ТIекхочийла долу линкаш

Венехь, дуьненаюкъарчу карате турнирехь тоьлла меттигаш яьхна нохчаша


Австри - Дуьненаюкъарчу Карате Турниран совгlаташ, Вена, 14Оха2012. (Азимова Сийлаха)

Австри - Дуьненаюкъарчу Карате Турниран совгlаташ, Вена, 14Оха2012. (Азимова Сийлаха)

Европера а, ткъа иштта Оьрсийчура а, Украинера карате латархой гулбеллера Австрехь дIаяхьначу дуьненаюкъарчу турнире. Цигахь дакъа лаьцначу спортхошна юкъахь дуккха а нохчийн латархой бара. Царах маситтамма хьалхара меттигаш яьхна.

Жима а, воккха а, зуда а, боьрша стаг а, къена а, къона а цхьана туху тайп-тайпанчу къаьмнашка а, дине а хьаьжна ца Iаш, церан мотт вовшашна кхетачу тIегIане боккхуш йолу хIума ю спорт. Цуьнан масала дара Венехь дIаяхьна хилла дуьненаюкъара карате турнир. Белгера, Германера, Украинера, Оьрсийчура, иштта цхьа моггIа кхечу пачхьалкхашкара спортхой гулбеллера, шайн говзаллехь къовсабала. Дуккха а нохчийн латархой бара царна юкъахь баккхийчеран а, берийн а категорешкахь.

Турнирехь дакъалаца а, Iуналла дан а лерина Белгера веанчу Европерчу карате латархойн цхьанакхетараллин президент волчу Бройгелманнс Алайнс билгалдаьккхира, ша и кепара мехала къовсам Австрехь дуьххьара тергал беш ву, аьлла. Цунна хетарехь, и турнир лакхарчу тIегIанна тIехь кечъйина а, дIаяьхьна хиларан тоьшаллех цхьаъ ду, цу юккъехь дакъа лоцучу спортхойн тайп-тайпаналла а, церан орамаш а, къаьмнаш а мел вовшашна генара хиларх а, уьш татами тIе бевлча, цара вовшашка лакхара ларам гойтуш хилар. Цул совнаха, Европерчу карате цхьанакхетараллин куьйгалхо ша хиларх терра, цуо билгадоккху нохчийн тренера Бисаев Хаважис куьйгалла дечу шайн Австрерачу декъаца цхьанаболхбар къаьстина дика дIадоьдуш хилар а.

Австри - Европерчу Карате Юкъараллин Президент Бройгелманнс Алайн, Вена, 14Оха2012

Австри - Европерчу Карате Юкъараллин Президент Бройгелманнс Алайн, Вена, 14Оха2012

Алайн Бройгелманнс: «Тхан Европерчу кхечу цхьанакхетараллашний, Австрерчу декъанний юккъера цхьанаболх бар чIогIа кхиаме ду. Цкъа а ца гина суна Австрерчу каратен декъехь я чкъура бос бахьана долуш йолу конфликташ кхоллалуш, я цхьаннан орамаш я дин бахьана долуш вас еш, я халахетар деш. Соьга хаьттича, каратехь уггаре а коьртачех хIума ду иза».

Дуьненаюкъара карате къовсадаларш вовшахтоьхна йолу Венера Бушидо карате клуб масех шо а ду тайп-тайпанчу къамнийн векалш а, меттигера бахархой а малхбалера латарш Iаморехь вовшах иэйтарна а, царна юккъера дозанаш дIадахарна а тIехь болх беш йолу.

ОвхIанера а, Сербера а, Боснера а, Нохчийчура а спорт езархой а, ткъа иштта меттигера бахархой а бу цу клубан декъашхошна юккъехь. Иштта бераш а, баккхийнарш а бу. Къаьстина ала догIу, дуккха а зударий а, зудбераш а карате Iамош хилар, шайна юккъехь доккха цхьа дакъа вайнеханарш а болуш. Лерина зударшна а, мехкаршна а лерина шен цхьа меттиг а, билгалдаьхна денош а ду Бушидо клубан куьйгалло, новкъа-нацкъаруа хIума а доцуш цаьрга спорт лелаяйта.

Карате турнирехь дакъалоцуш бусулба а , кериста а дин лелош болу латархой бара. Къаьстина вайн заманахь, Европехь бусулбачаьрца доьзна дуккхаъ а цатешамаш а, шеконаш а яьржиначу муьрехь, мехала хета каратехь бархIалгIачу данан долахо волчу Бройгелманнсана и хIума.

Алайн Бройгелманнс : «Нагахь санна керстачара бусулбачаьрца цхьаьна спорт лелош хилча, ткъа дуккха а кхинболу нах, кхузахь санна, цаьрга хьовса гуллуш хилча, иза тIедогIучу бIешерахь адамийн а, къаьмний а барт хиларехь дерриге а гIолехь хир ду бохучун билгало ю. Иштта вайн ма-хеттара сиха-м ца нисло дерриге а дика дIа, хIетте а хIара санначу хиламаша и хIума герга даладо».

Турнирехь дакъа лоцуш хиллачу 100 герга спортахошна юкъахь хьалхара меттигаш яьхначех бара дуккха а нохчийн карате латархой а. Шайн-шайн категорешкахь дика жамIаш гайтинчех вара Абдулвадудов СаьIид а, Минсултанов Аюб а, Ахмадов Заур а. Зудаберашна юккъехь толаман меттигаш яьхначех ю ши йиша Бисаева Зараиъй, Фаризий, Курбанова Аминий.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG