ТIекхочийла долу линкаш

Урдунера кегий нах сий деш бу къанойн


Урдун - Сувейлин Кхеташонан декъашхо Джамал Асхьаб, 28Заз2012

Урдун - Сувейлин Кхеташонан декъашхо Джамал Асхьаб, 28Заз2012

Нохчийн Урдуне дIакхелхичхьана дуьйна и пачхьалкх дIахIоттош а, цуьнан маьршонехьа къуьйсуш а билгалбевллачу нохчийн къанойн сий даран гIуллакхаш долийна цу махкарчу нохийн кегийн наха. ХIора а заманахь, шен-шен турпалхо хилла, церан сийдан деза Урдунан Iедало а, шаьш нохчаша а аьлла хеташ бу уьш.


ХIокху юккъера малхбалера кегаделла хьал муха дIадоьрзур ду ца хууш саготта бу Урдунера нохчий. Нохчий бертахь буйла дIахоуьйтуш, Урдунан пачхьалакхан тIекхаьчна чолхе муьрашкахь гIортор хилла хилар кхайкхадеш цхьацца жигараллаш йолийна кегийрхоша дIабахначу Дечкен баттахь. И даздарех лаьцна цу тобан хьалха бевллчех Асхьаб Джамало иштта дийца:

Асхьаб: "Ассалам Iалайкум хьоме вежарий а йижарий хIокху дуьненан чохь Маршо Радиога ладугIуш берш. ХIора къоман исторехь, хIора хенахь стаг волу шайн къоман сий ойуш, диканна шайн къоман цIе йоккхуьйтуш. Иштта болу къонахошна сий дан дезаш ду, баркалла ала дезаш ду. Цхьа баI шо, вайн дай кхуза баьхкича дина, хIара пачхьалакха дIахIоттош, хIара мохк Iалаш беш хилла вайн нохчийн къонахой.

И вайн нохчийн цIе къагийнчех ву цхьа пенсе ваьлла генерал Ахьмад Iалаъдина Арслан олуш. Цуьнан баркалла ала, сий дан гулам беш бу оха цхьа кIир даьлча. Дала мукълахь бисинчарна а сий деш баркалла олуш Дала атто бойла вай. Йорданехь 1970-гIа шарахь хIара мохк бохо гIерташ герзаш эцна ара баьхкина а, чуьра а дукха нах бара, оцу хенахь. Вай вуьйцуш волу генерал, массо Iаьрбийн эскарашкахь ханна уггар жима генерал хилла ву боху цхьа болчара".

Маршо Радио: Джамал, хIокху муьрехь хIунда дагадеана шуна даздарш дан оцу вайн баккхий нехан?

Асхьаб: "ХIинца тIаьхьа могушалла дика йолуш вацара вайн генерал Ахьмад Алаъдина. Вайн нохчашна сий дан а, тIехьа богIуш болу вайн баккхий нахана рагI йогIур юй хаийта а, церан сий айа а, церан цIе яккхийта а".

Маршо Радио: Джамал, дIабахна кхин хилла бу, наггахь бен хьахош бац уьш. Кхин хилла ма бу 48-гIа шерашкахь дина тIемаш болуш хIокху мехкашкахь. Иштта цхьа дагадеана хIумма дуй шуна?

Асхьаб: "Дера ду. Дала мукълахь церан цIераш йолу йоза ду оха кечдина. Дукхах берш вайн хIара пачхьалакха дIахIоттош, тIамехь майралла гайтинарш. Уьш дикка бу вайн, гIазот дихкина дIакхелхинарш бу, Дала церан гIазот къобал дойла. Царна сий дан йина программ ю тхан, Дала мукълахь".

Асхьаб Джамала хьахийна Арслан Ахьмад санна дукха нохчийн хилла онда меттигаш яьхна хIара мехкаш Ингалсан олаллехь болчу заманчохь дина а цул хьалха а. Царах цхьаберш, хIоккхахь хилла болу Ингалс эпсарш яздина жайнаш тIехь хьехийна бу.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG