ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кабулна тIелетта тIалибаш




ОвхΙанистанерчу тΙалибийн векала хаам бина, шайн тоба ю кΙирандийнахь мехкан шахьарахь Кабулехь тΙелатарш динарг, аьлла. Дуккха а лелхарш а, масатоьпийн гΙовгΙа а яра хезаш хадеш йолчу Цхьанакхеттачу къаьмнийн Организацин а, пачхьалкхийн векалтийн а гΙишлош лаьттачу декъехь. ТΙалибийн пресс-секретара ЗабиуллахΙ МуджахΙида, НАТОнний, ингалсанний, немцойнний векалташ ю элира шаьш тΙелеташ тидаме эцнарш. ТΙалибашна дуьхьал лаьтта пачхьалкхан эскаран дакъош. Чоьхьарчу гΙуллакхийн министраллин пресс-секретара Седикъ Седикъа «Маьрша ОвхΙанистан» радиочухула къамел деш, хΙинца а дΙабоьлхуш бу элира Кабулехь тΙемаш.
XS
SM
MD
LG