ТIекхочийла долу линкаш

Лаьтте а хьул ца дало нохчашна дина зенаш


Оьрсийн Iедало вайнахана тIехь латтийначу Iазапан кIoргенаш гойту рогIера тоьшалла гучудаьлла Соьлж-ГIалахь. Митаевн урамехь ткъех шо хьалха тIамо дохийначу цIийнах йисина херцарш дIа а хьаькхна, цигахь керла гIишло йогIа баьхкинчу белхалошна карийна цIийнан лардах дохку нохчийн чурташ. БIеннашкахь. Цхьа дакъа, цигара схьа а гулдина, Iедалан бала кхочуш хилахь а, аьлла, кхечу метте дIадаьхьна белхалоша. Амма цкъачунна хьакамех стагга а вац шаьш лаьтта бухара хьаладаьхначу чуртийн бала кхаьчна, бохуш, шаьш-шайна леткъа уьш.

XS
SM
MD
LG