ТIекхочийла долу линкаш

Мацалла хьегар кхайкхийна Тимошенко Юлияс



Оьрсийчоьнера газ эцарца доьзна долчу гIуллаккх бахьана долуш, ворхI шо хан а тоьхна, чуйоьллина йолчу Украинан премьер-министр хилла йолчу Тимошенко Юлияс кхайхкийна мацалла хьегар.

Цуьнах лаьцна хаам бина Тимошенкон адвокато Власенко Сергейс. Цо дийцарехь,
Тимошенко мацалла хьоьгуш ю кху беттан 20-чу дийнахь дуьйна. Цуьнан бахьана ду Харковерчу колонера могашаллана таллам бан иза дарбанцIийне юьгуш цунна еттар.

Дукха хан йоццуш Украинан Лаккхарчу Радо шайн махкахь омбудсмен хаьржина йолчу Лутковская Валерияс дIахьедар дина, Тимошенко Юлияца колонехь хилларг хIун ду къасто дагахь ю ша, аьлла.
XS
SM
MD
LG