къилбаседа Кавказ синоним хилла «тIом», «бохам», «адамийн бакъонаш эшор», «кхел йоцуш, адамашна таIзарш дар», «коррупци», «йоьхна экономика», «исламан терроризм» а олучу кхетамашца. Деккъа цхьана шарахь 754 стаг вийна, шуьйра дIахьуш доцчу тIеман тасадаларшкахь. Эккха кечделлачу молханца юсту Къилбседа Кавказ гуттар а. Иза Оьрсийн Федерацин дегIаца йолу вуон цамгар ю олу. Цул сов, и кIошт Iаьржа Iин ду олуш Iедал ду Оьрсийчохь, миллиардаш соьмаш тIепаза довш долу

Итт миллионал кIезиг нах а бехаш, дукха хьолахь юрт-бахам болу, лаьмнийн кIошт муха йирзина оццул сиха, цхьа а къепе йоцчу бохаме? Доза а доцуш, цIий Iеночу меттиге?

И процесс йолийнарг а, дIакхехьнарг а яра, геннара хьекъалш а доцуш, тилбеллачу, шайн хьашташ кхочушдан арабевлла хиллачу божарийн цхьа жима жIуга. Цхьана агIора, Оьрсийчура лидерш а, церан меттигера хьадалчаша а шайн карьера а, цIе а йира, цкъа Нохчийчохь, юха ерриг а Къилбседа Кавказехь а. Вукху агIора, меттигерчу бахархоша кара герз ийцира царна дуьхьало ян. Юьхьанцара, Нохчийчоь маьршаяккха а, йозуш ца хилийта а.
Оьрсийчоьнах дIа а къаьстина, ша шех йозуш ца хилар дIакхайкхийначу Нохчийчу оьрсийн эскарийн арданг хьажийра, хIетахь оьрсийн президент хиллачу Елцин Бориса. Цуьнан Iедалехь тIеман министр хилла Грачев Павло дозаллаш а деш элира, цхьа кIезга-мезга тIом а бина, нохчийн президент хилла Дудаев Жовхар аратосур ву ша. Жимчу тIамах аьттехьа а гIуллакх ца хилира. I996-чу шеран охан баттахь Дудаев вийра, амма, дуьхьала тийсалуш хилла нохчий юха ца бевлира. Цу шарахь аьхка гIала тIемалоша схьаяьккхичи, оьрсийн юхабовла дийзира. Уьш кIажабухе кхаьчнера. Йохийна Нохчийчоь юхаметтахIоттор тIе а лоцуш, Москохо Нохчийчоьнца чIагIбина барт чекх ца баьккхира Кремло.
Белхаш боцуш, дан амал доцчу республикехь даьржира зуламаш а, адамаш закъалтана лецар а. Цунах пайда а баьлла, Нохчийчохь даржа долийра салафитийн ислам. Къилбседа Кавказера хьал толлуш йолчу Маршо радион аналисто Фуллер Элизабета бахарехь цунах боккха пайда ийцира Басаевс а, Хаттаба а.

Фуллер: Исламизацин процесс, эр вара, закъалтана лецира Нохчийчохь хиллачу хьалхара а, шолгIа а тIемашна юкъахь. Къаьсттина Басаевс а, Хаттаба а. Цу хенахь дуьйна а, къаьсттина, тIаьхьарчу ялх-ворхI шарахь, Нохчийчура тIемаш дIасабаьржира Нохчийчоьнна луларчу Дагестанехула а, ГIалгIайчухула а, ГIебарт-Балкхаройчухула а. Цул тIаьхьа исламан фактор дуккха а чIагIъелира.
Иза ду коьртачех цхьаъ долу бахьана Дагестанера, ГIалгIайчура, ГIебарт-Балкхаройчура а полицино къоначу бусулба нахана хаддаза тIелетарш даран а, чубохкаран а, къайлаха лечкъоран а, къизаллаш лелоран а, байаран.

Маршо радио: Кремлан Iалашонца а догIуш, хIинца дицделла Нохчийчура дов стенна тIера доладеллера.

Фуллер: Къилбседа Кавказехь ислам юхаметтахIотторан, иза а каро хьажаран процесс, кхеташ ма-хиллара, "перестройка" муьрехь йолаелла ю. Нохчийчохь хьалхара тIом болабале дуккха а хьалха. Нохчийчура хьалхара тIом динца боьзна тIом бацара. Къам маьршадаккхаран тIом, Нохчийчоь йозуш ца хиларехьа бина тIом бара иза.

Маршо радио: Басаевс шен тобанца Дагестанна тIелатар дича, цхьанне а вевзаш воцчу оьрсийн премьер-министро Путин Владимира шолгIа тIом болийра Нохчийчохь.
Иза дIакхийхьира, Москохан муьтIахьалла гайтинчу, Нохчийчоьнан муфтий хиллачу Кадыров Ахьмат-Хьажас. 2004-чу шеран май баттахь иза вийча, цуьнан кIантана Рамзанна гIортор йира Путинс.

Нохчийчоьнна луларчу ГIалгIайчохь бехк боцу нах лечкъон а, царна тIехь къизаллаш ян а аьтто баьккхинера, ФСБен векало, гIалгIайн президенто Зязиков Мурата. Оцу кепара, шен куьйга, церан вежарий а, гергарнаш а Басаевна тIе дIаэхийтира Зязиковс. Нохчийчохь болабелла хилла къийсам ГIебарта-Балкхаройчу кхаччалц дIабахара. Хiинца ерриг а Къилбседа Кавказехь, ала мегар долуш, уггар а хьалха ницкъ бечарах бу къона бусулба дин лелон нах.

Фуллер: Дагалаьцначунна нийсса бIостанехьа долу жамI ло оцу таIзарша. ТIемалойх дIабетталучара совцорна метта, цу хIумано кхин дуккха а, дуккха а кегий нах хьуьнха дIабохуьйту.

Гергарчу масех шарахь и кIошт карара ца ялийта, кхин дIа а тийсаялар бен, кхин цхьа а некъ бац Москохан. Амма и тийсаялар, цуьнан кураллица а, империн ойланца а йоьзна ю. Яц, миллионаш бахархойн цIа долчу цу регионна сагатдеш. Къилбседа Кавказе дуьххьара ког баьккхичхьана дуьйна, цIий Iеночу Оьрсийчоьнна масех бIе шарахь кхин некъ ца карийна.
XS
SM
MD
LG