ТIекхочийла долу линкаш

Белоруссин президентан «къинхетамалла»



Кхин а цхьа диссидент, Бондаренко Дмитрий, арахецна набахтера Белоруссехь. Шоьтан дийнахь арахецнера Ιедалша мехкан президенталле кандидат хилла волу Санников Андрей. Бондаренко Санниковна агΙор болх бина ву харжамашкахь. Ши шо хан тоьхнера цунна 2010-гΙачу шарахь цо халкъе Лукашенко Александр президент цахаржар доьхуш оппозицино хΙоттийна хиллачу гуламехь дакъалацарна. Ший а араваьлла набахтера Лукашенкос бинчу къинхетамца.
XS
SM
MD
LG