ТIекхочийла долу линкаш

Царна моьтту, шаьш дезаш хестош ду


Нохчийчоь -- Кегийрхой Оьрсийчоьнан Конституцин Де даздеш бу Соьлж-гIалахь, 12ГIур2010

Нохчийчоь -- Кегийрхой Оьрсийчоьнан Конституцин Де даздеш бу Соьлж-гIалахь, 12ГIур2010

Уьш башха дукха бисина а бац, цу бесса халкъашна безаш а, лоруш а, уьш ца хилча церан агIончаш ца мегаш болу а нах. Ши-кхоъ юккъерчу Азехь, ши-кхоъ Европехь, ши-кхоъ Къилба Iамеркехь, пхи-ялх Африкехь.


Вай буьйцуш берш бу церан гIулкхаша дог айинчу поэташа а, композитарша а, могIарерчу наха а байташ а, эшарш а язйеш хестош болу куьйгалхой.

Уьш бу, Путин Владимира шен метта 4 шарахь президентан дарже хIоттийна хиллачу Медведев Дмитрийс ма-аллара, цара мел олург мокхазчу тIулгаца дIахIуттуш долу нах.

Къилбаседа Корейхь стохка ГIура беттан I9-чу дийнахь веллира сийлахь куьйгалхо Ким Чен Ир. 100 де даьккхира цу махкарчу наха тезет латтош. Дерриг а халкъ ахIа-декъе дахана дилхира и стаг велча, шайн да велла, бохуш, инзаре тийжаш. ХIинца керла малх гIаьттина цигахь.

Къилбаседа Корей дукха къоьвлина пачхьалкх хиларна билгала хууш дац цу махкахь куьйгалхо хестош йолчу кхоллараллах. Амма цигара хьал духьала хIотто хала дац, нагахь Советан пачхьалкхехь Ленин а, Сталин а, Брежнев а хестош 20-чу бIешарахь хилларг дагалаьцча.

Совета пачхьалкх йоьхначулла тIаьхьа Путин Владимир санна вазвеш волу стаг ваьлла вац Оьрсийчохь. Цуьнан куьлт яржош кху тIаьхьарчу шерашкахь онда болх бира цуьнан гоно а, цу пачхьалкхарчу телевизионо а, заорбьанан гIирсаша а.

Путин-стиглахь, Путин-хин бухлахь, Путин-цIоькъалом лоцуш, Путин-шийлачу Арктикехь, ишта дIа кхин а. И дерриге а лар йоцуш ца дисира. Тахана иза хестош кхоллараллан Iазап ловш бу Оьрсийчохь дуккха а нах.

Уггар царах бевзаш берш бу «Поющие вместе» олучу мехкарийн тобан
декъашхой. Путин саннарг веза шайна, боху цара. Цуьнан бахьана а дуьйцу.


.

Путин Владмирна хьажийна йолчерах ю хIара йиш а.


Шех тIаьххьара Европера диктатор, аьлла, цIе тиллина ву стохка диоьлг1а Белорусин куьйгалхо хIоьттина волу Лукашенко Александр.
Харжамаш тIекхочуш «Саша вуьсур ву», бохуш, йиш лекхара, иза хестор шайн болх а бина лелаш болчу, эшаршлакхархоша.


Сябры олуш йолу ансамбл, гIаряьлла йолу Песняры дIаяьккхича, уггар евзуш йолу тоба ю Белорусехь. Уьш а бу Лукашенко вазвеш.


Шу тешар дац, амма хIара йиш локхуш верг, Туркменехь шена дашо хIолламаш а хIиттийна урахалла деш хилла волу, Ниязов Сапармурат веллачул тIахьа цуьнан метта хIоьттина волу, цхьаболчара цуьнан къант хила мегаш ву, бохуш, вуьйцуш волу Бердымухаммедов Гурбангулы ву.



ХIинцале а цуьнан хIоллам бина цу махкахь, цунна хьесталуш болчу наха. Пачхьалкхан телевизионо Iуьйринна дуьйна сарралц схьаоьхьуш ву хьажархошна шайн президент Бердымухаммедов Гурбангулы.

Пачхьалкхан куьйгалхо иза вацахь а, шайн куьйгалхо хесторехь тIаьхьа буьсуш бац Нохчийчура кхоллараллан интеллигенцин векалш. Уггара хьалха ала мегар долуш, Кадыров Рамзане эшарца салам-маршалла делларг вара тIаьхьарчу хенахь хезаш воцу Далдаев Шамхан.


Ала дашна, цхьа Бердымухаммедов Гурбангулы хилла ца Iа эшарехь безам хиларца гучуваьлларг. Путин Владимира а, Лукашенко Александра а, Кадыров Рамзана а эхье ца лора шаьш йиш лакхар а, я локхуш волчунна тIаьхьара алар а.



Цхьа-ши шо хьалха Нохчийчоь юхаметтахIотторах лаьцна дийца республике богIучу журналисташа хеттара Кадыров Рамзане массанхьа дIадиттина хьан суьрташ хилча култ личности олуш йолу, цхьана стеган култ ю, аьлла, ца хета хьуна, ахьа юкъаяьккхинарг, бохуш. Царна жоп луш, меттигерчу бахархоша шех паччахь олуш волчу республикан куьйгалхочо элира шена дезаш гIуллкх дац иза, аьлла.

Кадыров Рамзан: Машенахь вогIуш сайн суьрташ суна гича бIегIийла доцуш хета суна халкъана хьалха. Цундела мосуьйттоза дIадаьхна оху и портреташ. Аса чIагIо йо шуна хьалха. Даггара ца лаьа суна сайн суьрташ хуьлийла.

Нохчийчоьнах лаьцна дуьйцуш ала деза, цхьа стаг а, цуьнан доьзал а базбар нохчашна керла хIума хилар. ХIинццалц паччахьана корта бетташ хиллачу нахах бешаш ца хилла болу вайнах, цхьа кхета хала долчу сихаллица тIебирзина цу гIуллакхана.

Советан пачхьалкх йоьхча Дудаев ЖовхIарелла а вевзаш а, наха лоруш а стаг вацара республикехь. Цхьаболчара иза даггара ларара, вуьйсуш сихха цу стагах пайда эца гIоьртира. И тайпа нах жигара бара, бохуш, дуьйцу Дудаев ЖовхIаран хIусамнанас Дудаева Аллас.


Гуьржийчоь -- Дудева Алла, Тбилиси, 23Чил2010

Гуьржийчоь -- Дудева Алла, Тбилиси, 23Чил2010



Дудаева Алла: Цу тайпана нах бан дера бара. Уьш къезиг а ма-бацара. Суна хаа, хьалха даржех кхаьънаш луш хиллий. ЖовхIарца тхойша цIа деача, цу гIулкхо цец даьхнера тхо. Армехь кхаьънаш луш Iедал ма-дацара, тхуна иза хезнехь а.

Тхоьга дуккха а нах багIара, Iедалан урхаллера нах а багIара иза декъал ван. Со цаьрга хьежара. Уьш тера бацара ЖовхIарх.

Дудаев ЖовхIара сихха сацийра ша книжкашкахь а, эшаршкахь а вазван гIертар, бохуш, дуьйцу Дудева Аллас.

Дудаева Алла: Цо Нохчийчоьнна куьйгалла деш цхьа шо дIадаьлча, дуккха а факташ а гулйина, суьрташ а долуш, Соьлж-гIалах лаьцна а, Ичкерех лаьцна а книжка арахеца сацам бинера.

Цигахь дуккха а историн суьрташ дара. Ткъа книжка схьайиллича хьалхарчу агIон тIехь ЖовхIаран, хьалхара Ичкерин президент иза хиларе терра, сурт хилийта сацам бинера иза кечйинчара.



Амма ЖовхIар дуьхьала велира. ЦултIаьхьа конверташ тIе летош йолу марканаш арахеца дагахь бара уьш. ЖовхIар дуьхьала вара. Иза воьлуш вара, хIун, марка тIе мосузза лата йо, сан суьртана тIе туйнаш деттийта-м ца гIерта шу, бохуш. Иза цкъа а вацара шех воккхавеваран цамгар кхетна.

ТIаьххьарчу Оьрсийчурча президентан харжамийн кампанехь гуттар чIагIделира Оьрсийчурча Iилмаман а, културан а, спортан а векалша Путин Владмир хестор. Цхьа наггахь воцург, массо а бевзаш болу нах юкъабахара цуьнан харжамийн штабана.

Путин Владимир хестош цкъачунна юстах буьсуш бу цуьнан доьзал. Амма иза кхин а 12 шарахь президентан даржехь хила дагахь хилар тидаме эцча, хан йолуш ю.

Цхьана стагана хетачунна тIедерзийна дахар долчу пачхьалкхех авторитаран раж йолу пачхьалкхаш олу. ТIаххьалц оцу нахаца гергарло лелош вара Африкерачу паччахьийн паччахь аьлла ц1е лелош волу, гIум-аренан лом, аьлла ша шена ц1е тиллина волу, ша цIера ара волуш мичча вахча а четар гатанах ца валалуш волу могIарера бедуин Каддафи Муаммар. Амма цуьнан кхоллам дага баийта а ца лаьа цуьнан тIаьхьалончийн ойла еш.

Цу г1улкхах лаьчна ойла еш муьлххачу а нохчийчо хатта там бу, ванах, шайна ца го те цу нахана хIара дахар хIумма а йоцу хIума юй олий. Исторехь хилларг жимма а хууш волу стаг кхета-м мегар ду хийла ша бен хIу ду-те аьлла хеташ болчу нахах чан бен хIума ца йисина дуьне хIаоа дуй, бохуш, эргIад буьйлуш хуьлу уьш.

Ширчу заманахь паччахь дукха стигалшка хьала валарх Iалаш ван санна, цо шена уллехь латтош хилла мел ца товш а, къаьхьа а долу бакъдерг олуш волу стаг – Iовдал лоруш волу забарча. Иза цхьа шен кепара пачхьалкхехь Iедалш декъаран цхьа га хилла ала мегар ду, наха дуьйцург схьалахьош а иза паччахьна дIахоуьйтуш.

Замано ма-гайттара и нах дукхачу хьолахь хьекъалчаш а хилла. Амма тахана хала ду цу тайпа забарча, бакъдерг ма-дарра дIаолуш а волу стаг каро я Къилбаседа Корейхь а, я Оьрсийчохь а, я Туркменехь а, я Нохчийчохь а.

ТIаьхаьрчуьнах лаьцна аьлча, уггара майра волчу Кадыров Рамзанан гонахарчу бакъдерг олучу стага дуьйцучух олуш дага вогIу Шварц Евгенин «Верзина волу паччахь» цIе йолчу туьйранан турпалхо Хьалхара министар.

Хьалхара министар: Де дика хуьлда хьан, Хьан Сийлалла!

Паччахь: ХIу эр дара ахьа, воккха стаг?

Хьалхара министар: Хьан Сийлалла! Со воккха стаг ву. Хьуна хаьа со дог цIена а, долуш дерг нисса дIаолуш а воккха стаг вуй! Аса бакъдерг нисса бIаьргашна дуьххьала дIаолу, иза мел цатовш хиларх! Хьайга нисса дIаала бакъо ло суна, Хьан Сийлалла!

Паччахь: Хьуна хаьа ма-хаьа со хьуна цкъа а оьгIаз ца воьдий!

Хьалхара министар: Бакъо ло суна хьайга нисса дIаала, со воккха стагг хиларе терра къоршаме далахь а, хьоьга юхьдьуххьала дIаала! Хьо сийлахь стаг ву, сан эла!

Паччахь: ДIавала.. дIавала ца оьшу! Цо оьшу

Шайн дахарехь дика я вон тIедеача нохчаша сих-сиха олуш цхьа хIума ду, адамехь цхьа хьал ца лаьтта, иза иштта долуш Далла хастам а бу, олий. Вайн дайшна хууш хилла селханлерачу малхана тIе бирзина лаьттинарш керлачу малхана тIе боьрзий, мел зоьвне цара цу малхана эшарш лекхнехь а.

Путин Владимира генарчу 1996-чу шарахь кхечу дешнашца амма иштта элира цуьнах лаьцна.

Путин Владимир: Вайна массерна а хета, лачкъор дац аса суна наггахь хета иза, нагахь ондда къепе буьрса куьйгаца дIахIоттаяхь вайна массеран а дахар дика, аьхна а, кхерам боцуш а хир ду, аьлла.

Амма баккъалла а аьлча, и аьхналла сиха чекхе ера ю. ХIунда аьлча, и буьрса куьг сихха вайн са дукъон долалур ду. Иза вайна оццу минотехь хаалур ду ваьшна а, вайна доьзалшна а тIехь.

Демократин ситема хилча а бен дахар хир дац, ... ницкъаллийн структурийн белхалшна, церан цIе мухха а ялахь а, хууш далахь кхана, я цхьа шо даьлча Iедал хийцалур дуй а, церга хоттур дуй а аша муха кхочуш дира шаьш дехачу пачхьалкъера низмаш, аьлла.




ХIу тIе тухур ду кхузахь?...

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG