ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мьянмина дуьхьала йолу дукхах йолу санкциш дIаяьхна Евроберто



Мьянма олучу пачхьалкхана дуьхьала хьажийна йолу дукхах йолу санкциш дIаяьхна Евроберто. Цуьнан бахьана ду махкахь демократин чулацам болу реформаш дIахьуш хилар.

Цу кепара сацам бина Евробертана юкъайогIучу 27 пачхьалкхан арахьарачу гIуллакхийн министрийн Люксембургехь дIайоьдуш йолчу кхеташонехь.

50 шо тIеман Iедало урхалла а деш даьккхинчулла тIаьхьа, 20I0-чу шарахь Мьянмехь хилира маьрша харжамаш. Стохка цигахь кхоьллира эскархошца доьзна доцу Iедал.

Ткъа, хIара бутт дIаболалуш, Парламенте тIетоьуш боцу депутаташ хоржуш, толам баьккхира Нобелан совгIатан лауреат йолчу Аун Сан Су-с куьйгалла дечу оппозицехь йолчу демократин партин декъашхоша.

Оршот дийнахь юха а болх бан дIайолаелла Мьянмера парламент. Амма демократин партин декъашхоша бойкот йира цунна. Уьш реза бац депутаташа чIагIо еш йоьшуш йолчу текстана.
XS
SM
MD
LG