ТIекхочийла долу линкаш

Къилбаседа Кавказана Лерина Телевизион Схьаелла Еза Аьлла Хлопонина Кхин Цкъа а


Хлопонин Александр, Къилбаседа-Кавказан Федералан Гонан куьйгалхо, 10Чил2010

Хлопонин Александр, Къилбаседа-Кавказан Федералан Гонан куьйгалхо, 10Чил2010

Къилбседа Кавказана леринчу телевизион кхолларна тIехь болх беш ду Къилбаседа-Кавказан Федералан Гонан Iедалш. Оцу хьокъехь цара дагадовларш долийна Оьрсийн Пачхьалкхан Радион а, Телевизионан а компаница. ХIун Iалашо ю леррина Къилба-Седа Кавказана лерина телевизион кхолларан?

Соьлж-гIалахь «Дашо пелаг» олучу журналистийн къийсамехь толам баьккхинчарна хьалха къамел деш Къилбаседа-Кавказан Федералан Гонан куьйгалхочо Хлопонин Александра элира, шайн сагатдеш долу коьрта хаттар, канал хьенан дуьхьа еш ю, бохург ду.

Шайн дуьхьа еш хилча – цхьа Iалашо ю. Къилбаседа Кавказана еш хилча – кхин ю. Ерриг Оьрсийчоьнна – кхоалгIа Iалашо ю. Ткъа махкал а арахьа болчарна еш хилча – йиалгIа Iалашо ю. Iалашо йоккха мел хуьлу а, говзалла а, цуьнан чулацам а гуттар а лакхара хила беза, аьлла. Цо дийцарехь, канал хьовса шортта нах тIеозорхьамма, говзалла йолу журналисташ кечбан беза.

И хаам хезначу кавказхоша тайп-тайпана тIеийцира иза.

Дагестанера яздархо, рспубликан пачхьалкхан каналехь ечу къоман программийн шеф-редактор а волчу Галбацов ГIезамохьмада бахарехь, кавказхойх кхоллаелла вуон ойла хийца дика гIирс хир бара цунах.

Галбацов ГIезамохьмад: Уггар коьртаниг, кавказхой ма-барра гайтар ду. Дагестанехь, Нохчийчохь, ХIирийчохь а, кхечу республикашкахь а бехаш эхь-бехк долуш, цIена, диллина дегнаш долу нах бу бехаш. Иштта нах гайта лаара. Iалам, географи, мукъамаш, кхин дерг а – шолгIачу меттехь ду. Вайх кхоллаелла вуон ойла дIаяккха еза. Оьрсийчохь а, дуьненахь а вайх лаьцна вуо кхоллаелла ойла дIаяккха таро хилча дика дац?

Маршо радио: Нийсса бIостанехьа ойла ю Бисавалиев Мохьмадан. Иза Дагестанера дозуш доцчу «Миллат» газетин редактор ву. Оьрсийн Iедало кхуллуш йолу канал йозуш йоцуш хир яц, боху цо.

Бисавалиев Мохьмад: Суна-м ца хаьа оцу канало хIун гойтур ю. Карахь телефон йолчу муьлхха а стеган таро ю тахана шен доьзалан а, даймехкан а билгалонаш йовзийта. Култура гайта езаш хилча, юкъаралла цунна кийча ю аьлла ца хета суна.

Нагахь санна керлачу каналехь уьш Къилбаседа Кавказан литературех, драматургех, театрах, исбаьхьаллех а лаьцна дийца бохкуш белахь, и ша-дерриг а доцуш ду.

Дуккха а федералан каналаша санна, керлачу канало а керланаш дуьйцур делахь, хIун до цунах? Йозуш йоцуш иза хир яц хIете-вете а. Хьовсур ду-кх. Оцу канало цхьа а проблемаш къастош гIо дийр ду я иза чIогIа оьшуш ю, соьга тахана алалур дац.

Маршо радио: Дуьххьара, Къилбседа Кавказера республикех лаьцна дуьйцуш йолу федералан канал кхолла еза аьлла, 2010-чу шарахь дийца долийра Хлопонина. Оьрсийн Пачхьалкхан Радион а, Телевизионан «Култура» тайппа канал кхоьллича, кавказхойн дахарх лаьцна дийцалур дара, аьллера цо.
XS
SM
MD
LG