ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Магмадова Iайшат Набахтера Араялийтина


Магмадова Iайшат, терроризмана бехке а йина шина шарана чуйоьллинера. Iайшатан архивера сурт.
Магмадова Iайшат, терроризмана бехке а йина шина шарана чуйоьллинера. Iайшатан архивера сурт.

Даханчу шеран ГIуран беттан 26-чу дийнахь Москох-кIоштан кхелан сацамца а догIуш, ши шо хан кхайкхинера Магмадова Iайшатана, терроизмана гIортор ярна а, низамехь йоцу тобанаш кхолларна а, бехке а йина. Изза бехкаш а кховдийна, ялх шо хан тоьхна цуьнан вешина, Аптина. Iайшатана тоьхна ши шо, хIокху беттан 19-чу дийнахь чекхдаьлла.


Iайшат шен цIаеана дукха хан а ялале, Маршо радионо мобилан телефонехула къамел дира цуьнца.

Маршо радио: Шун гIуллакхца доьзна ду, Летувехь кхеле озийначу Кусайте Эглен гIуллакх а. Террорехь бехке еш ю иза а. Хьуна Эгле йовзар муха хилира аьлла хаьттира оха Iайшате.

Магмадова: Цхьана нохчийн форумехь евзина. Дукха хан ю иза хилла. Сан 17 шо долуш, 2005-гIа шо хир ду иза. Москох суна девзаш хиллачу зудаберашца цу форумна т1ехь дIаса хIума а яздора, доттагIалла леладор-кх оха. Цо (Эглес) соьга ша яздира соьга. ХIинца-м и форум йоцуш ю, дIаяьккхина иза. Москох доьшучу берийн цхьана тобан "цхьанакхета" меттиг ма ярий иза. Иза цу тIе муха кхаьчна а-м ца хаьа суна, бакъдерг дийцича. Цхьаннена а евзаш яцара иза. Москохара а яцара иза. Соьга сайга хаам баийтира цо, "дин тIелаьцна яра ша, бусулба нах бацара (шена бевзаш) гергарло дезара шена" аьлла. Цу тIера дуьйна доладелира тхан вовше довзар.

Маршо радио: ХIетте а, кхело кхийдочу бехкий коьрта бух, шина йоIа, билггал вовше яздинчунна тIехь хIоттийна бара.

Магмадова Iайшат: Сан бехк бечу кхелан документашна тIехь охашимма вовше яздинчух хIумма дан а дац. "Привет", "пока", "мама хIун деш ю" алар доцург... Вуьшта, цо Арсагераевн почтин тIе яздинарг ду. И почта сан а, Аптин а ю моьттуш. Аса Эглега дийциний, я Аптис цуьнга дийциний, хIумма а дац. Диктофон тIе яздина цхьа къамел ду цо дина. Ткъа тхоьца дийцина хIумма а дац. Ур-атталла, дин а ца дийцина оха цу тIехь. Массо а бусулба наха оха долу хIума аьлла охашимма "элхьамдуьлиллахI", "иншааллахI" бохург. Амма кхин-м дац. Я оцу кехаташна тIехьаа дац-кх кхин х1умма а.
Террорца боьзна бехкаш кхийдочу, нохчашца доьзначу цхьа моггIа гIуллакхашкахь санна, кхузахь а, нохчо Арсагераев Хьасан ву тIеозийна. Iайшатан вешица цхьана школехь дуьйна дешна а, доттагIа а хилла волу. Цо талламхошка дийцинарг йишиний, вешиний дуьхьала даьллера

Магмадова: И почта юй (имейлан почта), цо (Арсагераевс) суьдехь а элира иза, "шен почта ю иза, делахь а, Аптига а лелалуш почта яра иза". Я Аптина а, суна а и кехаташ гина дац. Оха дешна а дац уьш. Таллам дIахьучу хенахь девзина ду суна и адрес а - utro1429. Ша Арсагераев а къера вара, ша Эглеца юкъаметтигаш латтийна хиларна. Ша Апти волчуха яздеш хилла иза. ТIаккха оха элира кхелехь, цо (Арсагераевс) ша а оццул жигара ша Эглеца юкъаметтигаш латтийнера бохуш хилча, иза тхуна уллехь хIунда вац? Ла ца догIар-кх цара. ХIа, Аптис и ахча (500 доллар) дIахьажочу хенахь а, цхьана хилла ма вай и шиъ. Оха "вербовать" иза (Эгле) еш хиллехь, оха вовше дIасахьовсийна кехаташ гайта тхуна, къамелаш схьагайта аьлча, кхелехь берш цхьана агIора тхоьга ладугIуш бацара тхоьга.

Маршо радио: ХIара бу аьлла, кховдо бехк боцчу талламо, Iайшатега муьлхха бехк лаций а, тIелаца бохуш хилла:

Магмадова: "ХIуъа бехк лаций а, муьлхха бехк лаций а, цхьана зуламна къера хилахь. Ша дерг ца лацахь, цхьаъ мукъа а тIелаца. Зуламан цхьа дакъа мукъа а тIелацахь," ма олий цара. "Къаьхьа де дан кечделла шу цхьа тоба ю Москох. Тхуна хаьа, Керлачу Шарна а кечамаш беш дара шу", бозура. Кхерамаш тийсара чIогIа. "Схьадийца тхоьга, хьайна тIелаца зулам", бохуш. Хьайн ойла ца яхь, ден а, ненан а ойла е, хьан веший бераш а ду хьалакхуьуш. Уьш хьалакхиийта лууш юй хьо? Лууш елахь, хьайна тIелаца" алара.
Шаьш со Хоси-юрта, Рамзан (Кадыров) волче дIахьажор ю хьо. Цо ловзор яц хьо, бохура. Кхерамаш тийсара. АлхьамдулиллахI, Аптина санна, етташ, хьийза ца йира.

Маршо радио: Шех Iоттаделлачуо дикка ягийна Iайшат. Нахах болу тешам дIа ца баьлла шен, амма, интернетехь ларлуш хила веза олучунна тIехь а, къамел дан тIелоцучу нахаца а, элира цо.

Магмадова: ЧIогIа ларвала веза. Цхьамма, ша бусулба ву аьлла, яздича, хаза-м хета. Даггара массо а тIелаца веза аьлла ца хета суна. Ларлуш лела веза. Интернетехь бен вевзаш вацахь, мелла а, генахь латтон веза ца вевзаш волу стаг. Дог а диллина, комаьрша хила ца веза интернетехь. Интернетехь а, форумашна тIехьа а вайн цIера тема йийцарх, толур долуш хIума а дац. Ларвала веза.

Маршо радио: МагмадовгIеран адвокат Хадисов Муса цхьана агIора, воккхавевеш ву, Iайшатана тоьхна хан, иза мел харц кхайкхийнехь а, кIезиг хиларх.

Хадисов Муса: Иза боккха кхиам хета суна, хан а тоьхна, иза араялийтича а. ХIунда аьлча, оьрсийн кхелаш йозуш йолун дера. Со-м кхоьруш вара цунна цхьа йоккха хан тохарна. Цара араялийтина иза, чохь яьккхина хан дIа а лерина. Цуьнан (Iайшатан) бехк боций, оха кхелехь, дуьххьала дIа дуьйна, яздеш, дуьйцуш, къийсинера. Цуьнгахьа къуьйсуш тхо дийнна доьзал бара - сан ши кIант а, со а. Баккхийбеш бу уьш а. Делахь а, цу тIехь севцца, Iа дагахь дац тхо. Совцур а дац. ХIунда аьлча, тхуна хетарехь, суьдана гайта шортта тоьшаллаш ду тхан. Цундела, иза араяьлла йоллушехь, иза бехке яц аьлла, Кассацин инстанце аьрзнаш яздина оха.

Маршо радио: Еххачу хенахь Летуверчу лерринчу ницкъаша, кIамъеш, цхьаъ далийта гIерташ, лелийначу Кусайте Эглен гIуллакх, МагмадовгIерчуьнца дуьйзира оьрсийн кхелахоша а. Делахь а, и ши гIуллакх цхьанатоха реза ца хилира.

Хадисов Муса: Кусайте Эгле, цо бусулба дин тIеэцна аьлла, цара (Летувин Къайлаха Ницкъаша) тидаме эцна хилла иза. Вай, кхузарчарца цхьана. Оцу юкъа валийна цхьа нохчо, теш вара церан. Цо ФСБена болх беш санна хийтира тхуна. Аптица кхиъна а, цуьнан доттагIа а хилла волу. Цуьнца цхьана чохь Iаш воллушехь дина цо иза. Ша ерш а, иза (Апти) бехке веш, тоьшаллаш дина цо талламана хьалха. Амма, цо мел дийцинарг бакъ доций оха дIахаийтира царна.

Маршо радио: Оьрсийчура кхелаша нийсонца кхелаш еш йоцийла, дерриг дуьненна а хууш хIума ду боху Хадисов Мусас.

Хадисов Муса: Суьдаш юй, уьш парггIат, шайн лаамехь, низамца сацамаш бан юьтуш яц. Коррупци кхелашкара дIаяккхахьара, тIаккха таханлера хьал хир дацара. Хьал муха ду аьлча, хIокху кхелах тешаш цхьа а вац.

Маршо радио: ХIинца Оьрсийчура Лаккхарчу Кхеле а девлла, цигахь а нийса ца караяхь, Страсбурге бовла Iалашо йолуш бу, МагмадовгIеран доьза ла, цуьнан адвокаташ а.

Хадисов Муса: Страсбурге дIалур ду-кх оха и гIуллакх. Кхузарчу Лакхарчу Кхело нийсо ца яхь, Страсбурге девр ду-кх тхо. Кхин дан хIума дац.

Маршо радио: Бехк а боцуш, чубоьхкина хиларал совнаха, террорахой бу боху нохчашна тIекхоьллина цIераш, буьззинчу барамехь, дIаяха езаш хиларх тешна ву адвокат Хадисов Муса.
XS
SM
MD
LG