ТIекхочийла долу линкаш

ТIеман Хьу Хаалучу Хорша Дирзина Нохчийчура Дахар


Нохчийчоь -- Соьлж-гIалин юкъ, 07Ман2010

Нохчийчоь -- Соьлж-гIалин юкъ, 07Ман2010

Харжамаш чекхбевлла а бовлале, юха а нах леца болийна Нохчийчохь. Полицин урхалло гIарбаьккхинчу хаамца, Хьалха-Мартанан кIоштахь лаьцна 33 шо долу вахархо, цо гIаттамхошца тIекаренаш лелор гучудаьлла, аьлла.

Iедалан мукъ карахьболчара оьрсийн премьер Путин Владимир а толош, боккхачу кхиамца дIаберзийна Нохчийчохь президентан харжамаш.

Ткъа церан хьокъехь могIарерчу бахархоша ден къамелаш беламашка а, забаршка а дирзина, «ша-ша кхаьжнаш хIокхунна а, оцунна а теснера, амма харжаман комиссин декъашхошна уьш тускар чохь кара а ца дина-кх» бохуш. Делахь а цу дийцаршкахь, бакъленна а цецбийларш кIезиг хиларо гойту, иштта чаккхе а йолуш, рогIера политикан кампани кхузахь дIаерзаяр а, дIайоьрзур юй хаар а, нахана керла ца хилар.

Ма-дарра аьлча, уьш совнаха а тешна, шайн лаам-хьажам Iедалехь болчара мел чоьте оьцу а, шайна хетарг мел лераме ду а. Чекхбевллачу харжамийн хьокъехь къамел дерзош аьлча, кхузахь официалан Iорабаьккхинчу гайтамца, кхаж тосучу дийнахь Путин Владимирах дог лозуш, цунах президент ван цIа бирзина хилла, Нохчийчохь дIаязбина а болуш, Европехь мел беха вайнах а, Оьрсийчохь цхьана ханна болх-некъ карийнарш а, цу дийнахь яьсса махках йийлинчух тера ду машенаш а, цIерпошташ а…

Цул сов, цу харжамашна инкарло йина а, цомгаш хилла а цIахь Iийна а бац бахархой – массо а гор-бертал а, Путинехьа кхаж таса вахна. Цунна тоьшалла до официалан 100 % гIоьртташ Iорадаьхначу терахьаша.

Делахь а президентан харжамех боьзна, кхайкхамаш, дехарш, ир-кара хIиттораш, тIедахкарш, яханчу хене а дирзина, хьалхалерчу, тIеман хьу хаалучу хоршахь го Нохчийчура дахар. Хьалха-Мартан кIоштан суьдо арахь, цхьана билггалчу меттехь яккха ши шо хан кхайкхийна Шалажи юьртан вахархочунна Джабраилов Муслимана.

Цунна бехке диллинарг ду, масех шо хьалха цо шен машенахь юучуьнца а, молучуьнца а тIемалойн аьтто бар. Суьдхоша бинчу сацамехь билголдоккху, куьг бехкечуьнан кегий бераш хиларна, цунах къинхетам бина хилар.
XS
SM
MD
LG