ТIекхочийла долу линкаш

Ιаьмеркахоша хΙоттийна «Магнитскийн тептар» емал до Лавровс



Оьрсийчоьнан арахьарчу гΙуллакхийн министра Лавров Сергейс дΙахьедина, Ιаьмеркан Цхьанатоьхначу Штатийн сенаторша Оьрсийчохь набахтехь адвокат Магнитский Сергей верца доьзна арахецна дехкарш шина пачхьалкхан юкъаметтигашна новкъарло еш ду, аьлла. Кхаарий дийнахь цо телевизионехула ша динчу оцу къамелехь, сенаторша и низам юкъадаккхар оьрсашка йолу гамо гойтуш а ду, Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гΙуллакхашна юкъагΙертар а ду, элира. 2009-гΙачу шарахь Москохарчу цхьаболчу олигархаша Ιедална ял юьззина дΙа ца ло, аьлла, Магнитскийс дΙахьедарш дича, набахти чувоьллира иза, бахьана а карийна. Цигахь валар а нисделира адвокатан. Кху кΙиранах и верна бехке вечу шина лоьрах цхьаъ бакъвина кхело. ШолгΙаниг цкъачунна левеш ву.
XS
SM
MD
LG