ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхин Цхьа Де Даздан Кечлуш Ду Нохчийчура Iедал


Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан (юккъехь) зуькарехь дакъа лоцуш, Соьлж-ГIала, 25-02-2010
Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан (юккъехь) зуькарехь дакъа лоцуш, Соьлж-ГIала, 25-02-2010

Чиллан беттан 4-чу дийнахь юха а даздарш дIадахьа кечлуш ду Нохчийчура Iедалш. Шортта харжаш а еш, Мохьмад-пайхамар вина де билгалдаккха йолу шайн Iалашо йовзийтина цара. Цу дийнахь гIийла-мискачарна гIо а деш, сагIаниш дохур долуш делахь а, кIезиг бац Нохчийчохь, массанхьара хьеший а кхойкхуш, шатлакх-фейерверкаш кхуьйссуш, ечу харжашна реза боцурш



Нохчийчохь, массо вола а воьлла бакъдерг ду, урхаллехь берш бен-бен даздарш вовшахтохарна а, дIадахьарна а тIера хилар. Бозуш боцчу тергамхоша тоьшалла дарца, цара иза до, самукъа а долуш, хьасартне а, ахча ца кхоъош, комаьрша а. Официалан Iорабаьккхинчу хаамца, рогIера даздарш, Пайхамар вина де билгалдаккхуш Нохчийчохь дIахьуш ду Чиллан беттан 4-чу дийнахь.

Лерина цу Iалашонна кхоьллинчу цхьанатохаран комитетан коьрте хIоьттина ша мехкан куьйгалхо Кадвров Рамзан. Цу тобан декъашхой кхайкхийна кIоштийн гIантдайшна тIекхаччалц, бу мел боху, хьаькамаш. Схьагучу суьртехь кечам бегашийна беш бац. Динан урхалло молланашна а, имамашна а хьалха декхарш хIиттийна Пайхамаран дахар а, кхоллараллин некъ а бовзуьйтуш, маьждигашкахь хьехамаш бар.

Ишта, Чиллан беттан 4-чу дийнахь кIошташкахь, ярташкахь мовлдаш а доьшуш, зуькарш а деш, даккхий цIий-сагIанаш дохур долуш д. ГIийла-миска бохкучарна жижиг а, дама а дIасадоькъуш. Ткъа, Пайхамар вазваран коьрта хиламаш дIахьур болуш бу Соьлжа-гIалахь, гуттар санна, эзарнаш серло-седарчий даржош, стигал кхалош, фейерверкаш а кхуьйсуш.

Бакъдолчух цатилорхьама аьлча, дагалецамечу деношкахь къечарна сагIийна рицкъ декъар, дукхах болчара къобалдеш хIума делахь а, бахархоша цхьабосса тIеоьцуш а, кхетош а дац, бIеннашкахь беза хьеший а луьстуш, сел зевне даздар-цхьаьнакхетарш дIадахьар. Цу хьокъехь шен хьажам-ойла йолчех ву Соьлжа-гIалахо Ваид.

- Аса а, кхечара а, даггара къобалдеш хIума ду сагIа даккхар. Амма дукхах болчара ца оьшуш, совнаха лоруш дерг хIун ду? И даздарш вовшахдетташ хьоьгу къа, миллионашкахь дойъу ахча ду-кх - хьеший луьстуш, лазеран салюташ кхуьссуш. Кхара вазван оьшуш ву Пайхамар?(Делера салам маршала хиларг) Мел дукха бу хир хаьддарш, амал доцурш. ДIалохьа и ахчанаш гIийлачарна, мискачарна, массо маьIIера хьеший вовшах а ца бетташ. И аьлла хетта-кх суна а, нахана а. Соьга хаьттича и яр-кх ял а, мел алсам хуьлу агIо а, де эшначу нехан самалха долу хIума а.

Махкахь кест-кеста дIахьучу даздарийн хьокъехь и тайпа хьажам берш кIезиг бац. Делахь а, шайга хоьттуш хIумма а ца хиларе терра, уьш аз а, я дош а доцу хьовсархой а хилла, Iад Iаш бу. Iедалехь болчара йохучу гIулчех баккхийбебан шайн меттиг яцахь а.

Ваида а, могIарерчу кхечу нохчаша а дийцарехь, шайн доьзалшна сингаттам ца балийта, са а детташ Iаш ду адам, Iадийча санна.

Бакъду бахархошна къастам боллуш хууш ду чиллана беттан юьххехь дIахьун долчу даздаршкахь, дешан кIорге йостуш, хастаме къамелаш деш а, хьоьстуш берш а муьлш хир бу а, тIех реза хьовсархой а хилла, тIараш детташ берш муьлш хир бу а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG