ТIекхочийла долу линкаш

Мила Ву Одессехь Путинна ТIелатар Кечдеш Хилла Осмаев Адам?


Оьрсийн "Хьалхарчу Канало" гайтинчу видеосуьртан тIехь гойтуш ву Осмаев Адам ву боху стаг, Украинин Къайлахчу Сервисо лаьцна иза оьрсийн премьер-министрана Путин Владимирна тIелатар дан кечдеш хиллера аьлла, Одесса, 2012

Оьрсийн "Хьалхарчу Канало" гайтинчу видеосуьртан тIехь гойтуш ву Осмаев Адам ву боху стаг, Украинин Къайлахчу Сервисо лаьцна иза оьрсийн премьер-министрана Путин Владимирна тIелатар дан кечдеш хиллера аьлла, Одесса, 2012

Одессехь лаьцна латточуьра дIахецна Путин Владимирна тIелатар дан кечам беш хиларна бехке вечу Осмаев Адаман да, Асламбек. Карарчу хенахь Адаме барт хоттуш бу Оьрсийн Федералан Кхерамазаллин Сервисан талламхой. Цуьнга хIинца деш долу хаттарш кхечу гIуллакхца доьзна ду – 2007-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан вен хиллачу Iалашонца. Мила ву Осмаев Адам? Муха хьакхавелла ву террорца доьзначу гIуллакхашца, Британехь тоьллачу университетехь доьшуш хилла жимастаг?

Оьрсийчура «Хьалхарчу Телевизионан Канало» хаам бинера оршот дийнахь, оьрсийн премьер-министрана Украинехь нохчаша кечдеш хиллачу тIелатарх лаьцна. ХIинца кхин цхьацца хIума тIекхетта цу гIуллакхана.

Шинарин буса лаьцначуьра дIахецна, Путинна кечдечу тIелатарна куьйгалла дарна бехке озийначу Осмаев Адаман да Асламбек. Цу хьокъехь Маршо радиога дийцира, шен Осмаев Аминца оршот дийнахь хиллачу къамелана тIе а тевжаш, Оьрсийчохь арадолучу «Коммерсант» газетин журналисто Мурадов Мусас.

Мурадов Муса: Цуьнца аса къамел дечу хенахь, оцу кIентан да лацаран хьокъехь дийцира цо. Украинехь шен кIантах лаьцна хаам беъча, цунах Iоттаделларг къастон вахана хилла иза. Цигарчу Iедалша иза а лаьцна хилла цхьацца хIума хата. Кхано, да, оцу кIентан гIуллакхех цхьана агIора хьакхалуш воций гучудаьлча, сийсара дIахецна.

Маршо радио: Осмаев Адам – Нохчийчура политикехь жигара декъашхо хиллачу Осмаев Аминан вешин кIант ву. I995-чу шарахь Нохчийчоьнан Лакхарчу Кхеташонан гIантда хилла ву Осмаев Амин. I996-чу шарахь Федерацин Кхеташонан декъашхо, 2000-чу шарахь цо урхалла дира Путин Владимиран харжамийн штабана.

Ша Осмаев Адам, дийцарехь, 2005-чу шарахь араваьлла Нохчийчура. Британехь тоьллачу университетехь экономика а Iамийна цо, амма чекх ца яьккхина. Оьрсийн хаамийн гIирсаша леррина дуьйцу, «Осмаев Адам Лондонехь маьждиге ихна, цундела, террорца боьзначу нахаца уьйраш тасаелла хилла цуьнан», бохуш.
И тайпаниг тIе ца дуьту Осмаевн доьзало. Коммерсант газетин журналисто Мурадов Мусас дийцира цунах лаьцна.

Мурадов Муса: Массо заманахь (оьрсийн) Iедална чIогIа муьтIахь болуш, Iедалан балхахь болуш, доьзал бу иза. Нохчийчохь Iедалан белхашкахь хилла а, хIинца болуш а бу уьш. Нахана дика бевзаш доьзал ма бай и ОсмаевгIеран доьзал. Оцу кIантаца дерг, цхьаццанхьа иза тилвеллехь я галваьлла, цхьана тобанах а кхетта Iехавеллехь а, цунах дикка кхиина вац ша элира цуьнан девашас.

Маршо радио: Янукович Виктор Украинин президент хIоьттичхьана дуьйна гуттар а уллера цхьанабелхаш беш бу Украинера Къайлахчу Сервисан белхахой Оьрсийчура ФСБеца. ХIинца а цара кхайкина Одессе а бахана, Осмаев Адаме барт хоттуш бу оьрсийн къайлахчу сервисан векалш. Амма, кхечу 2007-чу шарахь хиллачу гIуллакхехула.

И гIуллакх дикка девзаш ду. 2007-чу шарахь Толаман дийнахь Москох теракт ян Iалашо йолуш бара аьлла лаьцнера Москох бехаш а, доьшуш а хилла нохчийн кегийрахой: Батукаев Iумар а, Хамиев Лорс а, Мусаев Руслан а, Осмаев Адам а. Цаьрга бехк кховдийнера, уьш, цкъа делахь, Москох теракт кечъеш хилла хиларна а, шолгIа, Кадыров Рамзан вен Iалашо йолуш хиларна а. Талламо бахарехь, уьш Умаров Доккин куьйга кIел хиллачу диверсин тобанна юкъабогIуш а бара. Хiетахь Осмаев дIахийцира, бехк кховдон бух ца карийна.

Нохчийн кегийрахойн бехк хилар тIечIагIдан цхьа а тоьшалла доццушехь, бехкаш кхечу тIегIане а даьхна, чохь яха хенаш туьйхира царна. И гIуллакх ду хIинца ФСБено карладаьккхинарг.

Оцу юкъанна, Оьрсийчохь а, Украинехь а беламе а даьккхина дуьйцуш ду, Путинна дан кечдеш хилла боху тIелатар. Цуьнан харжамаш тIе мосузза кхочу хуьлуш ду ишттаниг бохуш, «кечдинчу тIелатарийн» хьесапдо интернет-жигархоша.
Украинерчу Порто-Франко зорбан гIирсан журналиста Маршо радиога дийцира, Украинехь цу хааман мах муха хадабо.

Александр Галяс: Цкъа, украинин олигарх эккхийта гIерташ бара эли. Юха, Одессехь адам дукха гуллучехь. ТIаккха боху, "хIан-хIан, Одессехь хIумма а эккхийта бохкуш бацара, дIо Москох эккхийта гIерташ бара"... Ма-дарра аьлча, цхьа боккха гIурт бу-кх. Со цхьа жимма тIаьхьакхиъна цу гIуллакхана. Кхеташ волчу стагана беламе хIума ду иза. Терроризм - вуон хIума ду да-м. ХIокху гIуллакхуо шина даггара ойла кхуллу - цхьа пиар-гIулч-м яц те иза, олий.

Путинна кечдеш тIелатар дар бохург шеконе дуьллучеран трахь Iаламат дукха ду. Цунах «ца тешарш коьрта дика бац аьлла» мах хадийна оьрсийн «Хьалхарчу канало» а, Путинан Владимиран зорбан-секретаро Песков Дмитрийс а.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG