ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Набахтера 400 тутмакх мукъаваьккхина тIамца



Пакистанехь тΙалибаша кΙиран Ιуьйкъехь тΙелатар дина Банну-гΙаларчу набахтина. Мукъаваьккхина 400 гергга тутмакх. Официало бахарехь, герзахойн Ιалашо хилла мехкан президент Мушаррахь Первез вен гΙортарна бехке вина Рашид Ιаднан мукъаваккха. Меттигерчу Машааль Радионехула тΙалибийн векала Мехьсуд Асима хаам бина, тΙелатар динарш шаьш ду, аьлла. Цо бахарехь, 150 вала араваьлла джихΙадхо ву тΙелатарехь дакъалаьцнарг.
XS
SM
MD
LG