ТIекхочийла долу линкаш

Къилбаседа Кавказера Кегийрхой Вахьабхой Бац, Нийсо Лоьху Нах Бу


Оьрсийчоь -- Абу Муслим, "вахьабхо", Дербентан базарахь мах беш, ДегIаста, 02-06-2010

Оьрсийчоь -- Абу Муслим, "вахьабхо", Дербентан базарахь мах беш, ДегIаста, 02-06-2010

Оьрсийчохь, шаьш «вахьабхой» олучу нахаца латтош болу къийсам эвсара баьккхина Iедалша. Оццу хенахь, и къийсам луьрчу тIегIанна тIе мел болу а, шаьш шайха «салафиташ» олучерийн могIарш стамло. Ислам а, политологи а евзачу говзанчийн хьесапехь, и ша болу къийсам, социалан протестийн амал йолуш бу. Iедалша харцонаш лелайо, кегийрахоша нийсо лоьху. Амма, Iедалехь алссам ницкъ бу. Толам а, цкъачунна, цуьнгахь бу


Къилбседа Кавказехь делан денна алсамдолуш ду Iедалшна реза боцчу кегийрахойн терахь. Цара хIун боху аьлла ладогIарна а, церан лаам хьесапе эцарна а метта, уьш радикалан исламистйин, аьлчи а, вахьабхойн могIаре а язбина, царна дуьхьала жигара къийсам кхайкхийна Москохо. Амма говзанчийн хьесапехь, вахьабхойн, нийса аьлчи – Къилбседа Кавказерчу салафитийн болам 16-чу бIаьшарера дуьйна схьабогIуш бу.

Къилбседа Кавказехь делан денна алсамдолуш ду Iедалшна реза боцчу кегийрахойн терахь. Цара хIун боху аьлла ладогIарна а, церан лаам хьесапе эцарна а метта, уьш радикалан исламистйин, аьлчи а, вахьабхойн могIаре а язбина, царна дуьхьала жигара къийсам кхайкхийна Москохо. Амма говзанчийн хьесапехь, вахьабхойн, нийса аьлчи – Къилбседа Кавказерчу салафитийн болам 16-чу бIаьшарера дуьйна схьабогIуш бу.

Политолог а, исламан говзанча а волу Гиреев Руслан: 16-чу бIаьшарахь уггар а вевзачех волчу, салафизм яржорхочо Салех Iели Аманис дин хьоьхуш йолу школа йиллинера Гази-кумыхехь. Дикка евзаш яра иза. Цул сов, иза тIечIагдеш 19-чу бIаьшарера маьждиг а ду, оццу кIоштахь. ЦIена вахьабхойн маьждиг. Цундела, вахьабхой 90-чу шерашкахь, Оьрсийчохь демократи яьржича гучубевллера бохург, бакъ дац.
Кхин ду, иза яржаран барамах лаьцнарг. ХIинца ваххабизм яржоран кеп кхин ю, хьалхалерчух тера а йоцуш.
Нагахь санна, вай юьйцуш ерг суннийн боламан юкъара ваххабизм елахь, муьлхха а ницкъ бар керстадо цо. Аьлчи а, КъорIано бохург деш волчу вахьабхочо диттан тIера сара а боккхур бац. Оццул чIогIа ю цуьнан принципаш.


Iедалан урхаллийн уггар а лахарчу тIегIанера стоьлан дайшна тIера мехкан куьйгалхошна тIекхаччалц, массо а кхаьънаш оьцуш бу Къилбседа Кавказехь а, ерриг а Оьрсийчохь а. Урхалла дар, юкъараллин тIехьажаран а, таIзаран а гIирс санна го царна. Шайн харц гулбинчу бахамашна жимма а кхерам буйла хиъча, гена бовла кийчча бу хьаькамаш. Адамаш дайаран бист кхаччалц. И ша дерриг а гучу кегийрахойн кхин дан хIума ца дисна. Амма уьш реза бац, шаьш вахьабхойн могIарх дIатохарна.

Гиреев Руслан: Хала хеташ делахь, кхузахь масийттаза дIаяьхьначу тIеман кампанеша шайн тIеIаткъам бина. ТIаьхьарчу хенахь Iедалш хIун дан дуьйладелла аьлча, шайна реза боцчу, протесташ ечу кегийрахойх ваххабиташ олу. Иза нийса ма дац. Оцу Делах тешаш болчу кегийрахоша шаьш а тIе ца дуьту, шаьш ваххабизмах хьакхаделла ду бохург. Цара иза 18-чу бIешеран тIаьхье а лору, цхьана стагах, шейхах Аль Вахабах а дузу. Цара шаьш салафиташ лору. ХIунда аьлча, дукха хенахь дуьйна Мохьмад пайхамарна тIера дуьйна схьадогIуш лору цара иза.

Дозанаш къевлина латточу хенахь, Советан режимана атта дара, шен пропагандех могIарера бахархой бузон. ХIетахь луьрчу Iедалша керстадина хилла дин, Советан пачхьалкх йоьхча, маьршша лелон йиш хилира. Цхьа харц система йоьхча, нийсо лаха буьйлира нана йоккхачу пачхьалкх-набахтехь баьхна бахархой.

Гиреев Руслан: Муха нисделла хаьий хьуна иза? 90-гIа шераш дIадевллачул тIаьхьа дукха кегий нехан аьтто белира дозанал арахьа дIасабаха. Дуьненаюкъарчу центршкахь Iамийра цара бусулба дин. Кхеташ ма-хиллара, цара цигахь Iамийнарг а, царна цIабаьхкича, кхузахь гуш дерг а цхьана ца догIу. Ма-дарра аьлча, го-баьккхина яьржина йолу коррупци, ницкъ карахь болчара шайн гергарнаш тIеозор, царна бен гIо а, аьттонаш а ца бар, къайлаха йолу экономика а... И массо хIума а, бакъволчу бусулба стага хьарам, магийна доцу хIума лору. Оцу кепара, Iедалийн харцонашна реза ца хилар ду иза. Цунах социалан протест хилла. Кегий нах чIогIа реза бац карарчу хенахь хуьлчунна. Хала хеташ делахь а, герз караоьцу цара. Царна кхин некъ ма ца битина. Шаьш лийр ду хуъушехь, шайна оцу новкъахь дика хIумма а карор доций хуъушехь, хьаннашка дIабоьлху уьш. И тайпа ойланаш яржар эвсар даьлла цундела. ТIаьхь-тIаьхьа, иза а хала хеташ ду, радикалан новкъа бовлу кегийрахой. Тхан республикехь хилла ца Iа иза, ерриг а Къилбседа Кавказехь дерриг ду иза.

Делахь а, хIуъ мах белла а, Къилбседа Кавказана тIехь ден урхалла дIахеца лууш яц Москох. Даханчу кхаарин дийнахь керла директива тIеэцна оьрсийн Iедалша.
Цуьнца а догIуш, Къилбседа Кавказехь гIуллакх дечу оьрсийн ницкъийн векалшна – эскарехь гIуллакх дан кхойкхучарна а, карьера еш болчу эпсаршна а, ахчанах тIом бан боьлхучарна а - оцу массо нахана луш долу ахчанаш кхузза алсамдохур ду хIинций дуьйна. И бохург ду, Москохана Къилбседа Кавказ кхуьийла ца лаьий. Цигахь мелла а беха тIом лаьттийла лууш ду, Кремлехь чIагIделла Iедалш.
XS
SM
MD
LG