ТIекхочийла долу линкаш

ТIемалошна гIо деш хилла, аьлла, жимастаг лаьцна Нохчийчохь



19-шо долу жимастаг дIалаьцна Нохчийчурчу ницкъаллин структурийн белхахоша Сиржа-эвлахь. Цуьнан цIе йоккхуш яц. Цу кIантана бехке дуьлkуш ду Iедалшца къийсам дIахьош болчу тIемалошна гIо дар.

Меттигерачу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хаамца, цу стага дIагайтина тIемалоша герз дIадиллина йолу меттиг. Иза меттиг хилла Хулин бердайистехь.
XS
SM
MD
LG