ТIекхочийла долу линкаш

Исраилов Iумар вийначарна тоьхна хенаш ца хуьйцуш йитина Венерчу Лакхарчу Кхело


Австри - Кальтенбруннер Отто - Эдилов Рамзан (3-гIа) шен адвокатца Дитер Ибнерца, Вена, 17Оха2012 (Азимова Сийлаха)

Австри - Кальтенбруннер Отто - Эдилов Рамзан (3-гIа) шен адвокатца Дитер Ибнерца, Вена, 17Оха2012 (Азимова Сийлаха)

Венерчу аппеляцин кхело хIинца, кхин хийца йиш йоцуш, тIечIагIдина, масех шо хьалха Венехь нохчийн мухIажар, Нохчийчурчу Iедалийн дуьхьалонча Исраилов Iумар верна чувоьллинчу кхаа зуламхочунна тоьхна гIуданаш. Царех цхьанна велла дIаваллалц набахтехь яккха хан тоьхнера, ткъа вукху шинна 19, 16 шераш тоьхнера. Австрин прокуратурано апелляци йинера, цу шинна а лаккхара хенаш тоха аьлла.


2009 шарахь Венерчу шен хIусаман бертехь вийна хиллачу Исраилов Iумаран а, ткъа иштта цуьнан чалтачийн гIуллакх меттигерачу Лакхарчу Кхело юха листаран бахьана цу гIуллакхан шинна а агIоно апелляци йина хилар дара.

Цхьана агIора, и гIуллакх теллинчу прокуратурано кхайкхам бинера, зуламан декъа хиллачу Дадаев Сулейманна а, Ешаркаев Турпал-Iелина а велла дIа валлалц набахтехь яккха хан тоха аьлла, Исраилов вийначу тобан куьйгалхо ларалуш волчу Кальтенбруннер Оттона, я цуьнан нохчийн цIарца аьлча, Эдилов Рамзанна, ма-тоххара. Вукху агIора, кхаа зуламхочун адвокаташ а апелляцеш йинера, шайн клиенташна тоьхна йолу хенаш лахаяхахьара аьлла.

Шинарин дийнахь Венерчу Апелляцин кхеле схьавалийнера даханчу шеран гуьйранна дуьйна набахтехь воллуш волу Кальтенбруннер Оттой, изза Эдилов Рамзан, Дадаев Сулейманий, Ешаркаев Турпал-Iелий. Даима а цу хьокъехь кхел гуллучу хенахь хуьлуш ма-хиллара, инзаре дукха хаамийн гIирсийн векалш а гулбеллера цигахь. Кхин а дукха бара и гIуллакх толлуш йолу чоь ларъеш болу герзех боьттина болу полисхой.

Австри - Дадаев Сулейман, Вена, 17Оха2012. (Азимова Сийлаха)

Австри - Дадаев Сулейман, Вена, 17Оха2012. (Азимова Сийлаха)

​ГIуллакх юхалуьстуш йолчу кхелахочо ХIабл Шарлоттес билгалдаьккхира, и зулам цхьана Исраиловна дуьхьала дина ца Iаш, йоллучу Европерчу нохчийн мухIажаршна кхерам тасса а, ткъа иштта Австри пачхьалкхана дуьхьала дина а хиларна, хIоразза а Iаламат баккхийчу кхерамазалла ларъяран белхашца доьзна хуьлу и таллар, аьлла.

МухIажар вен тоба вовшахтоьхна а, царна куьйгалла дина а ларалуш волчу Эдилов Рамзанан шиъ адвокат вара кхелехь. Царех цхьамма, Ибнер Дитера, шен къамелехь билгадаьккхира, Эдиловс шен бехкана керисталла деш хилар. Цуо иштта тидаме диллира, нагахь санна, иза боккъал а бехке хиллехь, вада йиш ма яра цуьнан, Исраиловна герз тоьхна волу Богатыров ма-ваддара, аьлла.

Цул совнаха, адвоката Исраилов Iумар ша а кхин башха „диди“ дацара, аьлла элира, иза дуккхаъ мостагIий а болуш, цкъа цхьана агIор, тIаккха вукху агIор Нохчийчохь тIемаш а бина стаг вара, иза хьаамо а вийна хила тарлуш ву, аьлла. Дадаев Сулейманан, Ешаркаев Турпал-Iелин адвокаташа, шайн агIор, шайн клиенташ герз тухуш а ца хилла, я Исраилов вен Iалашо йолуш а ца хилла, цу дийнахь цу меттехь нисбалар бен, кхин церан бехк а бац, боху лини дIахьош бара.

Зуламхошна, мелхо а, набахтен хенаш алсам яха аьлла кхайкхам беш волчу прокуроратурин векало шен къамелехь и зулам цхьа Исраилов верца чекхдолуш дац, иза йоллучу Австри пачхьалкхана тIелатар ду, элира. Иза кхерам тассаран акци а ю, иза политикан вер а ду, ткъа иза динчарна уггаре а лакхара гIуданаш тоха деза, кхин цкъа а цхьанна а Австрехь и тайпа зулам дан дага ца даийта, аьлла.
Австри - Ешуркаев Турпал-Iела, Вена, 17Оха2012. (Азимова Сийлаха)

Австри - Ешуркаев Турпал-Iела, Вена, 17Оха2012. (Азимова Сийлаха)


Шина а агIонан хьесапашка ладоьгIначул тIаьхьа кхелахоша сацам бира, кхаа зуламхочунна тоьхна долу набахтин гIуданаш хийцам боцуш дита. Цу кепара, шех кхелахоша „коьрта зуламхо“ олуш волчу Кальтенбруннер - Эдиловн велла дIаваллалц набахтехь хан яккха деза. Ткъа Дадаев Сулейманан ткъо шо, Ешаркаев Турпал-Iелин ялхийтта шо даккха деза.

Ешаркаев Турпал-Iелин векал волчу адвоката Филипп Дитера Маршо радионе и сацам шен клиентана мел къаьхьа белахь а, амма и Iедалан низам ду, шаьш иза тIе ца эцча ца довлу, элира.

Филипп Дитер: «Ала догIу, ший а апелляци жамIа доцуш йитина хилар. Тхайниг хилла ца Iаш, прокуратурас хан лакхаяккха аьлла йина хилларг. Реза хила бахьана-м дац тхан, тхан кхин Iалашо яра. Амма тхо кхелан сацам, иза мухха а белахь а, къобал ца дича девр дац».

Кхин синхьал долуш яра вийначу Исраилов Iумарин доьзал векал беш йолу адвокат Лоренц Надя. Кхело бинчу сацамца, вийначун дений, цуьнах йисинчунний пхи-пхийтта эзар евро компенсацеш яла дезар ду кхаа зуламхочун. Иштта Исраиловн деа берах кхаана пхи-пхиъ эзар евро а дала дезар ду.

Австри - ИсраиловгIеран адвокат Лоренц Надя, Вена, 17Оха2012. (Азимова Сийлаха)

Австри - ИсраиловгIеран адвокат Лоренц Надя, Вена, 17Оха2012. (Азимова Сийлаха)

Лоренц Надя: «Со чIогIа реза ю, бехкебинчара шайна тоьхна хенаш лахъяр доьхуш йолу апелляци къобал йина ца хиларна. Соьга хаьттича, шозлагIа зуламхочунна Дадаевна кхин а доккхох долу гIуда догIура. Амма иза хIинца кхин мехала а дац. Ткъа доьзална компенсаци яларан хьокъехь аьлча, Исраилов вуьйчу хенахь дуьненчу даланза хиллачу деалгIачу берана компенсаци ца яла сацам бина кхело.

Суна иза яла езар аьлла хета. Делахь а, коьртаниг иза дац, берийн нанна Мадинина иза коьрта дац аьлла хета суна. ХIунда аьлча, набахтехь бохкучу цаьргара ишттаъ-вуьшттаъ ахча даккхалур ду бохучух теша хала ду».

Кхелан сацаме ладогIа еана вийначу Исраилов Iумарах йисина йолу цуьнан хIусамнана Мадина а яра. Цуо шена коьртаниг и зуламхой, доллучу дуьненна а дIа а гуш, шаьш динчунна бехке озор ду элира.

Исраилова Мадина: «Реза ю со цара бинчу сацамна. Кхело царна кхин хан тIера дIа ца йоккхуш йитар дика хета суна. Кхин хIуммаъ ца хилча а, Туркойн махкахь а, кхечу меттигашкахь а ма байъиний цу кепара нах. Цигахь Iедалша ца дечуьнга хьаьжча, кхузахь кхара цу зуламхошна хенахь тоьхна, уьш чу а боьхкина. Церан бехк лахбан бахьанаш дан а дацара. Шина баттахь кху дийне кечам беш шаьш Iийнехь а, хIуммаъ дохкобовлар гойтуш а бац уьш.“

Бакъдолш, дохкобовлар дан а дацара лийцичара гойтуш. Кальтенбруннер-Эдилов, даима санна, цIен галстук а оьллина, кечвелла волу, шен бехк ца хилар а, ша къайлахчу ницкъийн ловзарийн закъалт хилар а, ткъа иштта ша яккхий зIенаш а, баккхий белхаш а лелош стаг хилар билгалдохуш вара.

Дадаев Сулеймана, шега дош делча, элира, кху масех баттахь ша шен адвоката хьийзош ву, хьуо дохковаьлла алахьара ахь кхелехь бохуш, амма шена ша дохковала бахьана ца го, я кхелан сацам ша къобал а ца бо, аьлла.

Австри - Исраилов Iумарах йисина йолу хIусамнана Мадина кхелан неIарехь, Вена, 17Оха2012. (Азимова Сийлаха)

Австри - Исраилов Iумарах йисина йолу хIусамнана Мадина кхелан неIарехь, Вена, 17Оха2012. (Азимова Сийлаха)

Карарчу хенахь шен а, Iумаран доьзалан а уггаре а йоккха гIайгIа и чубоьхкинарш Австрин Iедалша Оьрсийчу дIабаларх кхерарца ю, бохуш дуьйцу Мадинас.

Исраилова Мадина: «Царна и хенаш тоьхнехь а, кхин дIа йолчу хенахь хьожуш хир ю со а, тхо массо а, тидам беш, уьш Оьрсийчу дIа лой теша, бохуш. Гур ду-кх кхин дIа церан хьал муха хир ду. Цара шайн набахтехь яккха езаш йолу хан цу чохь йоккхур ю аьлла-м хета суна, делахь а, мацах Катарехь Яндарбиев Зеламха вийнарш ма-баллара, хIорш а оьрсашка дIалой ладугIуш хир ду-кх тхо».

Меттигерчу Iедалхоша дийцарехь, зуламхой дIасабаларан хьокъехь Оьрсийчоьнца Австрин барт ца хилар бахьана долуш, Исраилов вийнарш Оьрсийчу дIалур болуш бац. Цундела, схьагарехь, церан шайн хенаш меттигерачу набахтехь яха дезар ду. Цу кепара, масех шо хьалха Венехь вийначу нохчийн мухIажаран гонахьара зуламан гIуллакх, кхин юхаберзам боцуш, чекхдаьлла лара мегар ду.

Кхелан сацам дIа а кхайкхина, шаьш полицхоша, куьйгах буржалш а тоьхна, зала чура арабохучу хенахь, Кальтенбруннер Оттос ИсраиловгIера адвокат йолчу Лоренц Надяна кIирвелла бIара а хьаьжна, кхерам тоссуш санна, немцойн маттахь «Баркалла хьуна, Надя Лоренц» элира. Ткъа адвоката зуламхо шена цу кепара тIеIаткъам бан гIертар шен болх ша дика бина хиларан тоьшалла санна го шена, элира.
XS
SM
MD
LG