ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Алсам долуш ду Аштаркхнехь мацалла хьоьгучу нехан терахь


Аштаркхнехь политикан мацалла хьоьгуш болчу нехан терахь алсам долуш ду. Цуьнах лаьцна Маршо радионе хаам бина Аштаркхнехь «Нийсонан Оьрсийчоь» партин цIарах мэран харжамашкахь дакъа лоцуш хилла волчу Шеин Олега. Цо дийцарехь, карарчу хенахь мацалла хьогуш ву 37 стаг. Цара доьхург ду Iедалша дIалийцина болу шайн накъостий дIахецар. Хьалхо Шеина а, цуьнан накъосташа а мацалла хьегар бахьана долуш Оьрсийчоьнан коьртачу харжамийн комиссино даре дира цу гIалахь харжамаш дIахьуш ах сов харжамийн каппашкахь харцонаш лелийна хилар. ЦултIаьхьа Шеин а, цуьнан агIончаш а реза хилира баханчу беттан 16-чу дийнахь шаьш долийна долу мацалла хьегар сацадан. Официалан терахьашца а догIуш, Аштаркхнехь хиллачу мэран харжамашкахь толам баьккхина «Цхьааллин Оьрсийчоьнан» кандидато.
XS
SM
MD
LG