ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Динан маьршонех лаьцна рогIера рапорт арахецна Iамеркан пачхьалкхан департаменто


Нохчийчоь - Хиджаб йоьхна нохчийн зудабераш ду Соьлж-гIалин урамехь догIуш, 16Гез2010
Нохчийчоь - Хиджаб йоьхна нохчийн зудабераш ду Соьлж-гIалин урамехь догIуш, 16Гез2010

Динан маьршонех лаьцна рогIера рапорт кечдина Iамеркан пачхьалкхан департаменто. Дерриг а дуьненахь бинчу талламана юкъадогIуш ду Оьрсийчохь а, Нохчийчохь а динан маьршонаш ларъярх лаьцна дакъа а. Цуьнан авторша тидаме диллина, Оьрсийчохь динан маьршонаш гаттийна хилар а, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шена хетачу кепара дин лелош боцчу нахана тIаьхь таIзар латтош хилар а.

Динан маьршонаш кхин дIа а дIайохуш ю Оьрсийчохь и хьал галдалар бен, тоделла хааделла дац боху Iамеркан Пачхьалкхан Департаментан тIаьххьарчу рапорто.
Экстремизмана дуьхьала долчу низамах тIаьхь-тIаьхьа алсам пайда оьцу оьрсийн Iедалша маьрша дин лелочу тобанашна а, нахана а дуьхьала. Къаьсттина, Иегован тешашна а, Туркойн теологан Нурси СаьIидан белхаш боьшучарна а, боху цу рапорто.

Къоман а, меттигерчу а Iедалша цу низмах пайда оьцу, шайна хетачу кепара дин лелош боцчу бусулба нахана а, бусулба тобанашна а ницкъ беш а, уьш кхерош а. Оцу хIуманаша, шеца ксенофоби а, собар а ца хиларо, андий зуламаш дойту Оьрсийчохь, стаг верна тIекхаччалц.

Москох цу кепарчу зуламийн терахь алсам доллушехь, оьрсийн Iедало царна тIе оьшу тидам ца бохуьйту, я, уьш ца хилийтарна тIехьовсийна эвсара белхаш а ца бо, аьлла билгалдаьккхина рапортан авторша.

2002-чу шарахь Оьрсийчохь экстремизмана дуьхьало ян Iалашонца тIеэцначу низамехула, кхерамазаллица доьзна бахьанаш бухе а дохкий, оьрсийн Iедало санцеш кхайкхайо динан тобанашна а, цхьацца динийн векалшна а дуьхьала. Дукха хьолахь, уьш кхераме хиларан тоьшаллаш данне доццушехь.

2007-чу шарахь оьрсийн кхело бихкира Туркойн теологан Нурсин белхаш, уьш экстремизман амал йолуш бу аьлла. Дийцарехь, ислам дин саннарг дан а дац боху ойла ю цуьнан белхаш тIехь. 2008-чу шарахь Нурсин белхаш боьшурш экстремистийн тоба лерира Оьрсийчоьнан Лаккхарчу Кхело. Эксперташ шек бу церан цхьа а тоба хиларх. Цхьаберш, цуьнга озабезам барна бехке а бина чубоьхкина бу тайп-тайпана хенаш а тоьхна.

Иштта, Iедалша къобалъйинчу структурашна ца дезачу кепара ислам дин лелор а, хIинццалц схьа, экстремизм а, ур-атталла, терроризм а лору Оьрсийн Iедалша.
Къилбседа Кавказехь а, Оьрсийчоьнан кхечу кIошташкахь а бусулба нах тIех леринчу тидамна кIел бу. Уьш лоьцуш бу, тIепаза бойуш бу, динан эстремисташ а лоруш, бойуш а бу, аьлла ду Iамеркан пачхьалкхан департаментан динан маьршонех лаьцна кечдинчу рапорт тIехь.

Оьрсийн Iедалша новкъарло йо боху цо кхин дIа а, Iедалша къобалъйина ортодоксан килса йоцчарна, кхечу динашна шайн килсанаш а, маьждигаш а схьаделла. Цу декъехь бу, Москох-гIалахь маьждигаш ца дойту бусулба нах а. 2014-чу шарахь Олимпикан ловзарш хир долчу Сочехь ткъа эзар гергга бусулба стаг ву вехаш. Сочин мэро царна бакъо ца ло официала кепара маьждиг дан.

Шовинистийн тобанийн чIогIа паргIат Iойла ю Оьрсийчохь. Цара стаг вен кхерамаш туьйсу. Москох, наггахь, царах зе хиллачарна полицино цкъа-цкъа гIо деш делахь а, и гIо, хила ма-деззара а дац, эвсара а дац боху рапортан авторша. Кортош баьшначу скинхедех зулам хуьлуш берш, дукха хьолахь Азера бусулба нах а, жуьгтий а бу боху цара.

Нохчийчохь лаьттачу хьолана бина таллам а бу цу рапортехь. Кремло Нохчийчоьнан куьйгалле хIоттийначу Кадыров Рамзана адамийн бакъонаш шуьйра иэшош ву, я уьш иэшор къобалдеш ву бохуш дуьйцу рапорто. Кадыров бехке веш ву я шеконаш ю цо адамийн бакъонаш ларъярхой байарна а, уьш тIепаза байарна а. Оьрсийчохь а, дозанал арахьа а цхьана нах бойуьйту Кадыровс, аьлла ду рапорт тIехь.

Нохчийн суфин гIиллакхаш шен агIора хийцина цо, ша куьйгаллехь хиларан бух бакъбан Iалашонца. Ислам дин шена гучу агIора дерзийна, таIзаран пачхьалкх кхоьллина цо. Зударшна тIедиллина хиджаб лелор. 2008-чу шарахь дуьйна исс зуда йийна, оьзда лелаш яцара аьлла. Телевизионехь вистхуьлуш цо бакъдира и зулам. Адамаш дайина нах цхьаммо а кхеле ца оьзна.

ХIара а, Оьрсийчохь динан маьршонашца лаьтта хьал юьхьар а лаьцна, Цхьанатоьхначу Штаташна хьехамаш беш, цхьа моггIа ойланаш кховдийна рапортан авторша.

Еккъа Нохчийчоьнах лаьцна аьлчи, кхечу, зуламаш динчу оьрсийн лаккхарчу векалшца цхьана, Кадыров Рамзанан а арахьа латтош долу ахчанаш гIорор а, Цхьанатоьхначу Штаташка ваха виза ца ялар а хьехадо цара. Изза дар деха боху цара Европан Барте а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG