ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чекхдаьлла Шо Кхиаме Лору Нохчийчура Ницкъаша


Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан мидал уллуш ву Заводан кlоштан полицин декъан хьаькаманна Саказов Асламбекана, Оьрсийчохь полицин де даздечу дийнахь, 10Лах2011
Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан мидал уллуш ву Заводан кlоштан полицин декъан хьаькаманна Саказов Асламбекана, Оьрсийчохь полицин де даздечу дийнахь, 10Лах2011

Чекхдаьллачу шеран жамIаш дина Нохчийн республикин низамхойн урхаллехь. Цо бинчу белхан лакхара мах хадош, бIо къажош, хастаме дара, Чоьхьарчу ГIуллакхийн министро далийна терахьаш. Полисхоша 2011 шо кхиаме дIадерзийна хета мехкан куьйгалхошна а.



Чекхдаьлла 2011-гIа шо ницкъаллин структураша толаме дIадерзийна лоруш, цара махкахь къепе хIоттош бинчу белхан лакхара мах хадош, жамI дина полицин урхаллин буьйранчаша а, махкахь Iедалан мукъ карахь болчара а.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министараллин коьртехь волчу инарла Алханов Руслана дIакхайкхорца, даханчу шарахь Нохчийчохь дIаяхьначу тIеман операцешкахь вийна дIаваьккхина 56 гIаттамхо. Ишта-вуьшта герзаца дуьхьало ечеран аьтто барна бехке беш лаьцнарг ву 144 агIонча. Шайн лаамехь герз охьа а диллина Iедало тIекIавинарг ву 30 стаг.

Билгалдаккха догIу министро дало терахьаш, кхушара дуьххьара а доцуш, шеран юьххьехь, «хIоккхул бен ца бисна махкахь тIемалой» бохуш, официала кхайкхош хиллачу терахьел дукха лахара ца хилар. Кху тIаьхьарчу шерашкахь цу кепара, зевне хааме бохучу ницкъаллин структурийн гайтамийн тIехула бен хьесап ца даро а гойту, махкахь тIемалойн хIу дайна хила дезаш хилар. Амма мухха делахь а, хIора шарна а, уьш тоьуш хуьлу дуьхьало еш бала а, низамхошка лецийта а, къаро йина, шайн лаамехь карабаха а.

ХIинцца дIаяьхьначу кхеташонехь низамхойн хьаькамо тидаме оьцу стохка 70 гIоьртташ гIаттамхойн хене бовлу меттиг –базанаш а, герзан къайленаш а хIаллакьйина хилар а. Цу тIаьхьалонна латточу хьуламашкахь, боху Алхановс, низамхойн караеъна 230 бен-бен топ а. 33 эзар сов тайп-тайпа хIоъ-патарма а, цхьа тонна гергга ницкъала эккха тарлун молха а.

Схьагучу суьртехь герзаца дуьхьало ечарца юкъаметтиг къасторехь, церан агIончаш бу бохуш кегийрхой лецарехь, къоьлла хир яц тIедеанчу шарахь а. Кху бовш болчу Дечкен баттахь лаьцнарг ву хIинцале масех жима стаг. ТIаьххьара лаьцначех ву Веданан кIоштан ДаьргIара вахархо, тIемалойн агIонча ву аьлла бахьана а дина.

Полицин урхалло ша дIасабаржинчу хаамца, цунна бехке диллинарг ду 2004-чу шарахь, шен машенахь тIе а кхоьхьуш, гIаттамхошна кхачанан сурсаташ латтор. ХIинццалц зеделла ма-хиллара, цу кепара тIемалойн аьтто бина аьлла, полицин белхахоша кхузахь стаг лацар нисделча, дукха хьолахь, куьг бехке лоруш верг, стенна делахь а, цIарца вуьйцуш ца хуьлу. Цкъачунна Iораяьккхина яц ДаьргIахь сацийначуьнан цIе а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG