ТIекхочийла долу линкаш

Политикана Жигара Юкъабоьлхуш Бу Оьрсийн Националисташ


Политикана Жигара Юкъабоьлхуш Бу Оьрсийн Националисташ

Политикана Жигара Юкъабоьлхуш Бу Оьрсийн Националисташ

Оьрсийчохь национализмаца къуйсуш болчу наха дийцарехь, кху тIаьхьарчу хенахь махкахь лахлуш ду кхечу къомах болу нах цабезар бух тIехь деш долу зулмаш. Цу хеннахь цара билгалдоккху национализм Оьрсийчурча политикан сцени тIейолуш хилар. Цуьнах лаьцна леррина рапорт а кечдина, иза Оьрсийчоьнан Юкъараллин Чоьне дIаделла «Дуьне нацизм а йоцуш» цIе йолчу вовшахтохаралло.



«Дуьне нацизм а йоцуш» цIе йолчу вовшахтохараллан куьйгалхо ву Оьрсийчоьнан сенатор Шпигель Борис а, Юкъараллаин Чоьнан декъашхо Энгель Валерий а. Цулсовнаха и шиъ ву Дерригдуьненан оьрсийн мотт буьйцучу жуьгтийн конгрессан куьйгалхо а. ХIинццалц и вовшахтохаралла шен тидамехь латтош яра Европерачу пачхьалкхашкахь, къаьсттина Балтерачу пачхьалкхахь, йолу радикалан национализм.

Иштта цу вовшахтохаралло шен рапорта тIехь далочу терахьашца 2011-чу шарахь кхечу къаьмнашка цабезам хилар бух тIехь 104 адамашна тIелатар дина Оьрсийчохь. 28 стаг вийна, 129 стаг лазийна ву. Ша аьлча, Москох вийна 9 стаг, 33 лазийна ву. Рапортан авторша дийцарехь, уггара дукха эшам хилла болу нах бу Дагестанера.

ШолгIачу меттехь бу эрмалой, тIаккха узбекаш, африканахой, гIиргIазой, азербайджанахой, таджикаш, гуьржий. Оьрсех зен хилла ву 7 стаг. Уьш уьссалгIачу меттехь бу. Оьрсашна тIаьхьа богIуш бу жуьгтий (зен хилла ву 3 стаг).

Кхин дIа долу сурт иштта ду. Жуьгташна тIаьхьа богIуш бу Мьянмера а, Китайра а, Туркойчура а, Эквадорера а бахархой. Нохчашна юкъахь, цу рапортаца а догIуш, зен хилла ву цхьа стаг.

И сурт дуьззина дац, аьлла хеташ ву «Сова» олучу Оьрсийчохь национализман а, ксенофобин а проблемаш толлучу информацин а, аналитикан а центран куьйгалхо Верховский Александр.


Верховский Александр: "Тхоьгахь жима-тIама кхин терахьаш ду, тхан методика а кхин йолун дела. И тIелетарш дерриш а дац. Ма-дарра аьалча, лоруш долу тIелетарш ду радикалан националистийн жимчу тобанаш деш долу тIелетарш. Ткъа дуккха а ша лаьтташ болу, цу тайпачу боламашца боьзна боцу хиламаш ,цхьанне а ца хууш буьсуш бу".

Иштта ойла йолуш ву къаьмнийн юкъаметтигаш шен тидамехь латтош волу, вевзаш волу Оьрсийчура журналист, «Московские новости» газетан аналист Сухов Иван.

«Дуьне нацизм а йоцуш» цIе йолчу вовшахтохаралло кечдинчу рапорта тIехь билгалдоккхуш ду этникан бух тIехь адамаша вовшашна ницкъ бар шо-шаре мел-долу а лахлуш хилар. Иштта 2009-чу шарахь цу бахьница 83 стаг вийна хиллехь, 20I0-чу шарахь вийнарг ву 46 стаг. Цуьнан бахьана полицино беш болу болх бу, аьлла хеташ ву «Сова» центран куьйгалхо Верховский Александр.

Верховский Александр: "Баккъалла а цара лайина шайн жигаралла. Иза хилла вайн полицино кху тIаьхьарчу масийтта шарахь леррина уьш охьатеIор бахьана долуш. Масаийтта бIаь стаг цу тайпа зулмаш дарна набахте хьажийна. Цундела цо жамI деана, хила мегаш ду аьлла хеталуш долу".

Сухов Иванна хетарехь, политикехь национализм алсам яьлла харжамаш бахьана долуш. Массо а политикан партийша шайн программашна юкъатоьхна къаьмнийн юкъаметтигех лаьцна долу хаттар. Ткъа коммунисташа а, Жириновскийс а шайн цIе-йозанашна юкъатуьйхира националисташца боьзна болу нах.

«Дуьне нацизм а йоцуш» цIе йолчу вовшахтохараллан авторша кхера а ца кхоьруш билгалдаьккхина президентан харжамашкахь дакъа лаца кечвелла волу кандидат волчу Путин Владимира дина долу цхьадолу дIахьедарш националисташ дуьйццург хилар, бохуш яздо Сухов Ивана ша национализмана хьажийначу Московские Новости олучу газетехь зорбане яьккхинчу артиклехь.

Иштта, стохка ГIура беттан 15-чу дийнахь Путин элира, Кавказера оьрсийн регионашка баьхкина болу нах хьеший бу, аьлла. Цара лара деза бухарчу нехан гIиллакхаш, бохуш вара Путин, бохуш дага доьуьйту Суховс.

Цу тайпачу дIахьедарша хер йо оьрсийн а, Къилбаседа Кавказехь дехаш долчу къаьмнийн а юкъаметтигаш. Стохка ГIура-беттан 7-чу дийнахь ша бина болу таллам Iора баьккхира ВЦИОМ олучу Оьрсийчурча талламан центро. Цу талламца а догIуш, Оьрсийчохь къаьмнийн юкъаметтигаш юхуш ю, аьлла хеташ бу 54 % бахархой.

Ткъа Оьрсийчоьнан Iилманан академин социологин институто далош долчу терахьашца а догIш 15 % Оьрсийчура бахарахой тIехIиттина бу «Оьрсийчоь орсашна!» бохучу лозунгана. Ткъа кхин а 25 % бахархой бу махкахь оьрсийн къомах болчу нехан аьттонаш алсам хила беза кхечу къамнийн векалийн болчулла а, аьлла хеташ.

Цундела, эксперташна хетарехь, тIебогIучу президентан харжамашкахь цуьнах пайда эца гIертар бу Оьрсийчоьнан лаккхара дарж къовсуш болу нах а, церна тIехIиттина йолу тобанаш а.
XS
SM
MD
LG