ТIекхочийла долу линкаш

Кхушара 100 шо кхаьчна шех «Титаник» олуш хилла, инзаре доккхачу хIурдан кеманна бохам хилла. Оханан беттан 14-чу дийнахь хIордан чуьра боккхачу ша-тIулгах кхеттачул тIаьхьа нийсса ши сахьт шовзткъа минот яьлча, хIордан буха дахара иза. Цу тIехь хилла ша волу некъахо 1316 кхочуш вара. «Титаникан» хьашташ кхочушдеш 908 экипажан декъашхо хилла. Царах кIелхьарваьлларг 711 стаг бен вац. ХХ-чу бIаьшеран уггар а боккхачу бохамах лоруш ду «Титаник» дохар. Оцу хьокъехь яьккхина масех кино а ю.

1912-чу шарахь Оханан беттан 10-чу дийнахь СаунтхIемптонера шен дуьххьарчу а, тIаьххьарчу а новкъа делира «Титаник» цIе йолу хIурдан-кема. Католикийн марханаш а, кIор-боккхучеран реза бацаран акци а цхьананисъяларан бахьана долуш, «Титаник» долахойн компанин кхечу хIурдан-кеманашна тIера гулбинера кIора, инзаре доккха хIурдан-кема новкъа даккха.

«Титаникана» тIехь хиллачу некъахошна юкъахь вара хIурд-кеманийн «Уайт Стар Лайн» компанин директор Исмей Брюс а. Бохам хиллачул тIаьхьа дIаяьхьначу кхелехь теш санна чекхвелира иза, цу хIурдан кеманна тоьллачу каютехь мехаза вахана хиллашехь. Цо дIалаьцначу каютин чохь ваха кечвелла хиллера оцу хIурдан-кеман долахо, Iамеркахо Морган Пиерпонт. Девзаш доцчу бахьанашца, кема новкъа дала кIезиг хан йиссинчу хенахь, цо шен ойла хийцира.

Квинстаунера ара а даьлла, хIурдан-кема доьдуш долуш, Исмей Брюсан къамел хилла коьрта инженер-механикца Белл Джозефца. И шиъ шаьшшиъ бен воцуш хиллачу къамелехь боккъалла а дийцинарг хууш дац. Амма новкъахь лайнеро тIехь-тIехьа чехка доккхуш хилла шен болар. ХIетахь, цхьа леррина деза совгIат хилла луш, Атлантикехула ггар а чехка дехьадаьллачу хIурдан-кеманна. Дийцарехь, Исмейна чIогIа лууш хилла и совгIат, духхьара новкъа даьллачу «Титанико» доккхийла.

Цхьа а ца кхеташ дисна, дуьхьала деттаделлачу хIурдан-кеманаша новкъахь шаш долуш, дукха чолхе хьал хиларх лаьцна шайна гайтина билгалонаш а, «Титаникан» капитано Смита тергал ца яр.

И доцург, хIурдан кеман хи буха дахана дуккха а шераш девлча, юх-юха а бохаман бахьана къастон арабевллачара керла-керла бахьанаш билгалдоху. Иштта, масех шо хьалха Бостон Рея динчу хьесапца, «Титаникана» тIехь цIе яьлла хилла хилар ду бохаман бахьана. И цIе Оханан беттан 2-чу дийнахь яьлла яра, Къилбаседа Ирландерчу Белфастана гена доццуш, хIурд-кеманна талламаш бечу хенахь. Амма хIурдан-кеманна долахоша бинчу сацамца, дуьххьара «Титаник» новкъа даккхар тIаьхьататта хьашт дацара. КIора болу трюм чу хIаваъ ца кхаьччхьана, цIе ша-шех дIайойвр ю аьлла, сацам хиллера долахойн.

Амма Оханан беттан 10-чу дийнахь Ингалс махкарчу СаутхIемптонехь хIурдан-кемано бIеннаш некъахой тIеоьцучу хенахь а, кIора богуш хилла.

«Титаникана» тIехь цIе яйарца боьзначу балхах жоп луш хиллачу командин декъашхочуьнца ша динчу къамелана тIе а тевжаш, Бостона тоьшаллаш даладо, кеман 6-чу декъехь йогуш цIе хилла хиларан. Делахь а, бохам теллинчу Iамеркера а, Британера а комиссино иза тергамза дитина.

ЦIарах лаьцна хууш кIезиг нах хилла. Царна юкъахь хIурдан-кеман долахо хилла волу Морган Джон а тIаьхьа вара. ХIурдан-кема новкъа дала де-буьйса диссинчу хенахь, цо шен билет юхаделла хилла. Цхьаннена а хууш дац цо иза хIунда дина, амма Бостонна хетарехь, Морган кхетта хилла, хIурд-кема хи буха гIург хиларх.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG