ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчура Iедалан Политика Емалъйо Урдунера Нохчаша


Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан ву Оьрсийн Премьер Министрца Путин Владимирца Гуьмсехь къамел деш, 20ГIу2011

Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан ву Оьрсийн Премьер Министрца Путин Владимирца Гуьмсехь къамел деш, 20ГIу2011

Нохчийчохь лаьтта политикан хьал а, могIарерчу нохчийн дахар а шайн тидамехь латтадо Урдунерчу нохчаша. Юьхьанцара уьш баккхийбебора юхаметтахIоттийначу гIаланах а, сецначу шуьйрачу тIеман операцех а. Амма тIаьхьарчу хенахь церан дог даьлла Нохчийчура Iедалша дIакхоьхьучу политикех. Къаьсттина церан дог дохийна, Чиллан беттан 23-чу дийнахь нохчий Даймахках бахар билгалдаккхаран метта, оьрсийн эскаран сий айаран де даздаро.


ХIокху шеран Зазадоккху-бутт болалуш, оьрсийн харжамаш хилира, Нохчийчоьно дакъа а лоцуш, премьер-министр Влади́мир Путин президент хIуттуш Оьрсийчохь. Массо а меттахь дуьйцуш хилларш схьахезаш дара Урдунера нохчашна, оьрсашна муьтIахь долу нохчийн Iедал Путинехьа дара, и ваккха гIерташ яккхий харцонаш лелийра харжамашна юккъехь бохуш.

Цу харжамашца дукха бала болуш бацара Урдунера нохчий и харжамаш нийса бай я баций аьлла хIума дацара интернет чухула. ДегIастнара оьрсийн паспорташ долу Урдуне маре баьхкина зударашка а, дешархошка а харжамашкахь дакъа лаца аьлла кхайкхам барах кхин хIумма хьеха ца дира харжамех лаьцна. Нохчийн-оьрсийн политикца бала хIунда бац Урдунера нохчийн аьлла Бено Мураде хаьттира аса.

Бено Мурад: "Рамзан шен гIант дIаозорна кхоьруш ву. Путин цунна гIо деш ву. Цуьнан политика Нохчийчохь нахана таIзар дар а, нах хьийзор а ю. Цо цунна гIо деш до, ахча кхоьхьуьйтуш ду. ГIазакхий реза бацахь, Путине хIумма ала баьхьаш бац уьш, цундела, Рамзан шайн нах бахийтина харжамашка ара цо волург хьийза веш, цIахь берш хьийз беш, хIусам хьийзош.

Нохчийчохь цкъа а хилла доцу хIума ду и. И тIамехь дIабахначарна сий дайъина. Церан Iанийна цIийна сий ца дар ду и. Харц бара харжамаш. Путин президент ца хиллехьара, Рамзан цуьнан тIаьххье дIагIур волуш вара. Рамзан ларван цхьа а хир вацар, ахча кхехьийта цхьа а хир вацара. Урдунехь вайна хууш ду хиндерг хIун ду а. Путин вер вуй, Рамзана и хьалхаваккха гIерташ бахьанаш лелор дуй, бала кхочуш бацар. Дала гIо дойла царна."

Бено Мурад, дукха хенахь дуьйна интернет чухула а, кхечхьахула а Рамзан адамийн бакъонаш йохош ву бохуш, цIахь болчаьрца къамеле волуш, нийса Iедал дац нохчийн Iедал, бохуш хилла ву. Рамзанан Iедалхоша кхерамаш туьйсуш, «тхуна хьо мичахь ву хаьа бохучунна тIе даьлла, иштта и харцонаш къобал ца ечарах ву иза Урдунехь.

Урдунехь кхин болу нохчашна нохчий бохийна де Нохчийчохь хуьйцур ду аьлла хезчхьана, иза чIогIа новкъа деана бу. Цу бахьанехь Бено Бадро дийцира.

Бено Бадр: "Цкъа дуьххьара, Дала аьтто бойла вайн нохчашна дIа чохь. Урдунехь болу нохчашна а, ДегIастнахьа болчарна де а бакъо яц, я тIалам бац оццу юккъе гIерта. Делан дуьхьа а, халкъан дуьхьа а цо атто беш балхьара, вай дерриг Рамзанан тIаьхьа а хIиттина, юккъе гIертар дара. Де а цуьнах зен бен хир дац.

Со цецволу, хIокху дуьненна тIехь массанхьа - Европехь а, Йорданехь а вай нохчий бохийначу денна кечам бечу хенахь, Рамзан дIа чохь, вайна оьрсийн эскарийн толам баьккхина де ду хIара аьлла и даздеш вара. Оьшуш дац царна хьалхавала а, гIо дан а. ГIо дийр дара, вайна цунах вайн халкъан паргIато, халкъан маршо, хьалкъан аьтто оццу чохь болуш балхьара.

И боьха политика ю цу Рамзана дIахьуш ерг. Путинас, дуьххьара Рамзан гарций, цуьнан коьртан тIе куьг дуьллий хьосту боху – «дера ву хьо тхан жима Сталин» олий. Жима Сталин хила а хилла и.

Со 1997-гIа чохь Нохчийчохь волуш, нохчий бохийна де дара и, со, Хьаьжж Ахьмад Кадиров вайн муфти волуш, цуьнца ас йина интервю хIинца соьгахь ю. «ХIара де муха хета хьуна?» аьлча, Дала гIазот къобал дариг, Яндарбиев вара цигахь, Масхадовас элира, «дера хIара меттиг тIамехь йохийначу хенахь, Жовхаран вешин кIанта ша ма-хиллара дIа ма хIоттийра, Дела реза хила цунна.

Дала битийла вайна иштта къонахой» аьлла цигахь къамел дича, соьга Ахьмад ийна интервью ю «Сталин вай чекхдаха гIиртира, церан карх ца делира. Тахана доккха деза де ду вайна. Тахана Вай доьлхур дац аьлла вайн президенто, вай дицдийр дац, гечдийр дац, дуьтур дац царна», аьлла и хаза къамел дира цо.

И дIавахарций, хIара цуьнан кIант веана и чарташ хьаьккхина дIадаьхна. Цундела, иштта волчу стага, жимчу Сталино, чохь а, арахь а вайн нохчашна цо аьтто бийр бац. Аса массо а нохчашка доьхур дара, оццу юкъа ма гIерта, де а цунах вайна, хIара ду аьлла, долуш цхьа а хIума дац.

Дала аьтто бойла вайн нохчийн массеран. Дала мукъалахь, цхьа де догIур ду вай цIенна харжамаш беш, цIена паччахь дIахIоттош. Дала мукъалахь, цигахь вай цхьа Iедал хIоттор ду. Иза гена дац шуна. Кхин цхьа дехар дийр дара аса, Йорданехь а, Сирехь а, Туркойчохь болчаьрга, де а вайн бала бац шуна цу юкъа гIерта. И цхьа боьха политика ю цара дIахьуш."

Бено Бадр, гуттар нохчийн маршо хила а еза, адамийн бакъонаш ларъян а еза бохуш кхайкхош хилла вуУрдунехь.
XS
SM
MD
LG