ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчура контр-терроран операци официала кепара ерзийна 3 шо кхаьчна


Нохчийчоь - Оьрсийн салти оьрсийн байракх охьайоккхуш ву танк тlера, Соьлж-гlалара Минутка майда, 09Чил2000
Нохчийчоь - Оьрсийн салти оьрсийн байракх охьайоккхуш ву танк тlера, Соьлж-гlалара Минутка майда, 09Чил2000

Нохчийчохь шуьйра даздаршца билгалдаьккхина терроран дуьхьала олуш йолу операци официала кепара сацоран 3 шо кхачар. Республикин кIошташкахь а, коьртачу гIалахь а дIадаьхьначу даздаршкахь хастам бира мехка куьйгалхочунна. Ткъа могIарера бахархой хIинца а баккхий беш бу, Контр-терроран операци олуш хилла и Iазап шайна тIера даккхарх.

Терроран дуьхьала кхайкхийна хилла операцин зона дIаяккхар шуьйра даздина Нохчийчохь. Машаран де, аьлла цIе тиллина долу и де, хIора кIоштехь а, гIалахь а билгаладаьккхира. Соьлжа-гIалахь, къаьстина дукха нах бара коьртачу урамашкахь гулбелла. ХIара де, мокъа де аьлла дIакхайхкина дара, амма, Iедалан балхахь болчеран аьтто бацара, цIахь Iан, уьш дакъалоцуш бара коьртачу гуламашкахь, цхьаберш карахь йолу байракхаш лестош, вуьйш, дIахиттинчу ловзаршкахь хьелхарехь хьийзаш. Машаран де, ишшта дIадаьхьира Нохчийчохь. КхозлагIа шо ду иза ишшта даздеш долу.

Оцу самукъа долучу нахе хьаьжча, хьал ца хуучу стагана мотталур ду, «ма ирс долуш, ма паргIатонехь Iаш долу къам ду нохчийн», аьлла. Амма, хIокху дийне кхачале, наха лайна болу бала, вуочу дагалецамашкахь бен ца бисна. Иза вуо гIан хилча санна, диц дан а гIерта дукхах берш.

Терроран дуьхьала йолу операци Нохчийчохь 1999 шарахь дуьйна дIакхайкхина йолу, иза дIаякхийта лууш дукха хан яра меттигерчу Iедалийн. Оцу лаамна цкъацкъа тIетовра Оьрсийчоьнан федерал Iедалш.

Амма эскархойн буьйрано а, оьрсийн къайлахчу сервисо а и гIуллакх хада дуора, хIинца а хьалхе ду Нохчийчохь машар дIахоттийта, олий. Ишшта къийсамашкахь дIаяхара кхин цхьа йоца хан. Амма 2009 шарахь Оханан беттан 16 дийнахь Нохчийчоь терроран дуьхьала операцеш дIахьош йолу меттиг яц аьлла дIакхайхкира.

ХIун хийцаделла тахана Нохчийчохь иза дIаяккхарца? И хаттарш делира Маршо радионо, Нохчийчуьра цхьаболчу бахархошка. Хууш ма хиллара, терроран дуьхьала операцин зона дIа ма яькхкинехь,Соьлжа-гIалара аэропортана бакъо елира Оьрсийчоьнан пачхьалкхан дозаналла арахьа рейсаш ян. Иза дуьххьара кхиам бара боху, Амрудди цIе йолчу Соьлжа-гIаларчу вахархочо.

Амрудди: «Вайна массарна дагайогIу аьлла хета суна и хан. Воьдуш а, вогIуш а, постехь сацийча, кехатех бахьана а дой, белш тIехь масатоп лелийна лар юй бохуш, бахьанаш а дохуш, нах дIалийцина.Вайгахь латтийнарг, вайна массарна а хууш ду. КТО (Контр-терроран операци) дIаяьккхича, вайна хилла болу пайда бийца а ца оьшуш, гуш бу. Коьртаниг, блок-посташ дIаяхар ду. ШолгIаниг, вай аэропортана дуьненаюкъара статус ялар а ду.»

Терроран дуьхьала операци дIахьуш ю аьлла, муьлха а юьрт дIа а къовлий, цу чохь шайна луург деш, бехке верг а воцург а дIалоцуш, кIоршаме зуламаш дора дора, Iуналла а я цхьа а жоьпалла шайна тIехь доцчу оьрсийн эскархоша а, милцоша а. Хийла стаг цара дIалаьцначул тIаьхь вайна, хIинца а каронза ву. И хьал 10 шарахь лаьттира Нохчийчохь. ХIинца, хьал кхечу агIора ду аьлла хета, Адам цIе йолчу Хьалха-МартантIерчу вахархочунна.

Адам: «КТО (Контр-терроран операци) дIаяьккхинчул тIаьхь вахар-вар аттачу даьлла. ХIинца маьрша ду и хIума.Хийцамаш бу аьлла-м хета суна. Амма кхоччуш машар дIа ца хIоьттина. Амма юха а тIаккха а, 4 шо хьалха хиллачуьнга хьаьжча, хийцамаш ба-м бу.»

Нах лечкъош а, дIалуьйцуш а ца хилчхьана, дахаран кхин долу кхачамбацарш-м ловра дара, бохучу хьола тIе баьхнера оцу хенахь нохчий. Лиза цIе йолчу зудчо къобал деш тIеоьцу эскархойн карара урхалла Нохчийчохь дIадаккхар.

Лиза: КТО (Контр-терроран операци) дIаяьккхар нах реза болуш долу хIума ду. Муьлххачу а хенахь, чу а лелхаш бераш дIа а дуьгуш, хIума леладора эскархоша. Ваха а, ван стаг ца витара. Хийла стаг церан багара ваьккхира. Сан сайн де вешийн кIант, цара БТР-на тIе а ваьккхина дIавуьгучуьра ваьккхира ас, салтех лата а летта. Ткъа, тIепаза байнарш дукха ма буй. Дика ду-кх и КТО (Контр-терроран операци) дIаьяьккхина.»

Терроран дуьхьал олуш йолу операцеш, тахана нохчийн низамхоша дIахьуш ю. И ницкъ бу тахана Iедалан коьрта гIортор. Олуш ма-хиллара «машар безахь, тIамна кийча хила».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG