ТIекхочийла долу линкаш

ХIун Уьйр ю Ал-КхаIидин Нохчийчохь Хиллачу Лелхийтаршца?


Нохчийчоь - Нохчийн тIемалой Соьлж-ГIалахь, 1994

Нохчийчоь - Нохчийн тIемалой Соьлж-ГIалахь, 1994


ДIадаханчу кIирнахь СаIудин Iаьрбийчохь а, Мароккохь хиллачу терроран тIелатаршкахь лаххара 70 стаг кхелхина, бIеннаш лазийна. ТIелатарийн барам а, кеп а, хатI а цхьа билгало йолуш санна лору хIинца уьш цхьана меттехь а, цхьана Iалашонца кечдина хиларан. Политикан тидамхоша бахарехь, шинхьа тусулуш бин-Ладен Iусамин терроран тобан, ал-КхаIидин, лар ю.

Амма юха а терроризм массо зорбан гIирсийн хьалхарчу агIонашна тIе яьккхинарш Iаьрбийн пачхьалкхаш яцара, Нохчийчоь яра. ЧIулг-юртахь а, Иласхан-юртахь хиллачу тIелатаршкахь алсамо кхелхина нах, СаIудийн махкахь а, Мароккохь кхелхийначарел. Лазийначеран барам а бу дуккха а лакхара. Амма оцу массо эккхийтарна юкъахь йолу зIе, тIелатарш динарш шаьш леш хилар доцург, ган а, билгалъяккха атта дац.

Цхьа Оьрсийн президент хилла ца Iан, Нохчийчохь хилларг дуьненаюкъара терроризмаца доьзна ду ала гIерташ. Сих-сиха и зIе йолуш ю олуш анализаш а гучуйолу тайп-тайпанчу зорбан гIирсашкахь а. Оршот дийнахь, масала, террорца къийсам латточу белхахоша дийцина бохуш, цхьана девзуш долчу малхбузерчу газет тIехь аьлла дара, ал-КхаIидин куьйгалхоша шайн болх Кенехь, Суданехь, Пакистанехь, Нохчийчохь дIатобина бохуш. Далош кхузахь а дацара цхьа а тоьшалла.

Цхьана заманахь террорца къийсам латточу дакъошкахь гIуллакх динчу инарлина Аслаханов Асламбека хIумма а хууш дац ал-КхаIидас Нохчийчохь лелош ду бохучу гIуллакхех. Думин депутатана хетарехь, и тIелатарш десторхьама а, гена даккхархьама а дуьйцуш ду и саннарг.

Аслаханов: "И лелхийтарш ал-КхаIидо деш делахь, вай нах делахь, адамаш делахь, массо талла а толлуш, и боьха хIуманаш хIаллакъян езаш ю-кх. И иштта делахь. Со, цигахь и эккхар хилча, оцу дийнахь дIа а вахана, Знаменскехь а хилла, юха, Гуьмсе а вахана, цигахь а хилла. Бакъдерг аьлча, и толлуш долчара-м ца бах, уьш уьш бу, аьлла. Хьан дина хууш дац хьуна и. Суна схьахетарехь, и ал-КхаIида, бохуш, дуьйцуш долу хIуманаш цхьа и дечарна гена даккха дуьйцуш ду, аьлла, хета суна и."

Оьрсийчоь -- Аслаханов Асламбек, Федерацин Кхеташонан декъашхо, 2009

Оьрсийчоь -- Аслаханов Асламбек, Федерацин Кхеташонан декъашхо, 2009

Шена ур-аттала ал-КхаIида Нохчийчохь цхьаммо хьахош а ца хезна, боху массанхьа кхочуш волчу депутата Аслахановс. Мелхо тIемаш беш бу, бохуш, буьйцуш болу Iаьрбий жим-жима дIаоьхуш бу, бохуш, хаамаш кхочу шега элира Аслахановс

Аслаханов: "Со цига цIавахча, со кхеташ, суна тIе ца вогIуш стаг вац. Цхьаллиг-цхьаммо суна бохуш-м ца хезна, ал-КхаIида кхузахь ю аьлла. Наоборот [мелхо а], цигахь болу и Iаьрбийн нах жим-жима дIабоьлхуш бу, бохуш, дуьйцуш дара. КIезга бисина бохуш."

Нохчийн тIемалойн хьалханчас Масхадов Аслана а дац аьттехьа Нохчийчохь ал-КхаIида ю бохург тIедуьтуш. Нохчаша беш берг кхин тIом бу, боху Масхадовс, хIумма Ал-КхаIидас бечух тера а боцуш.

Масхадов: "Ал-КхаIида а, царгара масал эца а цхьа а тайпа нохчийн муджахIедашна оьшуш дац. Я цаьрца уьйр хила а. ХIунда аьлча, ал-КхаIидо темаш бинчу меттехь, Афганистанехь, хIоьттина сурт нохчашна масал дац. Нохчийчохь берг кхин тIом бу. И тIом болабелла кхо бIе шо кхаьчна. Цхьанна а дийнахь и тIом сецина бац. Нохчийн муджахIедаш лоьхург маршо ю. Нохчийн муджахIедашна мостагIчуьнца тIом бан цхьанна а бин-Ладено ал-КхаIидо Iамо оьшуш дац. Нохчаша милла а Iамор ву тIом бан а, мостагI вовза а, Дала бусулба стагана тIедехкина декхарш кхочуш дан а."

Нохчийчоь -- Масхадов Аслан

Нохчийчоь -- Масхадов Аслан

Ткъа и лелхийтарш деш берш хьан куьга кIеллахь буй аьлла шега хаьттича, Масхадов Аслана ишта жоп делира тхуна:

Масхадов: "Сан куьйга кIел берш а, гIазкхийн федеральни эскаршна дуьхьал тIом беш а -- нохчийн муджахIедаш бу. Цкъа а аса царна омра дина дац, хIусам эккхийта аьлла я миска стаг вен аьлла а. Аса дина омра ду сайн муджахIедашна, герз охьа а диллина, дIаводахь, милцошна а герз ма тоха, аьлла. Нохчо верах ларало, аьлла. Царна дуьхьал диверсионни белхаш ма бе, аьлла."

Нохчийчохь хIоттаделлачу хьолана хьалха Оьрсийн парламента куьйгалхо лаьттинчу Хасбулатов Руслана Оьрсийн Iедало лелош йолу политика хета. И политика нохчашна кхераме хилла ца Iаш, шина хIордана юкъахь Iачу массо къомана бале яла там бу, Хасбулатовна дийцарехь.

Хасбулатов: "И леш бершший, и Iазап хьоьгуш бершший царах суна чIогIа къа а хета, делахь царна моьтту хир ду-кх, xIокху метта, Кремлехь, дац дерриг и зулам. ДIо хьуьнхула лелаш болу бандиташ бу уьш, аьлла, хеташ хир ду-кх цхьаболчарна.

Уггар хьалха кIорге хьо хьаьжча, дерриг и зулам оцу Кремлера охьадогIуш ма ду. Церан политикера. И мел ю и политика, суна хетарехь, и тIом шорлур бу. Кхечу уллехь йолчу республикашна тIебоьрзур бу. Шина хIорда юккъехь, тIом а бина, и массуо нах хIаллакбан гIерташ бу-кх хIорш. Цу тIе, шайн поддержка [гIортор] еза, бохуш, международни [дуьненаюкъара] терроризм ю, бохуш...

Оьрсийчоь – Хасбулатов Руслан, Оьрсийн Федерацин Лаккхарчу Кхеташонан хьалхара (тIаьххьара а) гIантда, 2008

Оьрсийчоь – Хасбулатов Руслан, Оьрсийн Федерацин Лаккхарчу Кхеташонан хьалхара (тIаьххьара а) гIантда, 2008

Вай, международни терроризм хIан делахь хилийтахь, масала, хилийтахь, вай, международни терроризм хилча, международни силы [ницкъаш] хила деза-кх тIаккха оцу метте схьадалийна - американцаш а хила беза, европейцаш а хила беза, кхеченхьара пачхьалкхаш а хила еза.

Иштта дIадерзо деза, бохуш, лелаш вара со. Цхьа план яра вайн дIо Лихтенштейнехь одобрить [къобал] йина. И вайн план йолушшехь, иза хьахош а яц. Машар безаш бу бохуш, цара а тIехь хьаха ца йо".

Дуьненна йицъелла, дуьнено тергал еш йоцу конфликт ю боху Нохчийчохь дуккха цигахь болх бинчу Чехи-пачхьалкхера журналиста Прохазкова Петрас. Массара дIатесна болчу нохчаша, шайга ма-ялло, дуьхьало ю боху цо шайна тIехь ницкъ бечарна. Бин-Ладенс нохчашна деш бу бохучу гIо-накъосталлех лаьцна цхьа а тоьшалла дац шегахь элира Прохазковас а.

Прохазкова: "Хьалхарчу тIеман билгало дийнна Нохчийчоь баккъал маьршонна дуьхьа а, хIора цIийна дуьхьа а тIом беш хилар яра. Баккъал къонахийн тIом, къам паргIатдаккаран тIом бара иза. Оцу хьалхарчу тIамехь маситта кхечу пачхьалкхера стаг дуьхьалкхийтира суна. Уьш дукхачу хьолахь Украинера бара.

Наггахь нислора Iаьрбийн пачхьалкхашкара стаг. Амма цхьа а ладаме ницкъаш бацара уьш. Хийцалу-уш, цигара хьал хийцаделира. Амма массо бахбеллачу тIамана санна, оцу конфликтшана юкъа хIокху дийнна тIера цхьацца и тIемаш лоьхуш йолу тобанаш йогIу. Кхеташ ма-хиллара, ОвхIан-махкахь а, Боснехь а, кхечу мехкашкахь а йолах тIом бинарш Нохчийчу а кхаьчна. Маситта цигахь гинера суна. Цхьа а тоьшалла дац сан, уьш маса вара ала. Делахь а, маситта стаг вара-кх цигахь.

Ал-КхаIидица я кхечу террорхойн организацица уьйраш ю бохучуна тIехь спекулаьцеш лелор ю. Делахь а, суна цхьанна а тайпана ал-КхаIидо нохчашна ахча латтадо боху тоьшаллаш гина дац. Амма керстдан йиш яц сан я цец ер яцара, нагахь санна, хIокху дуьненах сел чIога дIакъастийначу, цхьанна а дас гIо ца лаьцначу нохчаша эххар йилбазера гIо дехча а. Цигара схьадогIуш ду иза.

Чехийн Республика -- Прохазкова Петра, 2002.

Чехийн Республика -- Прохазкова Петра, 2002.

Дийнна дуьнено нохчий тергал беш ца хилча, кхеташ ду, цара хьаьнгара а гIо оьцург хилар. Ахчанца делахь я тIеман гIо делахь. Нагахь церан ал-КхаIидица уьйр елахь, вайн массеран бу бехк, хIунда аьлча, вай нохчий, дIа а теттина, битинера.

ХIинца эххаре, террорхойх дIатоьхна. Амма цхьанна тайпа тоьшалла дац сан, Iусама бин-Ладена Басаевна ахчо ло аьлла, я хаза а ца хезна суна цунах лаьцна хIумма а."

Нохчийчохь хIокху тIаьххьарчу кхаа шарахь бала арабевллачу наха дечу тIелатарийн цхьа ша-тайпа кеп а, юьхь а ю, наггахь бен хьахош йоцу. Дукхачу хьолахь уьш деш берш я зударий, я йоIарий хуьлу. ДIа ладогIа воьлча, оьрсийн эскархой бахьанехь цхьа бохам хилла, цхьа доккха вон тIедеана зударий хуьлу уьш массо хенахь.

Iамеркехь ши эзар хьалхарчу шарахь ал-КхаIидо динчу тIелатарехь ткъайоьсна террористана юкъахь цхьа а зуда яцара. Я дIадаханчу кIирнахь яц гучуяьлла цхьа а зуда СаIудехь, Мароккохь динчу эккхийтаршкахь. ДIа хаьт-хаьттинчу бохуш дерг цхьаъ ду: Нохчийчохь боьдуш берг кхин тIом.

(ХIара программа дуьххьар эфире яьллера 2003-чу шеран стигалкъекъа-баттахь)

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG